Оьрсийчоьнан къилбехь Адыгейна тIаьхьа Волгоградан кӀоштах шолгIа регион хилла дронаш йахкарх а, ПВО-н балхах а, эскархоша куп тоьхначу меттигех муьлхха а посташ, хаамаш бар Iедалхоша дихкинчех. Оцу тIехула гӀуда тухур долуш ду меттигерчу бахархошна а, хаамийн гӀирсашна а, телеграм-каналашна а. Меттигерчу хаамийн гIирсашна Iаткъам баран керла кеп хилла дIахIоьттина и дехкар, ткъа вукху агӀор, ПВО-н система галъяларан тоьшалла ду иза, боху редакцица къамелдинчара.
Волгоградан губернаторо Бочаров Андрейс куьг таIийначу сацамца контентана зорбатохар дац дихкинарг. Магийна дац дронаш, цара ден тохарш, ПВО-н системех пайдаэцар, ракеташ охьаэгар, эскархой болу меттиг видео тIе дIайаздар, ишта тIеман инфраструктурин суьрташ дахар а дихкина ду. Къастош йаздина ду оцу кепара материалаш интернетехь а, хаамийн гIирсашкахь а зорбане йахар. Цунна тIаьхьа терго латтор йолуш йу полицино, къайлахчу сервисаша, орцан министралло, Роскомнадзоро, Росгвардино. Дуьххьара низам дохийна меттиг нислахь бахархошна кхаа эзар соьме кхаччалц гIуда кхачор ду, ткъа хаамийн гIирсашна - 50 эзар соьме. ШолгIа а видео, йа суьрташ зорбане хIиттийна хаалахь, бахархошна гIуда тохар алсамдоккхур 5 эзар соьме гергга. Юридикан жьпалла тIехь долчу наха охьадилла дезар ду 100 эзар соьме кхаччалц.
ТIаьхьабовла кхин бахьанаш ца хилахь, ницкъаллин структурийн белхахоша пайдаоьцур бу оцу дехкарх
Волгоградан кӀоштан администрацино и дехкарш "йукъараллин къепе ларъяр" санна кхетадо. Къаьстина билгалдаьккхина ду, и дехкар Ӏедалан хьукматех хьакхалуш дац аьлла – цара зорбане баха йиш йу хаамаш, дехкарш а доцуш. Оцу йукъанна хьаькамаш тIетовжу, оцу кепара дехкар хIинцале а лелаш долчу регионийн зеделлачунна, - йу и Санкт-Петербург а, Курскан, Тулан, Калугин кIошташ.
Документ арахецна чиллан-беттан 3-чу буса Волгоградан кIоштахь дуккха а дронаша тохарш динчул тIаьхьа. ХIетахь мехкадаьтта доккхучу, Оьрсийчохь уггар а йоккхачу "Лукойл-Волгограднефтепереработка" заводехь цIе йелира. Дечкен-беттан 15-чохь хиллачу тIелатарехь Волгоградера "Лукойл" заводехь йегира заводан дIахIоттамех цхьаъ. Цигара белхахошна ца магийра видео йаккха а, суьрташ даха а.
"ТӀеман низамаш хӀитторан" кхин а дуккхаъчу ситуацин акташ а санна, бинчу сацамо болх бийр бу "куьйга рожехь", комментари йо адвокато, RKS Global компанин эксперто Дарбинян Саркиса: "Кхин тIаьхьабийла шайна бахьана ца дисича, ницкъахой оцу дозатохарх пайдаэца буьйлалур бу, барт хоттуш а, талламаш беш а, публикацеш дIа а йохуьйтуш".
Оцу йукъанна адвокат тешна ву и дозатохар массарна а тIехь лелор долуш дац аьлла: "ХIара боккха болх ма бу – провайдере кехат дохьуьйтуш, тоьшалаш кечдеш, экспертиза йеш. Цундела норма оьшу, Ӏедална администраторш бевзаш болчу меттигерчу пабликийн агIонаш тIера публикацеш дIайахийта, ткъа иштта шайн куьйгаш тIекхочуш долчу меттигерчу хаамийн гӀирсашкахь а".
Критика лакъон хьийза, ПВО-н "оьрнаш" ца дукъуш
Оцу дехкарх эшам хир бу, дронаша тохарш дарх а, ракетийн геригаш охьаэгарх а хаамаш беш хиллачу Волгоградера медиашна, уьш ишта а къевлина бара оцу кепара информаци йаржон, тешна ву тIамна дуьхьал болчу "Дозор" боламан куьйгалхо Кочегин Евгений.
"Суна хетарехь, федералан а, регионалан а Iедалшна чIогIа ца тов, "ПВО-хь ха деш хиллачу дакъоша украинхойн дронаш хIаллакйина", "вийна, лазийна стаг а вац, гIишлошна дина зен а дац" бохуш, хIоразза а шайггара хаамаш кхолла. Цара дуьйцург харцдеш, машанехь и дерриг а гинчара йаржайора видеош а, суьрташ а. Массо а кхетара, ПВО-н системица цхьаъ нийса доцийла, нагахь санна, уггар а коьртачу меттигашкахь а кхерамзалла латтон церан ницкъ кхочуш ца хилча", - дуьйцу жигархочо.
Ростов-на-Дону гIалара ПВО-н болх, чиллан-беттан 8-гIа
Кочегинна хетарехь, кхачам боллуш йолу кхузаманан ПВО-н системаш Волгоградан кIоштахь цахиларна декхаре бина Iедалхой украинхойн дронаша ден тохарш видеош тIехь дIайаздар дехка: "Бахархошна дала жоп дац хьаькамийн, тIеман министралло шаьш Iалаш хIунда ца до аьлла, шайга хаьттича. ПВО-н "Iуьргаш девллачу" системо Iедалх тешам бойъу, тIеман урхаллина а дискредитаци йо. И гуш ду хIоразза а, керла дронаш "йахкарх" хаам бинчул тIаьхьа".
Цул сов, информацина дехкарш даро шайна Волгоградерчу бахархойн дахарна а кхерам бахьа тарлуш ду. Ӏедална гӀортор йечу пабликаша зорбане ца боху дронийн кхерамах лаьцна хаамаш, цара хаийтича, нах кхераме йоцчу меттехь лечкъа йиш йолуш бара. И тайпа керланаш сихонца гучудовлура меттигерчу тобанашна йукъахь йа, масала, мехкадаьттан заводца йоьзна йолчу чатехь.
Волгоградера z-блогеро, ГРУ-н хиллачу эскархочо Щепетнов Андрейс дагадийтира : чиллан-беттан 3-чохь БПЛА-но тIелатар дийр ду аьлла, хаийтина дацара, дуьхьара цунах лаьцна йаздира мониторинган анониман каналаша. Ткъа хIинца, и тайпа хаамаш бийр болуш бац, церан гIоьнца адамийн аьтто хуьлура дронаш йогIучу хенахь лочкъийле баха.
Волгоградан белхахоша шаьш забарш йо, кеста губернаторо Бочаровс доьхкур ду гIали йуккъера доьхна некъийн а, хинан тIадамех лаьтта фонтанийн а суьрташ социалан машанашка дахка, бохуш.
Пост хIоттайахь – 15 шаре гергга
Хаамийн гӀирсийн белхахой шайна цензура йан дезаш хуьлу, хӀунда аьлча, тӀеман министраллица йоьзна информаци йаржорна дуьххьалдIа бехктакхаман жоьпалла ду, Къилбаседа Кавказехь болх бечу йозуш йоцчу репортеро шен цӀе ца йоккхуш дийцаре до: "Бакъдерг аьлча, со цецволу цу кепара "либералан" хьежамех а, Волгоградехь и къаьсттина дехка дезаш хиларх а,хIунда аьлча, Къилбаседа и хаттар дийцаредина а дац".
Къилбаседа Кавказехь хIара хаттар дийцаредина а дац
"Фейкех" а, Оьрсийчоьнан эскарна "дискредитаци йарх" а лаьцна артиклаш гучуйевлира Бехктакхаман кодексехь Украинана тӀелатар динчул тӀаьхьа масех де даьлча, 2022-чу шеран зазадокху-баттахь. Хьалхарчу бехктакхаман гӀуллакхна 15 шаре кхаччалц набахтехь йаккха хан тоха йиш йу, ткъа шолгӀачу бехктакхаман гӀуллакхна миллион соьме кхаччалц гӀуда тоха бакъо йу, йа пхеа шаре кхаччалц набахтехь такха хан тоха йиш йу.
Кхо шо ца кхоччуш йолчу хеначохь эзар сов Оьрсийчуьра вахархо хилла оцу артиклашца бехкзуламан гӀуллакхашкахь бехкевеш, царех Краснодар-махкахь 31 стаг ву, Ростов-махкахь – 18, Ставрополь-махкахь – 16 стаг ву. Царна йукъахь йу ГӀалгӀайчура журналист Евлоева Изабелла а, коррупцица къийсам толлуш болх беш волу Ростов-гӀалара журналист Резник Сергей а, Краснодарера блогер Ноздринов Евгений а, журналист Султанбегова Алипат а, цхьа могӀа кхиберш а.
Редакцица къамел динчу журналисто билгалдоккху, тӀеман цензура уггаре а хьалха хьакхалуш хилар регистраци йинчу хаамийн гӀирсех а, йаккхийчу каналех а: "Масала, Дагестанехь Каспийскана дуьххьара тӀелатар динчул тӀаьхьа, массанхьа а информаци йаржийра, репосташ а йеш, ПВО-но стиглахь йолчу дронна тӀе тохар деш йаьккхина видео а йолуш. Йохийна гIишлош а гора цу тIехь. Цул тIаьхьа динчу тохарех лаьцна дагестанхойн а, Къилбаседа Кавказан пабликаша а мел а кIезиг йаздира".
Ростовн кIоштахь болх бечу хаамийн гIирсийн цхьана белхахочо, шен цIе къайлайахьар а доьхуш, дийцира, 2022-чу щеран зазадокху-баттера схьа дуьйна хаамийн сайташ декхаре хиларх тIеман министраллин а, губернаторан а официалан информацина тIетийжа: "Нагахь санна, церан агIонаш тIехь дронаш йахкарх лаьцна хаамаш бацахь, дронаш йаьхкина йац. Амма йаккхийчу пабликаша йаздо, дронаш йаьхкина хиларх. Цензурин гIуллакх стенга кхаьчна аьлча, меттигерчу журналистийн бакъо йац, наггахь тIамтIера проблемех лаьцна дуьйцучу "тIеман корреспонденташна" а, z-блогершна а тIетовжа. Йуьхьанца редакцига орца доьхура мобилизаци йинчийн доьзалша, дехарш дора ротаци йацарх, тIеман-лоьрийн комиссеша шога харцонаш лелош хилар а лаций дийцахьара бохуш, амма тхан куьйгаш дихкина ду".
2024-чу шеран гIадужу-баттахь Адыгейхь дехкар йукъадаьккхира хаамийн гӀирсашкахь а, интернетехь а тӀеман объекташ мичахь йу а, иштта БПЛА-ша тохарш дарх а, дронех пайдаэцарх а лаьцна муьлхха а информаци зорбане йаккха. Кхечу къилбан регионашкарчу Ӏедалша, масала, Краснодар-махкахь а, Ростовн кIоштахь а, кест-кеста дагадоуьйту бахархошна бехктакхаман жоьпалла тIехь хилар, стиглахь хаайеллачу дронийн суьрташ ма даха а олу цара.
- Кавказ.Реалии сайта тӀехь кIорггера дийцира, тӀеман министралло къилбан регионашкара полигонех а, Украинан дозанашна тохарш дан ракеташ кхуьсуш тIеман хIордакеманех а муха пайдаоьцу а.
- Украинана дуьхьал тIом болийчхьана Оьрсийчоьнан Iедалхоша массанхьа а дихкира бозуш боцчу хаамийн гIирсашна а, социалан машанашна а тIекхочу некъаш. Оьрсийчоьнан эскархоша тIеман зуламаш дарх а, церан могIаршкара эшамех а лаьцна баржон хаамаш кест-кеста интернетера дIабохуьйту. Иттаннашкахь оцу кепара хаамаш а, мессенждерашкара публикацеш а дIакъевлина йу Къилбаседа Кавказан а, къилбан а регионашкара прокуратураша чуйеллачу искашца. Цуьнца цхьаьна эксперташа дуьйцу, цу тайпа къийсам латтор пайден цахилар доцург, тIехь терго латточу хьукматашна интернето болх муха бо а ца хаьа.