Росстатан керлачу зерашца, 2022-чу шарахь пачхьалкхехь* дукха доьзалш боьхначу регионашлахь ю Нохчийчоь, Дагестан, ГIалгIайчоь.
Нохчийчохь кхъаьстина 5287 зудий-майрий, иза 2,5-зза алсам терахь ду, 2021-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича(3783; +240%). Къастарш дукха хилар билгалделира Нохчийчохь доллу 2022-чу шарахь. Иштта цIеххьана лахделла махкахь официалехь доьзалш кхоллабаларан терахь а – 2021-чу шарахь 7504 доьзал кхоллабелла, ткъа 2022-чу шарахь – 4390 йа 58% хьалха хиллачу гайтамца.
Дагестанехь цхьана шерачохь шозза лакхадаьлла къестаран терахъ. 2021-чу шарахь 9133 доьзало дIасакъаьсташ чуделлера кехаташ, ткъа стохка – 18813(+206%). Зудайалор а лахделла регионехь 75%.
Къестарш кхуьуш хилар тергалдина ГIалгIайчохь а, +190% стохкалерачу шарца, иза кхозлагIа меттиг бу пачхьалкхехь.
Йоллу Оьрсийчохь аьлча, 2022-чу шарахь 6 проценте лакхадаьлла дIасакъастар 2021-чу шерца дуьстича. Цхьа могIа регионашкахь, масала, ГIезалойчохь, Смоленскан кIоштахь, Мордовихь мел а охьадаьлла доьзалш къестаран терахь.
*Аннекси йинчу ГIирмера хьал а цхьаьна лерина Оьрсийчоьнан официалан статистикехь
- Нохчийчуьра къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министро Дудаев Ахьмада дIахьедира, республико "баккхий кхиамаш" гойту социалан-экономикан кхиарехь, "дикачу рейтингашкахь" а хьалха ю Нохчийчоь аьлла. Из бIостане ду дуккхаъчу сферашкара официалан статистике хьаьжча.
- Официалан хаамашца, 2022-чу шеран дечкен-баттера марсхьокху-батте кхаччалц кхечу пачхьалкхашка дIавахана Нохчийчуьра 948 вахархо – и терахь кхузза сов ду, стохка оцу хенаца дуьстича. Иштта республикехь кхиъна йогIу чоьхьара миграци а – Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан кхечу регионашка дукха дIаоьху, юхабогIучул а.
- 2022-чу шеран охан-баттахь Оьрсийчохь дуьненчу даьлла 1943-1944-чу а шерашкара схьа дуьйна уггар а кIезиг адам, дIахьедира "Верстка.Медиа" гIирсана йеллачу интервьюхь демографо Ракша Алексейс. Маьршачу заманех аьлча – иза рекорде гайтам бу XVIII-чу бIешерийн чакхенгара схьа дуьйна, хаамбира Свобода Радионо.
- 2020-2021-чу шерийн "ковидан" жамIашца, ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а, Дагестан а хьалха ю Оьрсийчоьнан регионашлахь дукха нах леш хиларца.