Палестинхойн мухIажаршка Нохчийчохь заводехь болх байта тарло, 2014-чу шарахь дуьйна цигахь тIеман "джихIад-машенаш" арахецар дIанисдан Iалашо йара. Ша болхбан йолайеллачу йуьххьехь дуьйна зенаш дора заводо, дуккха а миллионашкахь декхарш тIехьаьрчинчул тIаьхьа 2020-чу шарахь йуха а схьайиллира и, цигахь тутмакхашка белхаш а бойтуш. Делахь а, финансан агIо цо а ца хийцира. ХIинца бораха белхан ницкъ бан хьийза сектор ГIаззера Нохчийчохь тIеэцначу мухIажарех.
Палестинхошца хиллачу цхьанакхетарехь республикера информацин министро Дудаев Ахьмада дIахьедира, кхелхина баьхкинчарна лерина Соьлжа-ГIалахь йеш йолу хIусамаш йина йевлча, и нах цу чу дIакхалхийначул тIаьхьа "шайн доьзалш шаьш кхаба дезар ду" цара аьлла. Уьш балха хIиттон дагахь бу, схьадийцарехь, "Чеченавто" заводе, цигахь индустрин парк хIоттон дагахь а бу, билгалдаьккхира регионалан идустрин министро Хакимов Адама.
Цкъа тутмакхаш хьовсий цига, ткъа хIинца изза дан хьийза палестинхошца
Уьш балха хIиттабале хьалха мухIажарш Iамо а, кечбан а центрашка хьийсон дагахь бу – царех цхьаъ хила тарло Соьлжа-ГIалара пачхьалкхан мехкадаьттан техникан университет. Нохчийн хьаькамаша чIагIдо, мухIажарша "меттанийн курсийн а терго йан йеза" аьлла, уьш схьайиллина берийн "Горный ключ" Эвтарара садоIийлан дозана тIехь. Цигахь дIатарбина цхьана ханна палестинхой. Бераш доцурш а, оьрсийн мотт Iамош бу цигахь дечкен-баттахь дуьйна 56 стаг.
"Тхан махкахь а бу балха баха меттиг боцу нах, болх лоьхуш хьийза, иза а лара деза. ХIинца уггар а хьалха шуьца цхьанакхетарш деш бу министраш, цара боху, шу кечдийр ду. ТIаккха, нагахь санна, и стаг гунахь хилахь, цуьнан йиш хир йу куьйгалле ша цхьа кхечухьа балха дехьаваккха ала. Амма тахана муьлхха а белхан меттиге дIатасавалар гIолехь ду", - кхетийра Дудаевс.
Цхьахволчу кхелхина веанчо йинчу дуьхьалонна министро делла жоп, роликехь ца гайтина.
ХIара дуьххьара дац нохчийн Iедалхой ГIазза секторера тIеэцна нах балха хIиттон хьийза. Чиллан-беттан йуьххехь профилан лоьрийн доьшийла чекхйаьккхина 20 мухIажар Соьлжа-ГIалин а, Устрада-ГIалин а, Грозненскан, Шелан кIошташкара дарбан хIусамашка балха ийцира. Йухакечбар оьшуш дацара церан хьолехь: меттигерчу телеканалан сюжетехь дийцарехь, царна массарна а аьлча санна хууш бара оьрсийн мотт, оьшуш говзалла а йара цаьргахь, дукхахболчара Оьрсийчохь университеташ чекхъйаьхнера.
Болх бан нах лоьхуш
"Якорь" нохчийн машенашйар, Хакимовс "Чеченавто" заводах лаьцна ма-аллара, долийна лахьан-баттахь дуьйна, тIеман Iалашонашна кечйина УАЗ, ГАЗ машенаш ара а хоьцуш. Церан проект йинера Москвара пачхьалкхан техникан Бауманан цIарахчу университето. Индустрихь гучуйевллачу машенашна "джихIад-машенаш" аьлла цIе тиллира Нохчийчоьнан Iедалхоша.
Дуьххьара лахьан-беттан йуьххьехь дIакхайкхийра республикин индустрин министро тIамана лерина автомобилаш арахеца шайн Iалашонаш хиларх, ткъа шо доьрзуш Кадыров Рамзанан Соьлжа-ГIалара резиденцина хьалха гайтира хьалхара белхан кепаш – Хакимовс хIетахь чIагIо йира "джихIад-машенаш" серишкахь арахеца "Чеченавто" заводан бази тIехь 2024-чу шарахь.
Украинерчу тIамехь долчу нохчийн дакъошна заводера тIеман продукци кхачийна ца Iаш, "арахьарчу базаршкахь" а йохка дагахь бу –машенаш йар алсамдаккхархьама хIетахь, стохка лахьан-баттахь, Кадыровс тIедиллира болх жигарабаккхар "мел а йоццачу заманчохь".
Дечкен-баттахь "Чеченавтон" директоран гIовса Чатаев Джамалдис белхан цхьанакхетар дIадаьхьира Устрада-ГIаларчу номер 3 йолчу колонин куьйгалхочун гIовсаца Магомедхаджиев Абу-Шейхаца. Цигахь дийцаредира тутмакхаш заводера балхана йукъаозорах. Церан дийцарш дирзинчул тIаьхьа заводе балха ийцира цхьа тутмакх. 2022-гIа шо довш дийца даьккхира 50 тутмакх заводе балха хIоттон лаам хиларх.
Билггал хууш дац, маса стаг царех балха ийцира: республикера ФСИН-н куьйгалхочо Абуев Мохьмада чиллан-беттан йуьххьехь хьесап дира, "Чеченавто" балха хIоттийна 30 тутмакх аьлла. Делахь а, цул тIаьхьа ши де даьлча ВГТРК телехьожийло арахецначу сюжетехь вуьйцург 16 вара. "Церан корматалле а хьаьжна, кеп-кепарчу агIонашка дIасабоькъу" белхахой, ткха царна массарна а луш долу алапа республикехь а лахара ду -19 эзар сом ду.
"Чеченавто" заводехь мича проекташна тIехь къахьоьгур ду палестинхоша, меттигерчу хьакамаша билгал ца доккху.
"Муьлхха а болх бан кийча бу"
Шен хIинца йолчу кепехь "Чеченавто" схьайиллина 2008-чу шарахь Устрада-ГIалахь хиллачу "Пищемаш" заводан бази тIехь. Ши шо даьллачу хенахь цигахь вовшахтаса йолийра LADA Priora машенан седанаш, шарахь 50 машен арахоьцур йу шаьш аьлла, тIелаьцнера йуьхьанца, делахь а, бархI шо даьллачул тIаьхьа заводан аьтто ца белира болх жигарабаккха а, шарахь йалх эзар а йацара цара арахоьцу машенаш. Машенаш йухкура дукха хьолахь Нохчийчохь "Чеченавтон" йохкаран цIийнехь – 2019-чу шарахь махкара Арбитражан кхеле велира дистрибьютер, завод банкрот лара 100 миллион сом декхар тIехьарчорна аьлла.
Эххар а дуьххьара юридикехь хилла – ОАО "Чеченавто"- дIайохийра, цуьнан арахецар керлачу ООО "Чеченавто" компанина кхачийра. Ший а компани долахь йара Нохчийчуьра бахаман, латтанийн йукъаметтигийн министраллин, цхьатерра цхьана а тайпа пайда ца бохьура цара. "СПАРК-Интерфаксан" хаамашца, 2017-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц ОАО "Чеченавто" компанино кIезиг ахчана пайда бина, 2020-чу шарахь ша йинчу харжал а: 723 эзар миллион соьмана дуьхьал. Формат хийцаро а хьал гIоле ца дира: 2021-чу шарахь "карлайаьккхинчу" компанина 18 эзар соьмана цIена пайда хилира, ткъа 2022-чу шарахь 96 эзарна зенаш дира.
Оцу тайпа "тачанкаш" шуьйра йаьржина йара Шемара Iедалхошкахьа болчу ницкъашлахь
2023-чу шарахь заводо дIакхайкхийра ша болх бечу йоллу хеначохь рекорде пайда хиларх: мах бина 4,6 миллиард соьмана, са йина – 845 эзарна. Оццу шарахь 176 хилла белхало 229 хилира. 2019-чу шарахь дуьйна заводан куьйгалла деш ву депутат, Кадыров Рамзанан йуьртахо Таймасханов Хьусейн.
Компани пайден йан хьийзачу Нохчийчуьра Iедалхойн кхоалгIа ду хIара "Чеченавто" заводе мухIажарш балхаэцар, билгалдоккху Европера "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.
"2000-чу шерийн йуьххьехь оцу заводе болх байта хьийзира. Суна бевза-беза нах а цьаьна баханера цига балха, амма дIабевлира дукха ца Iаш, хIунда аьлча, алапаш сецадора. Маьрша нах цига балха бахка реза ца хилча, тутмакхаш лаьхкира цига, ткъа хIинца изза дан хьийза, муьлхха а болх бан кийча болчу палестинхошца", - элира цо.
ГIазза секторера баьхкинчу мухIажаршца Кадыровн политико шалхаллаш лелор, Сулеймановна хетарехь, доьзна ду, цхьана агIор, Дудаевс а ма-аллара, "приоритетан кхъепехь" царна белхан меттигаш йаларца республикехь лаккхара белхазалла йоллушехь. Вукху агIор – оццул лахара алапех заводехь балх бар пайден дац меттигерчарна.
ХIетте а Нохчийчуьра Iедалхошна экономикан дац и хаттар, политикан ду, дерзийра къамелдечо.
Кризисан арахецар
"ДжихIад-машенаш" йан хьийзар – дуьххьара дац нохчийн Iедалхойн Устрада-ГIаларчу автомобилан завода базехь тIеман продукци арахеца гIортар. 2017-чу шарахь цигахь арахоьцура "Чаборз М-З" тактикан баггиш: царна презентаци йира, "хьуьнхахь, лаьмнашкахь, йарташкахь тIемалойн позицешна маса тохарш дан" дуккха а функцеш кхочушйен машенаш уьш йолуш санна.
Нохчийн керла техника хIетахь гайтира "Армия- 2017" форумехь, ткъа ши шо даьлча "Чаборз" машенаш стигалкъекъа-беттан 9-чохь ЦIечу майданехула чекхйовла йезаш йара, амма эххар а Росгвардин тIелетаршца багги машенаш Тулехь хиллачу парадехь гучуйехира.
ГIаттамхойн а, террорхойн а тобанийн техника йолуш санна хета "джихIад-машенаш" йу аьлла заводо арахоьцу керла продукци. Ремонт йарехь а, гIагI диллина кхачам боллу арахецар а ледара долуш йу уьш, билгалдоккху возуш воцчу тIеман аналитико Михайлов Кирилла.
"Оцу кепара "тачанкаш" шуьйра йаьржина йара Шемара Iедалхошкахьа болчу ницкъашлахь, дуккха а шерашкахь бахархошлахь лаьттина тIом бахьана долуш йуьззина техника тIетоьаш цахиларна. Шемахошца уллора гергарлонаш лелийначу кадыровхошна зеделларг кхаьчна хила тарло церан констркукци йеш а, царех пайдаоьцуш а", - билгалдаьккхтира цо.
Кхачам боллуш Iалаш ца йо экипаж а, пассажираш а оцу тайпа машенаша кху заманан керлачу герзийн гIирсаша дечу тохарх, зIе йолчу технике хьаьжча, ницкъ ца тоьа церан шаткъан хенахь дIайаха, боура Михайловс. Делахь а, тахана гIагI диллинчу техникан а, автотранспортан а къоьлла лаьттачу хьелашкахь машенаш пайден хир йо логистикана а, штурм йечу хенахь герз детта а, дерзийра тIеман аналитико.
- ТIаьххьарчу зерашца, Израило ГIазза секторехь тIеман операци йолийначул тIаьхьа, Нохчийчу верриг а кхаьчнарг палестинхойн 200 мухIажар ву. Кавказ.Реалии сайто листира, мехкан Iедалхоша меттигерчу дахаран хьелашна муха Iамабо уьш.
- ГIаззера мухIажарш тIеийцира Кубанехь, Дагестанехь, ГIалгIайчохь, кхечу регионашкахь.
- Республикехь ши тIом боьдучу йукъанна ца бевллачу денна шайн хIусамех бийлина хиллачу Нохчийчуьра мухIажаршна гергахь шайн декхарш кхочуш ца деш, Оьрсийчоьнан Iедалхоша тесна дуьту 30 шо а ду. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, маьршачу нехан цIенош хIаллакдечу хенахь Iедалхоша царна йинчу чIагIонех, Нохчийчуьра арабевллачу нахаца хьаькамаш а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархой а муха бара а.