Дудаевца тIаьххьара къамелдинарг. Боровой Константин – Нохчийчуьра хьалхарчу тIамах а, иза болийначех а

Дудаев Джохар, Боровой Константин, Ельцин Борис (коллаж)

Мехкадаьтта дарий-те Нохчийчохь тӀом боларан бахьана, муха сацам тIеийцира Кремлехь иза боло, Оьрсийчоьнан Ӏедална хIунда ца тара мехкан президентан гIентахь Дудаев Джохар. ХIорш а, кхидолу а хаттарш политикца, бизнесхочуьнца Боровой Константинца дийцаре дира "Кавказан хроника" подкаст дӀахьочу Вачагаев Майрбека. Нохчийчохь хьалхара тӀом боьдучу шерашкахь иза жигара зӀенехь вара республикерчу бахархошца, ишта Ичкерин президентаца Дудаевца а.

Боровой Константин

Боровой Константина 1970-чу шарахь чекхйаьккхина транспортан инженерийн Москвара институтан хьесапдаран техникан факультет, ткъа 1874-чу шарахь – МГУ-н механикан-математикан факультет. 1983-чу шарахь кандидатан диссертаци тIечIагIйира. Оьрсийчоьнан биржан уггар йоккхачу, хьалхарчу биржин президент волчу хенахь, 1992-чу шарахь Боровойс экономикан маршонан Парти кхоьллира.

– Лараме Константин Натанович, хIетахьлерачу Кремлера куьйгалхойх мила вара къаьсттина Дудаевна дуьхьал? ХIунда хетара царна иза магон йиш йоцу фигура?

– Кхетий хьо, цигахь бахьана кхечу хIуманца дара. Персоналеш кеп-кепара хила тарлора. Нохчийчохь шолгIа тIом баккхарна, йа эр вай, цунна кечам барна жоьпалла [Оьрсийчоьнан къаьмнийн а, регионалан политикан а гIуллакхашкахула министр хиллачу] Шахрай Сергейна а, [1994-чу шеран стигалкъекъа-баттера схьа дуьйна цуьнан метта оцу дарже веанчу] Егоров Николайна а, [Къоман кхерамзаллехула Оьрсийчоьнан президентан гIоьнчана] Батурин Юрийна а тIехь ду олу.

Делахь а оцу тIеман концепци шина факторх йоьзна йара. Хьалхара фактор – пачхьалкхана федерализаци ца хилийта гIортар. Ма-дарра аьлча, Советан Iедал, кхиъна даьлла дацара. Дуккха а пачхьалкхашна йозуш йоцуш хила лаьара, йа Нохчийчоь санна, цунах дIакхайкхо ларийнера.

ШолгIа фактор – и йу КГБ, иза чIогIа коьрта а йара. Царна хиламаш, бахьанаш оьшура, шаьш политикана, долчу Iедална йукъадита. Дудаев Джохарна а, Ельцин Борисна а йукъара конфликт марсайаккхархьама, цара дуккха а хIума лелийнера.

Дудаев Джохар

Цунах лаьцна дийцира ас [Дудаевца] Джохар Мусаевичца дукхазза. Нохчийн къоман шен идейца цо гIо дехнера Жириновский Владимире (оьрсийн политик, ЛДПР кхоьллинарг. — Кхузахь а, кхин дIа а редакцин билгалдахарш). Цо кепаш хIиттайора, ша Дудаевна гIо деш ву Оьрсийчоьнан Iедалца цуьнан зIе тосуш, бохуш. Амма Жириновский, къаьсттина хIетахь, КГБ-н векал, Нохчийчоьнан Республикан суверенитет хила ца луучу ницкъийн векал бен вацара. Иза гIалат дара, тIаьхьо Джохар Мусаевич ша и кхийтира цунах.

Оцу шина факторо дикка коьрта дакъа лецира, и шиъ вовшах а кхийтира. И нах (Шахрай, Егоров, Батурин) ФСБ-на гергара нах бара.

Амма ондачу пачхьалкхан идеологаш а бара. Цул тӀаьхьа оха [арахьарчу гӀуллакхийн министрца] Козырев Андрейца фонд кхоьллира, цигахь йийцаре йора Оьрсийчоь кхиаран проблемаш. Ткъа цул тӀаьхьа фондан цхьаьнакхетаршкахь тхоьга хьошалгӀа богӀура бакъболу Оьрсийчоьнан империалисташ [арахьарчу а, тӀеман а политикехула йолчу Кхеташонан Президиуман куьйгалхо] Караганов Сергей, [Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан СНГ-н гӀуллакхийн а, махкахошца йолчу юкъаметтигийн а комитетан коьрта эксперт] Андроник Мигранян а, иштта дуккха а кхин а.

– ХIунда товш вацара царна хIетахь Дудаев Джохар?

– ХӀан-хӀа, суна ца хаьа церан хIораннан а хиллачу мостагӀаллах лаьцна. Дудаевна Эстонера Нохчийн Республике юхаверза гӀо дира [Оьрсийчоьнан Федерацин президентана уллорчу пачхьалкхан секретаро, Ельцинан уллера бертахочо] Бурбулис Геннадийс. Дудаев вале хьалха Нохчийчоь коммунистийн цхьа анклав йара, Нохчийчоь йозуш ца хиларна дуьхьал йолу.

Ткъа демократизацин ойла къобал йан йиш йоцуш йара, эр вай, ГӀалин кхеташонна гергахь (Соьлжа-ГIала). Нохчийн республике иза кхаьчначул тIаьхьа Дудаевн дуьххьарлера хилла конфликт йара иза. Иза дIа а къастийна, иза Iедале ца вита, харжамашкахь цуьнга дакъа ца лацийта гӀертара уьш.

Дудаев хаьржина президент вара, ала дашна, цундела чекисташа цунна йина кIело – и дара хьуна ша бакъдолу, таIзар дан догIу хIума.

– ТIеман йуьхьах лаьцна вай дуьйцучу хенахь, къаьсттина Малхбузехь, суна даим а хезаш дерг ду мехкадаьттаца доьзна хаттар. Оцу муьрехь сил чIогIа оьшуш дара Оьрсийчоьнна нохчийн мехкдаьтта?

– Гой хьуна, тIеман йуьххьехь а, и тIом дIахьош а улле йевлла хиллачу пропагандистийн кампанийн Iаламат дукха йара хьалхатетта йеза Iалашонаш, тезисаш.

Нохчийн мехкдаьттан фактор, хIаъ, цо а дIалоцура дикка дакъа. Оьрсийчоьнан мехкадаьттан го баккхарехь цуьнан дакъа тIехжима ду.

Малхбузехь гойтуш хиллачу пропагандин кампанин жамӀаш хилира. Цу тӀамна дуьхьал протесташ йара, амма дукхахболчийн хьажам бара, хӀара чоьхьара конфликт йу бохуш, Дудаевс Нохчийн Республика йозуш йоцуш хилар дӀакхайкхинехь а, хенан йохалла, дийца вай, цо оцу суверенитетан тӀегӀанан лехамаш лахбира, иза тIетайра, Ельцинца барт бан аьтто бу аьлла.

Амма кхерамазаллин белхахоша вуно дика дӀакъевлира Дудаевн а, сан а дийцарш долон гIертар – шина а агIоно дийцарш долор.

Масийттазза Дудаевн цIарах Кремле телефон туьйхира ас, Ельцинан гӀоьнчашца къамел дира ас, амма цара дӀакъевлира президентаца йолу зӀенаш. Со депутат вара, цундела Пачхьалкхан Думан векал а вара, соьца къамел дан йиш йара Ельцинан. Цул сов, Ельцинна коьрта гӀортор хилира 1991-чу шеран марсхьокху-баттахь соьгара а, Ельцин а, КӀайн ЦӀа а лардеш къамел динчу кхечу брокершкара а.

– Дуьххьара Дудаевца цхьанакхетар муха хилира хьан?

Жириновский Владимир

– Суна хетарехь, 1994-гIа шо чекхдолуш дара иза. Цул а хьалха Жириновскийца дара цуьнан къамел, иза кест-кеста цига воьдуш вара. ХIетахь сан сайн кхерамзаллин сервис йара, оха терго латтайора Жириновскийна тIехь, тхо дукха сиха тIекхиира, цо Дудаев Iехош хиларна. ТIаккха ас элира цуьнга, цхьана а кхетий, къамел де вай. ТIом а балале, сан дуьххьара йоццачу ханна Нохчийчу вар ду хьуна иза. Цул тIаьхьа, тIом бола ма-белли, ду моьтту суна и, 1995-чу шеран чиллан-баттахь. Цул тIаьхьа а, кхин а масийттаза.

– Дуьххьарлера хьан цунах лаьцна ойланаш муха йара?

– Советан заманара инарла вара Дудаев, демократин, маршонан ойла тIеэцна. Амма, гой хьуна, шен ойланашца, сица оцу вовшахтохараллин декъашхо вара иза – тIеман, инарлин. Цкъацкъа цIеххьашха дийца волалора иза: Советан Iедал доьхна хала хета шена бохуш. Цуьнан хьежамийн цхьа эмоционале хетарг дара и. Оцу тайпа эскаран вежараллин структура дIасайоьхна халахета шена олура цо.

Эстонихь дикачу эскаршкахь гIуллакх дина вара [иза] – генарчу авиацихь. Книгаш йоьшуш, хьекъал долуш вара иза. Амма эмоционале иштта ойланаш а хьулура цуьнан.

– 1994-чу шарахь Оьрсийчоьно Нохчийн Республикехь тIом боло сацам тIеэцнарг мила вара? Оцу мIаьргонехь и тIом ца хилийта йиш йарий?

– Механизм болх бан йолийра 1994 шеран товбеца-беттан 23—24-чохь. Президентан Ельцинан къайлаха указ дара арахецна "Нохчийн Республикехь конституцин низамалла меттахӀоттош" тӀеман операци дӀайахьа кечам барх лаьцна. Оцу указехь йаздина дара, регионийн куьйгалхоша цу операцина информацин а, вовшахтохараллин а гӀо дан деза аьлла.

Конституци а, харжамаш а хилира 1993-чу шарахь. Аьлча а, федералан конституци тӀеэцначул тӀаьхьа сихонца сацам бира маршо йезачарна новкъарло йан.

Ельцина хӀара дешнаш аьллехь а, хьуна а дагадогӀуш хила а тарло: "Шайн ницкъ ма-кхоччу, шайна луъучу барамехь маршо схьаэца", амма ма-дарра аьлча, Ельцинан го оцу федералистийн синхаамашна дуьхьал бара. Уьш кхераме лоруш бара.

Арахьарчу гӀуллакхийн министралла хила лууш хиларх лаьцна дӀахьедира ГIезалойчоьно. Цара дӀакхайкхийра ГIезалойчуьра эскаре кхойкхучара ГIезалойчоьнан дозана тӀехь гӀуллакх дийр ду аьлла. Иза ду вай хьалха дийцинарг. Цкъа Советан пачхьалкхана йукъахь хилла, цул тӀаьхьа Оьрсийчоьнна юкъахь хиллачу пачхьалкхах лаьцна. Муха хир ду, цхьана губернатора, регионан куьйгалхочо къастор, оцу пачхьалкхан бахархоша мичахь гӀуллакх дийр ду бохург.

Россель Эдурад

[Советан а, Оьрсийчоьнан а пачхьалкхан политикан гIуллакхдархо] Россель Эдуард – иза воцург, цунна гонах хилачу кеп-кепара тобанаша а - дийцаре дора Уралан республика кхолларх, [шайн] валюта арахецарх лаьцна хаттар, И бохург ду, цхьа иштта билггал нийса дог-ойла йерш хилар.

Цхьанатоьхначу Штатийн кепехь федералан пачхьалкха кхоллар, конфедеративан пачхьалкх а цхьаьна. И цхьа кхерам болуш санна тIеоьцура. Ельцина а, цуьнан гонера дуккха а наха а.

1993-гIа шо довш, 1994-гIа шо долалуш Ельцин Iедале хьалхатеттина демократин ницкъийн векалш цуьнан гонехь кIезиг бара. Сахаров коьртехь хилла Лакхарчу Кхеташонан регионашна йукъара депутатийн тоба йара Ельцинехьа. Цара кхоьллина, хьалхатеттинера – уьш берриг аьлча санна цуьнан гонера дIабевлира. Йисинарг цхьа Старовойтова Галина Борисовна йара. Йисинера иза, амма цуьнан дош лелачуьра соцуш дара. Ларлуш цхьаъ дан хьийзара иза. Нохчийчохь тIом болабеллачул тIаьхьа, оха дIахьедира, Ельцинна гIортор йечуьра тхо совцуш ду аьлла. Экономикан маршонан Партин куьйгалхо суо хиларе терра, аса шога критика йора Ельцинна.

Старовойтова Галина

Ельцинца уьйраш латтайора Старовойтовас, кхин дIа а белхаш бора цо. Къаьмнийн хеттаршкахула цуьнан гIоьнча йара иза. Принципиале позици йара и, охашимма цунах лацна дийца а дийцира. Цунна хетара, Ельцинна Iаткъам бен канал йита йеза аьлла. Ала дашна, оцу тIехула йийна а йара иза. Цуьнан Iаткъамбар алсамдуьйлура, Борис Николаевичан Iалашо хилира тIеман министр иза хIоттон. Соьга олура цо, организацин, эмоционале оцу идейна гIортор оьшу шена.

– Ельцинца шеца къамел дар нисделлий хьан, Нохчийчоьнца доьзначу хаттарна тIехула?

– И хаттар айдан гIоьртира со цкъа. Борис Николаевича маса сацийра и къамел, шога. Хьан гIуллакх дац цуьнца аьлла, дикка оьгIазе элира цо.

Ас цхьаъ дуьйцура цуьнга, хIетахь пропагадистийн кампанеш лелош вара со, ас дуьйцура, демократина дуьхьал кампани чIогIа жигара дIахьош йу бохуш. Мехаллийн керла система йукъайалон пропагандистйин кампани оьшу бохуш, дуьйцура ас. ЧIогIа ца тайнера цунна и, хьалаиккхира, цо элира, Оьрсийчохь кхин цхьа а пропагандистийн кампани хир йац аьлла. Иза галваьллера, бакъдерг дийцича.

Цу хенахь чIогIа гоьваьлла вара со, дош лелаш вара. Йаккхийчех биржин президент вара со, вуьшта аьлча, Оьрсийчохь уггар а воккха бизнесхо. Дийнахь шиъ миллиард долларшкахь мах бора биржо. Ла ца луш хIума а нислора кхузахь: президентан гонера нехан цхьа дакъа гIертара со Ельцинна генаваккха

– Даим дуьйцу йаздо, Дудаевца къамел динчу нахах хьо тIаьххьарниг вара бохуш. Иза ишта хиллехь, цу дийнахь хIун дуьйцуш вара шуьшиъ?

– Оцу сохьта ас пресс-конференци хIоттийра, интервьюш йелира, шуьйрра цунах дийцира. ХIетахь суна моьттура, тхойшиннан къамел хиллачул тIаьхьа ши сахьт даьлча Дудаевна кIело йинера.

Ткъа Боровой стаг верна йукъахь хиларх лаьцна дийцича, хӀара хьал нисделира цигахь. Дудаев вийначул тӀаьхьа сихонца пресс-конференци хилира, цигахь къамел дира чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллера а, ФСБ-ра а веа инарло, цара ма-дарра дийцира, иза шайгара даьлла дика гIуллакх ду аьлла. И операци оха Ельцинан интересашца дӀайаьхьнера бохура цара (Дудаев Джохар вийра 1994-чу шеран охан-беттан 21-чу дийнахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанан кӀоштан Гехи-чоь эвлан йистехь). Ткъа, суна хаарехь, уьш вуно сиха кхетийнера, и бехктакхаман гӀуллакх ду аьлла. Ткъа цул тӀаьхьа оцу пресс-конференцин йерриге а ларш дӀайайра.

Ишта, ала дашна, 1999-чу шеран гезгамашин-баттахь а дIайаьхьира ас [Буйнакскехь, Москвахь и Волгодонскехь] цIенош лелхийтарх лаьцна пресс-конференци. Цхьан хан йаьлча лар ца йиссира оцу пресс-конференцин а. Цхьаъ йиссира: Путин Владимире хаттар деллера цуьнан пресс-конференцихь, Боровойс боху, ФСБ-но дакъалаьцна аьлла, шега хаьттича, цо элира лармашкахь йоьхкина минаш дIайаха вахийта веза и Боровой. И цхьа хIума диссира Пачхьалкхан думин депутатан пресс-конференцих. Изза ду оцу инарлашца а. Дерриг а дIадайна.

Амма цхьа пропагандистийн дIахIоттам гучубелира: цхьаммо а йуьхь дуьххьал дIа бехке ца вора со, амма пайдаоьцура Дудаевца хиллачу къамелах. Дудаевга телефон тоьхнарг со вара бохуш. Дудаевга телефон тухийла йацара, цуьнан спутникан телефоно горгали тIе ца лоцура. Дудаевн шен бен йиш йацара телефон тоха.

Оцу дIоггара кхин хьекъал доцу инарлашна тIера аойла дIайаккха гIортар дара и. Ала дашна, царна-м цхьацца совгIташ а дира, сан ка йелира и хаа: сан чIогIа ницкъе кхерамзаллин, талламан система йара.

Дудаев Джохар

– ТIаьххьара аш къамел дечу заманчохь, хIун дуьйцуш вара Дудаев?

– Цхьа техникан хеттарш дара охашиммо дийцаредеш. Цунна чIогIа ца тара Нохчийчохь ОБСЕ хилар. Цунна хетарехь, ОБСЕ-н декъехь Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш а, ОБСЕ-н делегацеш а йара. Цара даим а йукъа тухура Оьрсийчоьнан эпсарш, дипломаташ. Талламан болх бан хьийзара уьш. Дудаевна и ца тара, цуьнца къийсам латтош а вара иза. И хаттар дара оха дийцаредеш.

Цу хенахь Швейцарин дипломатийн тоба жигара дакъалоцуш йара конфликташ йерзо гӀерташ. Ас цаьрца болх а бина, Дудаев кхетийра, хӀара ОБСЕ йац, хӀара кхин тоба йу, хӀорш шпионаш а бац аьлла.

Суна чӀогӀа ца тара Дудаевн исламан дуьненан куьйгалхошца а, цхьаболчу вуно цивилизаци йоцчу нахаца а, масала, Каддафи Муаммарца а зӀенаш хилар. ЦӀеххьана Американа дуьхьал йолу ноташ хаайелира цуьнца, стенгара йевлла а ца хууш. Иза ду оха дийцаре динарг, ас иза кхетийра, мел мехала ду оцу декъе ца лилхина хилар бохуш. Цхьадолчу хӀуманашна тӀехь аьтто болура сан, амма бакъдерг аьлча, дерриге а кхочуш ца хуьлура, йа даим а ца нислора. Оцу телефонехула динчу къамелийн жамӀехь тхан аьтто белира цунна жимма дагадаийта, Нохчийчоь йозуш ца хилар - иза, иштта аьлча, Нохчийчоь демократин кхиарца доьзна хаттар дуйла.

Цуьнан и цхьа 50 метр телефонан сара бара, цунна тIетосура цо телефон. Ша телефон муха йара – цхьа чамда, маьршачу меттигехь схьа а йиллина, дIа а нисйина, спутникца йоза йезаш йолу. Ткъа цо и телефон генна дӀакхачайора,- 50 метр. Цо дийцира соьга, шена кIело йан дукха гIиртина аьлла.

Тхан аьтто белира къастон, Дудаевна тIе рогIера бомба йожон гIоьртинчу хенахь, республикера йоллу кIоштара ток дIайаьккхина хилар. Со кхетарехь, радиотулгIенаш хоьцу координаташ билгалйаха дагахь.

Соьлжа-ГIала, 1995-чу шеран гезгамашин-бутт

Гой хьуна, цкъа Дудаевх лаьцна къамел хилира сан. Кремле телефон туьйхира ас. Ас къамел дира [президентан Ельцинан гӀоьнчаца] Сатаровца, цо элира, хӀинца [къоман кхерамзаллин гӀоьнча] Батурина къамел дийр ду хьоьца аьлла. Ас дехар дира Ельцинца зIе тасахьара сан аьлла. Батурин тешийта гIиртира со, и зIе нисйан йезаш хиларх. Ткъа цо вуно йехха хан йайъира сан цхьа пайда мел боцу хIуманаш дуьйцуш. Эххар а ас элира цуьнга: суна и дерриге а хаьа, тIаккхахула, Борис Николаевич кхечу синхаамехь волчу заманахь телефон тохий ас хьоьга. Ткъа цӀеххьана Батурин соьга боху, собар де, кхин а жимма къамел дан деза вайшиннан, хьан телефонан координаташ нийса къасто йиш хилийта. Ас боху цуьнга: суна тIе бомбанаш йетта дагахь ву хьо? Баккъалла а, Дудаевца долу хӀара гӀуллакх лерринчу сервисаша караэцнера.

Шеко йоцуш, [къайлахчу сервисаша] Ельцин ларвора, ситуаци хуьйцур йолчу муьлхха а контактех. Амма эххар а Лебедь Александр йукъавеара. Ма-дарра аьлча, Хасав-Йуьртахь хилла дийцарш – маршонехьа нохчаша латтийначу къийсаман жамI хилла ца Iаш, Оьрсийчоьнан политикаша, бакъоларйархоша, демократаша бинчу белхан хьесап а ду.

Оцу маьIнехь саццаза дуьйцуш Iа со украинхошка, Украино аттта толам боккхур бара, нагахь санна, Зеленскийс, Украино Оьрсийчуьра демократин ницкъашца йукъахь болх беш хиллехь. Царна и дан ца лаьа.

– Кест-кеста олуш хеза, йаздо, Нохчийчохь шолгIа тIом болон дагатеснарг Березовский вара бохуш.

– ХIан-хIа. Нохчийчохь шолгIа тIом сан бIатргашна ган а гуш болабелла.

Ельцин Борис, Березовский Борис. Москва, 1998 шо

Березовский Борисца цхьаьнакхийтира тхо, цо элира соьга, оха хӀинца а Владимирна (Путинна) тIехь терго латтайо, са ма гатде: нагахь санна, цо цхьа гӀалат даккхахь, оха и цунна гойтур ду. Иштта вара Борис Абрамович. Амма цо Путинна беш хилла тӀеӀаткъам цхьа кIеззиг бара. Иза Путинан индивидуале программа йара, Ӏедале кхачаран программа. Цунна оьшура,Оьрсийчоьнна тIелеташ, цIенош лоьлхуьйтучу оцу ирчачу нохчийн террорхошна пропагандин бух кхолла.

Басаевс а, Хаттаба а Дагестане рейд йар, Оьрсийчоьнна тӀелатар а, тӀамна бахьана санна лорура. Ткъа и хьал шаьш кхоьллина дара. Иза Путинан шен программа яра.

Березовский, цу процессашна герга ца вуьтура. Процесс кхочушйира ФСБ-н а, ГРУ-н а гӀоьнца. Ала вай, Пачхьалкхан Думехь сан пресс-конференци [1999-чу шарахь цӀеношна тӀе бомбанаш йеттарх лаьцна] цу проектехь дакъалаца ца лиъначу ГРУ-н шина эпсаро динчу тоьшаллашна тӀехь хIоттийна йара. Ткъа цара тоьшаллаш дора, цӀенош лелхийта кечдарехь шайга бертаза дакъалацийтира бохуш.

– Советан диссидент хилла, оьрсийн публицист, политик Новодворская ца хьахо йиш йац сан. Цхьа а бIостаналлаш хиллий хьан цуьнца леррина нохчийн гӀуллакхца йоьзна?

– Суна хетарехь, ца хилла. Цхьа барт болуш позици лецира оха. Со воцург а, Джохарца зӀенаш йара цуьнан. ТӀом а балале хьалха дара и, цо Гамсахурдия Звиадца (1991-чу шарахь йозуш йоцучу Гуьржийчоьнан хьалхара президент, 1992-гӀа шо долалуш Шеварднадзе Эдуардан агӀончийн гӀуллакхаша Ӏедалера дӀаваьккхира) болх бечу хенахь. Цо гӀортор йора цунна, доттагӀалла лелош а бара уьш.

ХIетахь Дудаевс цуьнан цIе тIехь тапча йелира цунна совгIатна. Иштта цхьа билгалонан гӀуллакх дара и. Цхьа а провокацин роль ца хилийта, и тапча къайлайаккхар онда гӀуллакх дара. [Сан] гӀоьнчаша схьа а йаьккхина, дӀалачкъийнера иза. Хьуьнан кӀоргенехь лаьттах йоьллира, иштта аьлча. Новодворскаяс гӀортор йора Дудаевна.

Дудаевн сурт цуьнан дӀайуьжу чохь дара, сан суьртана а, Гамсахурдиан суьртана а уллохь. Дудаевн иэс чӀогӀа эсала лелийна цо. Кхеташ ма-хиллара, Джохар Мусаевична дуьхьал динчу оцу зуламна чIогIа эргIад йаханера иза.

– Муха тӀеийцира Кремло Хасав-Йуьртахь барт бар а, нохчаша йоккхачу пачхьалкхера оцу тIамехь толам баккхар а?

– Кулисашна тӀехьа Ӏаламат жигара, дера болх дӀабаьхьира Лебедьна дуьхьал. Лебедь а, со а вевзинера 1991-чу шарахь, иза волчу Приднестровье ваханера со.

Суна хазахийтира оьрсийн инарлин, оьрсийн де Голлан и ойла. Бакъдерг аьлча, ас гӀо дира цунна политикехь дарж дӀалаца. Политикан хаттарш дийцаре дира аса цуьнца.

Иза антикоммунист вацара, амма цо дош делира суна, мухха делахь а, ша цкъа а коммунисташца берта гIур вац аьлла. Ткъа цо шен дош кхочушдира. Иза чӀогӀа ца везара Ельцинна гонах болчарна, къаьсттина ФСБ-н а, [цул хьалха] КГБ-н векалшна а.

Лебедь Александр

Ткъа цуьнан аьтто баьллачух доккха дакъа, Ельцинан го дуьхьал боллушехь хилла дара. Цаьршиннан дуьххьалдIа зӀе йара. Ткъа Ельцина, хьуна хаьа, иштта Лебедьца хилар магийна дара. Бакъдерг аьлча, чӀогӀа хьагӀ йолуш стаг вара иза. Цуьнан метта хӀотта тарлуш волу муьлхха а, Ельцинан мостагI хилла дIахIутуш вара. Дика масал ду Собчак.

Оццул лакхара дарж долу демократ Анатолий Александрович, иза шен метта ван лууш хилар гучудаьлча, бехкевира низамехь доцуш петарна приватизаци йина аьлла. Цара иза чӀогӀа кхерийнера, Франце ведда дӀаваха дийзира цуьнан. Амма Ельцина Лебедьна магош дара.

Ткъа и зӀе бахьана долуш кхоллабелира Хасав-Йуьртан барт. Кхеташ ду, кхерамазаллин белхахойх цхьанна а ца тайра иза. Цундела волавелира Путин Нохчийчуьрчу шолгӀачу тӀамна casus belli кхолла: цхьана шарахь Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хила тарлучу хьелашкахь цӀеношна тӀе бомбанашй йеттар. 2001-чу шеран дечкен-беттан 1-чохь Нохчийн Республика йозуш йоцу пачхьалкх хила йезаш йара. Ткъа нохчашна бехкаш дахкар, цара баккъалла а йозуш йоцу пачхьалкх кхолла новкъарло йеш, теракташ йо бахар, абсурде хIума дара. Иза беккъа цхьана Путинан болх бара.

ЧӀогӀа эсваралла йолуш. Нолан рейтингера цуьнан аьтто баьллера 70% бакъйолу рейтинг кхолла. Нохчийн инзаречу террорхойх пачхьалкх Iалашйинарг ву бохуш. 100% фикци йара и.

***

Тхан хьешо подкастехь дийцарединчу хеттарех лаьцна кIорггера хаа луучунна, хьоьху цуьнан белхаш: Боровой Константин. Россия против США: дезинформационная кампания России против США и ее граждан., Независимое издательство, 2020 г.

Йазло Кавказ.Реалиин сайтера "Кавказская хроника с Вачагаевым" тхан подкасте, ладогIа Apple Podcasts Spotify YANDEX MUSICYOUTUBE, ишта кхинйолчу а аудиоплатформаштIехь.