Нохчийчохь кху деношкахь нах леца болийра: бакъоларйархойн хаамашца, Шелан кIоштахь лецна хиллачу иттаннашлахь хилла цхьаъ велла полицин декъехь тIехь ницкъбина. Ницкъахоша рейдаш йолийра, вевзаш воцчу цхьана стага Dustum номерш йолу, K13 йоза тIехь машен йагийна дукха хан йалале. Мехкан урхалхочун кIанта Кадыров Адама лелош йу и цIераш. ХIун ду хууш керла нах лецарх а, ницкъахойн Iалашонех а, къастийра Кавказ.Реалии сайто.
Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь хаамаш кхочура кадыровхойн рейдех лаьцна – "Мемориал" центран волонтерийн аьтто хилира стигалкъекъа-беттан 6-чуьра 14-чу дийне кхаччалц мел кIезиг а 80 стаг лачкъор тIечIагIдан. Уггар а дукха тIеталларш хилира Хьалха-Мартанан а, Шелан а кIошташкахь.
Хьалха-Мартанан кIоштара Йокхачу АтагIахь ЭльмурзаевгIеран доьзална тIаьхьабевллера – Соьлжа-ГIалахь машен йагорна ницкъахоша бехкево Эльмурзаев Сайф-Ислам. Бакъду, иза ша лаца церан ницкъ ца кхаьчна. Хууш ду лачкъийна вигинчу мел лахара а ворхIаннах, оцу йукъанна "Мемориало" билгалдоккху, кадыровхоша нуьцкъаша йуьртара церан цIийнах волу шовзткъе итт ца кхоччуш стаг дIавигарх. Оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон хаамашца, масех дийнахь латтийнера уьш Соьлжа-ГIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллехь. Бакъонашларйархоша билгалдаккхарехь, Йоккхачу АтагIара закъалтхой санна дIабигина къаной, доьзалхочух йолу Сайф-Ислаиан йиша а цхьаьна.
Стигалкъекъа-беттан 7-чохь Шелара лачкъийна вигина ткъе иттех вахархо. Соьлжа-ГIалара Росгварин транспортан ОМОН-н базе дIабигинера уьш, стигалкъекъа-беттан 13-гIа де тIехдаьллачул тIаьхьа йухабахкийтира виъ воцург – Ахмадов Юсуф, Алиев Iумар, Эбишев Руслан, меттигера Iабдусалам цIе йолу жимстаг а сацийра, дийцира "Мемориале" Шелара тешаша. Машен йагорна бехкевен Эльмурзаев йукъахь волчу чатехь хиларна лецначух тера дара и нах, бохура оппозицин нохчийн NIYSO боламан векало.
И нах лечкъочу дийнахь Шелара тIай бухахь ирхъоллавелла схьакарийра цхьа жимстаг. "Мемориалан" волонтераша тIаьхьо хаийтира, велларг 21 шо долу Зармаев Дени ву аьлла. Ши де хьалха Москвахь доьшучуьра цIа веана хиллера иза. Дакъа карийна меттиг, Зармаевн цIенна ши чакхарма дехьа бу; ницкъахойн рейдашца цуьнан кхалхар доьзна дуй, хууш дац.
Девешина а гуш, полицихь веллачун даге лазар деанера алийтина гергарчаьрга
Шелара лецна бигинчех цхьаннан, Магамадов Iабдуллин, дакъа гергарчаьрга дIаделира стигалкъекъа-беттан 18-чохь – иза дIавоьллира меттигерчу полицин декъан белхахой тIе а хьуьйсуш. Оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос а, иштта 1ADAT, NIYSO телеграм-каналаша а дийцира, иза дIавуллучохь хиллачарна тIетевжина, веллачун дегIа тIехь Iазапаш хьегна лараш йара аьлла: Iаржделла дилха, ток йеттийтина меттигаш.
"Уггар а сийдоцург хIун дара хьуна аьлча, оцу тезетахь гергарчаьрга алийтинера, полицин декъе веллачун деваша кхайкхинера, цунна а гуш, даге лазар деана, велира иза. Гергарчарна цуьнан дегIа тIехь гIело хьегийтина лараш ма-гарра, хIара информаци блогершка кхаьчча, тезетахь болчийн телефонаш кегийна хиллера", - дийцина Абдурахмановс.
Шела-кIоштан полицин декъе вигина хиллера Магамадов Iабдулла йоллу рейдаш йирзинчул тIаьхьа, Соьлжа-ГIала вигина вац иза. Ша лаьцначу стигалкъекъа-беттан 16-чохь велла иза, дийцира Кавказ.Реалии сайте NIYSO боламан цхьана администраторо. Къамелдинчо бахарехь, Эльмурзаевца цхьана а кепара гIуллакх хилла вацара велларг. Полици цунна арз дина хиллера цхьахйолчу меттигерчу йахархочо, "товш доцуш лела" иза аьлла, хаамбира "Мемориалехь", ницкъахоша Iаткъам барна цуьнан гергара нах ца баьхьа ма-дарра дийца аьлла, тIетухуш.
Dustum цIергахь
Номерийн метта Dustum долуш, К13 йоза тIехь "Лада-Нива" йагош видео оппозицин телеграм-каналаша йаржийна де даьлча леца болийра нах. Машен йагийна меттиг къастон аьтто хилира Кавказ.Реалии сайтан – Соьлжа-ГIалара Олимпийский микрорайонера Кишиева Субран цIарах болчу урамера 9-зза тIекIелдинчу цIенна хьалха хилла ду и.
Хьенан йу и машен, хууш дац, делахь а цу тIехь йаздина Dustum цIе лелош ву Нохчийчоьнан урхалхочун 16 шо долу кIант Кадыров Адам. 2000-чу шерийн йуьххьехь и цIе лелош вара ша Кадыров Рамзан, кхетийра бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара. Адам а, цуьнан накъостий а кест-кеста го Dustum, йа К14 тIейаздина майканаш йоьхна а, кепкаш техкина а. Кадыровн-жимахволчун боллу доттагIаша лелош йу уьш.
Машен йагийна боху Эльмурзаев лаца хIинца а аьтто ца хилла – стигалкъекъа-беттан 17-чу суьйранна ницкъахоша дIахийцира лечкъийна цуьнан цхьаболу гергара нах. ШолгIачу дийнахь нохчийн Iедалхошна муьтIахь йолчу пабликаша ЭльмурзаевгIеран цIийнах волчу бархI стага дIайазйина видеош нахала йехира.
Цу тIехь божарша рогI-рогIана сийсазво машен йагорна бехкевен шайн гергара стаг: хьалха вистхуьлучо ша дешича ву олу шеконашка эцначун, цо дIахьедо "дозанал арахьа бехачарна тIаьхьа хIоьттина" дина хIума ду, чIагIо йо каравагIахь Iедалхошка иза дIавала. Цунна тIаьхьа бистхуьлучара машенах цIетасар дузу блогерца Абдурахманов Тумсоца, Соьлжа-ГIалара ролик уггар а хьалха цо йаржийра.
Цхьаъ лоцу, цуьнца зIенехь берш а полици дIабуьгу, бевзачийн телефонаш кегайо – иштта хьаьтт санна дIадоьду и гIуллакх
Схьагарехь, жоьпала цхьана стагана тIехь дита сацам бина кадыровхоша, абстракте Малхбузе, йа мостагIийн телеграм-каналаш бехке ца йеш, йа ойла хилла ролик хьалха зорбане хIоттийначунна тIелета, кхетийра Абдурахмановс.
Машен йагорна тIехула нах хIинца а лоьцуш бу: стигалкъекъа-беттан 19-чохь Хьалха-Мартанахь кхин а цхьа вахархо лачкъийна – NIYSO теоеграм-каналан хаамашца, вуьйцург ву 16 шо долу Музаев Салман. Цунах а шеконаш гIевттина цIе тесначуьнца уьйрашкахь хилла ву аьлла. Соьлжа-ГIалара Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин лерринчу полкан дозана тIехь латтош хила тарло иза, дийцира Абдурахмановс.
"Йоллу контакташ а, церан бевза-безарш а лоьцу"
Нохчийчуьра тешашка хеттарш динчу "Мемориалан" бакъоларйархочо хаамбира, дуьххьара нах лечкъон стигалкъекъа-беттан 5-чохь болийра: Соьлжа-ГIалахь ницкъахоша Шелара а, ЭхаштIера а ши вахархо а дIавигира, ткъа машенах цIетосуш видео шолгIачу дийнахь бен гучуйаьлла йац.
"Даим а ишта нислуш ду, цхьаъ лоцуш, цуьнан йоллу контакташ, бевза-безарш ницкъахоша дIабуьгу, церан телефонаш кегайо – кхин дIа хьаьтт санна дIадоьду, оцу зIенашкахула Iаламат дукха хуьлу лоьцурш. Билггал уьш маса стаг ву а ца хаьа тхуна. И нах лецар Соьлжа-ГIалара дIадолийна ду – цIе тIаьхьо тесна ма йу, ницкъахой стигалкъекъа-беттан 6-чохь хIун деш бара а, Шела бахар а стенна тIера ду, ма-дарра тхуна хууш дац", - билгалдаьккхира къамелдечо.
Оппозицин блогеро, "Исламан ойланаш" телеграм-каналан авторо Белокиев Ислама дийцира редакцина, видеон оригинал шега йевзаш йоцчу аккаунтера кхачарх стигалкъекъа-беттан 6-чохь, ролик ца хIоттийра ша боху цо аккаунте, цунах "чIогIа шеконаш" а хилла.
Гергарнаш цецбевлла бу, уьш тешаш бац, цо и дина хир ду аьлча
Кадыровхошна дукха дика хаьа цIе тесначуьнца Абдурахманов Тумсон гIуллакх ца хиллий, доллучо а гойту, цхьахволчу блогеро и даржон царна чIогIа лиъна хилар, кхетийра цо. Цунна хетарехь, хила тарло меттигерчу бахархойх цхьаммо протест йеш и дина хила а - иштта хуьлийла ду кадыровхоша кеп хIоттош дина хIума хила а: "Цкъа хьалха кIант лачкъаво цара, машен йагайо, тIаккха изза куртка а йухий, лачкъийнарг видеокамераша дIайаздечу меттигехула чекхволуьйту цара".
Шелахь рейдаш йина ши де даьллачул тIаьхьа лечкъийра ЭльмурзаевгIеран гергарнаш – Соьлжа-ГIалара видеокамераша шеконаш йу бохучун сурт гайтича. Бакъоларйархочо бахарехь, Эльмурзаев Сайф-Ислам цIетасарна гунахь хилар тIечIагIдина дац: "Цхьа а тоьшаллаш дац – гергарнаш шаьш а бу цецбевлла, уьш шаьш а ца теша, цо и дина хир ду аьлча.
Цкъачунна Соьлжа-ГIалара ЭльмурзаевгIеран цIийнах болу ах нах дIахецна: зорбанехь баржийначу кхайкхама тIехь йац шеконашкахь волчун нана а, йиша а, нуц а, хIусамнана а. "Мемориалан" бакъоларйархошна хетарехь, уьш хIинца а лецна латтош бу ницкъахоша.
- Лахьан-баттахь нохчийн ницкъахоша рейд дIайаьхьира Дагестанан дозана уллорчу Гуьмса кIоштара Къеди-Эвлахь. Иттанашкахь кегийнах лийцира цигахь, операци дIахьочу меттигехь тидам хилира гIагI диллинчу техникан. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло цхьана а кепара комментарий ца йира оцу информацих лаьцна.
- Стохка дечкен-баттахь Iалхан-ГIалахь дуккха а нах лецарх дийца даьккхира дечкен-беттан 9-чохь, хIетахь хаамбора, цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь уьш латтош хила тарло бохуш. ТIаьхьо "Мемориало" тIечIагIдира дечкен-беттан ворхIолгIачу буса 25 гергга стаг лачкъийна вигар. Хетарехь, лечкъийнарш Соьлжа-ГIала дIабигинера, цигахь цхьана къайлахчу набахтехь латтийнера уьш. Лачкъийначарлахь вара СолсаевгIеран ши ваша – Леча а, Хьамзат а, царна тIехь а къизаллаш лелийна хиллера. Вежарех хилларг хууш дац, ши бутт баьллачул тIаьхьа даге лазар иккхина велира церан да.
- Iалхан-ГIалахь кху шеран дечкен-баттахь лечкъийначарлахь хилла боксехула дуьненан чемпион волу Саламов Iумар. 10 бутт баьлча маьршаваьккхира иза – Соьлжа-ГIаларчу къайлахчу набахтехь Iазапехь латтийна иза, дуьйцу адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" Центро. Кхечу лечкъийна бигинчийн – Солсаев Лечин а, Хьамзатан а гергарчо чIагIдора, Соьлжа-ГIалахь царна тIехь а гIело хьегийтарх махкара Iедална лийна аьлла.