Дукхахболчу Нохчийчуьра мухIажаршна депорт йина Хорватин Iедалхоша

Гайтаман сурт

Хорватира депортацин центре кхачийначу 15 Нохчийчуьра мухIажарх цхьаъ ву цигахь вуьсуш: дуьненайукъара гIо деха Хорватихь дуьхьал хиллачу дукхахболчарна депортаци йина Туркойчу а, Босни а, хаамбина Кавказ.Реалии сайтана "Европера нохчийн Ассамблейн" векало Дадауев Iийсас. Хорватин Iедалхошна бехкехетара уьш динан экстремизмехь.

Бакъоларйархочо бахарехь, Босни дIахьажийна итт стаг, шинна Iедалхоша мухIажарийн статус йелла, кхин а шиъ шеконашкара ваьккхина. Цу шиннах цхьаъ оцу сохьта дIавахара, шолгIаниг ша тIелацаре сатуьйсуш Iаш ву, хаийтина Дадуевс лецначеран дийцаршна тIетевжина.

Карарчу хенахь депортацин куьпахь Нохчийчуьра цхьа вахархо вуьсу, ша Болгари дIахьажаваре ладоьгIуш.

"Европера нохчийн Ассамблейн" векало билгалдаьккхина, кхелехь шайн бакъонаш къовсар оьшуш дара лецна хиллачарна, шаьш экстремисташ доцийла дIахаийта. Эххар а цхьаболчарех радикализмех хилла шеконаш дIайехира.

  • Хьалхо Нохчийчуьра мухIажарша мацалла кхайкхийра, дIахьедира Хорватин куьпара белхахоша шайца шогалла лелорах. Иштта дуьйцура, бух боцуш экстремизмаца доьзна ду бохуш, шаьш лецна латтош хиларх. Мацалла хьоьгу итт де даьллачул тIаьхьа шайн могушалла эша йоьлча, Хорватин Iедалхоша цхьана а агIор реакци ца йича, мацалла сацийра цара.
  • Хорватин омбудсмен йолчу Шимонович-Айнвальтер Тенас куьпахь дерг толлуш, зераш дийриг хиларх дIахьедира. Иштта хьолан терго йира Хорватин бакъонашларйархоша а. Оханан-беттан чакхенгехь Кавказ.Реалиин редакцино кехат дахьийтира Хорватин чоьхьарчу гIуллакхийн министралле, нохчийн мухIажарша мацалла кхайкхорах а, церан бакъонаш хьешна бохучух а лаций комментарий йар доьхуш. Амма масех кIира даьлча, цхьа а жоп ца делира.
  • Лахьан-беттан йуьххьехь Хорватехь лецира масех иттаннашкахь Нохчийчуьра мухIажарш – цара латкъамаш дора, тховкIело йоьхуш делла кехат йухаэца бохуш, ницкъбо шайна аьлла. ДIалийцинарш Оьрсийчуьра Туркойчухула сехьабевллера. Европин кхечу пачхьалкхашка баха дагахь.