Юстицин министраллин реестре йаьхначу "экстремистийн материлийн" иттанна йукъахь нисделла нохчийн бардан Муцураев Тимуран иллеш. Уьш даржорна дукха хьолахь административан жоьпалла тIедожийна 2011-2022-чу шерашкахь.
И зераш ду "ЙоьалгIа сектор" медиапроекто Маршо Радио оьрсийн сервисан а, Настоящее Время телеканалан "Система"проектаца а, "7х7" гIирсо а йукъахь бинчу талламехь,.
Доккхачу декъанна, Муцураевн "Иерусалим" илли йалхолгIачу меттигехь ду – илли даржорна 69-зза таIзар дина кхелаша. ИссолгIачу меттигехь – 52 административан гIуллакх айдина- "Уьш дIабахна", "Тавхьид", "Шаьлта тохар", "Нохчийчоь цIергахь", "ШахIид" иллеш ду. Топ-10 могIа берзабо "12 эзар муджахIид" иллино, цунна тIехула кхеле озийна 46-зза.
Уггар а дукха "таIзар динчех" йу, оппозицин политикан Навальный Алексейн тобано 2011-чу шарахь арахецна "Дуьхьалйоккхур йу жоьлкашна а, курхалчашна а церан 2002-чу шеран манифест" аьлла видеоролик. Иза йаржийна аьлла, 200 кхелан сацам бу бина.
Карарчу заманахь юстицин министраллин "экстремистийн материалийн" реестрехь йу 5344 позици. 2011-чу шарера 2022-чу шаре кхаччалц Оьрсийчуьра кхелашка кхаьчна 15 493 гIуллакх и материалаш йаржорца доьзна.
Оцу кепара къаьсттина дукха гIуллакхаш листинчу 20 регионна йукъахь нисйелла къилбан а, Къилбаседа-Кавказан а регионаш. Краснодар-мохк – кхозлагIчу меттигехь бу (цигахь 308 кхелан сацам бина), Волгоградан кIошт – 12-чу могIарехь (176 сацам), Нохчийчоь – 15-гIа меттиг (150 сацам).
*Аннекси йина ГIирма а, Севастополь а йукъаоьцуш, Оьрсийчоьно оккупаци йина кхинйолу территориш ца лоруш.
- Оьрсийчохь дерриг а Муцураевн дихкина 30 илли. Сацамашкахь кхелаша билгалдоккху, "къаьмнашна йукъахь барт эгIабо цара, сепаратизмана а, терроризмана а пропаганда йо" аьлла. Муцураевн иллешка ладогIарна Оьрсийчохь кест-кеста кхелаш йо социалан машанашка йазбеллачарна, иштта Нохчийчохь а.
- Меттигаш бу, дихкинчу иллешна йукъахь йоцу композицеш бахьана долуш а нахана гIуданаш диттина. Масала, Гуьмсан гIалин кхело меттигера вахархо Саиев Адам бехкевира "ВКонтактехь" экстремистийн материалаш яржорна аьлла,"Пайхамаран Хьадис" цхьа илли зорбане даьккхинера цо.
- Муцураев Тимура дакъалаьцна Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу а, шолгIачу а тIемашкахь Ичкерин агIор, цул тIаьхьа Париже дIавахара иза. 2007-чу шарахь Нохчийчу йухавеара, хIетахь дуьйна халбатехь вехаш ву иза.