Нохчийчохь Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан университетан базехь вошахтухур йолуш йу индустрин, машенаш йаран а, дронаш кхоллан а инжиниринган талламаш бен центр. Республико оцу грантана даьккхина 254 миллион сом ахча, йаздо пачхьалкхан ТАСС агенталло.
Центран Iалашо йу лакхахь охьайазйинчу сферашна кхечу пачхьалкхашкара чукхоьхьуш хилла гIирсаш бар, дийцина университетан ректоро Минцаев Мохьмада. Стенгахь пайдаоьцур болуш бу керлачу технологех - бахархойн йа тIеман сферехь – цо билгал ца даьккхина.
Хууш дац ишта, маца болх бан йолалур йолуш йу центр. Делахь а Нохчийчуьра идустрин, энергетикан министр Хакимов Адам тешна ву, 2030-чу шаре кхочуш мехкадаьттан университетан аьтто хир бу "мел лахара а 50 компанин болх баран процессашна оптимизаци" йан, аьлла. Йуьйцурш хIун компанеш йу а, хууш дац.
"Белхан процесссашна хьалхара технологеш латтор йу пректо, иштта искусственный интеллект олучу а, 3D зорбанехь а, аддитиван технологешкахь а, виртуалан а, ийначу а реалешкахь а", - далийна ТАСС агенталло Хакимовн дешнаш.
Соьлжа-ГIалара Миллионщиковн цIарах йолу пачхьалкхан мехкадаьттан университет стохка стигалкъекъа-баттахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеша лаьцна йу. Украинана дуьхьал болийначу тIамца доьзна туьйхира уьш.
2022-чу шеран йуьххьехь Соьлжа-ГIалара Миллионщиковн цIарах йолу пачхьалкхан мехкадаьттан университетан ректоро массарна а гуш-хезаш элира, ша мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан "гIашсалти" ву. ХIетахь Iедалхоша социалан машанашкахь флешмоб йолийра оцу тайпа, амма идей башха дIаса ца йаьржира.
Стохка мангал-беттан 27-чохь нохчийн студенташ йукъахь а болуш, Курскехь лабараторихь кечйина "Союз" ракети тIехь "Ахмат-1" спутник хийцира. Оцу кепара аппарат йан тарло каталагашкахула, ша "Ахмат-1" кхин къаьсташ йац Дуьненан орбите эхийтинчу эзара оцу тайпа спутникех, бохура профилерчу эксперташа Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь. Оцу йукъанна и хилам "бIаьрла" лерира Нохчийчохь, ткъа меттигера пропагандана Кадыров Рамзанан дакъа гира цу тIехь.