"Эладиташна тIехула сан нана йийра девашас". Нохчийн феминистийн дийцарш

Зударшна тIехь ницкъбар юкъара доккхуш къийсам латточу дуьненан къаьмнашна юкъарчу дийнахь Кавказ.Реалии редакцино зорбане дуьллу нохчийн феминистийн кхо дийцар – царех дукхахболчара къайлахьо шайн хьежамаш, хIунда аьлча, доьзалехь ницкъбина, гонахарчу наха емалдина, агресси лелийна шаьш хиларна.

Алина, 24 шо: "Ямартхо лерира со дас"

– Алина ю сан цIе. Со феминист ю. Хьалхара тIом болуш доьзал кхоьллира сан дас а, нанас а, юкъахь безам ца хиллера церан, йехна ялийнера сан нана. Суна хетарехь, и коьрта бахьана дара сан доьзал а, цу чуьра со а йохаран а. Сан да чIогIа дин лелош вара, ортодоксан ислам. Масала, цунна хетарехь, нагахь санна, ша бусулба ву бохучуьнца хьо ламаз деш йелахь, хьуна билггал иза ву, йа вац хууш дацахь, хьо ислама юкъара йолу. Цхьа къаьстина секта яра иза, шайна юкъахь зударий а, бераш а лерича, 300 стаг а волуш. Цхьа а динан Iилманчаш цара тIе ца лоцура. Зударшца чIогIа шога хьулу уьш, къа санна, проблема санна, цхьа боьха, харц хIума санна тIеоьцу цара зуда.

Бераллехь дуьйна деша лууш яра со, и сан лаам соьгара дIабаккха гIертара, йетта а йеттара суна. Сан дена хетара, шен доьзалхочунна йеттар, иза зудабер делахь муххале а, дика ду аьлла, цунна пайден ду аьлла хетара, йетта а йеттара цо. Суна хетарехь, со феминизме йерзаран бахьана - цо бина Iаткъам хила а тарло. Агностик хета суна суо хIинца. Айса лайначунна тIехула ду иза аьлла ца хета суна, хила тарло ас ойланаш ярна. Деца Iачу хенахь ас дин - иза сайх кхетийта, цунна суо йезийта гIертар санна тIеоьцура.

Деца Iачу хенахь ас дин - иза сайх кхетийта, цунна суо йезийта гIертар санна тIеоьцура

Школера дешна яьллачул тIаьхьа университете деша яха лууш яра со, амма дас ца йахийтира. Цунна-м со школе эхийта а ца лаьара, халла дешийтира цо. Школа ас чекхйаьккхинчул тIаьхьа, масех шарахь чохь латтийра со. Цуьнца Iачу оцу ялх шерачохь шозза-кхозза бен цIера арайаьлла яц со. 20 шо кхаьчча маре йала кечйеш яра со. Со маре луш йолу и стаг суна мила ву а ца хаьара, оцу сектера, сайн ден доттагI вуй хаар доцург. ТIаккха йедира со.

Телефон йара сан, сим-карта дацара. Ден Iуналлица бен "пайден" видеошка хьежа а, йеша а йиш йацара сан. Цхьана дийнахь ларамза шира сим-карта карийра суна, и чу диллира ас. Иштта аьтто хилира сан, сан да масех шо хьалха къаьстинчу ненаца зIене йала. Ас йаздира цуьнга, цо со дIа ца йигахь, со цIера йедда цхьанхьа дIагIур ю аьлла. Цо гIо дира суна, иштта кхечу гIалахь нисйелира со.

Динах хаьдда, маьрша яха луу ямартхо ю хьо, хьайна динчун пусар ца дина ахь бехира соьга дас. ХIинца цуьнца уьйр яц сан.

Нохчийчохь нах шайн цхьа дIахIоттам болуш бехаш бу, цхьатерра хьежамаш, ойланаш, лелар долуш, нахаца уьйраш йоцуш, доллу дахарехь аьлча санна, чохь яллорна, и дерриг а ас схьа ца эцна. Делахь а, сайн ден культура а, кхетам а схьа ца эцна ас ишта-м. Массанхьа а суо цхьа тIаьхьало йоцуш гора суна.

Ненаца аьтто хилла сан, цунна со йеза, сан яккхий таронаш ю аьлла а хета цунна. Делахь а ша ю иза ламасте дин лелош. Со лору цо, цунна хаьа, ас мел лелориг цхьана буха тIехь, цхьана хааршца дуй. Со феминист юй хаьа цунна, делахь а сайн дине йолчу ойланех ас дийцина дац цуьнга. Цунах лаьцна цунна хаа а ца лаьа аьлла хета суна. Иза кхета, юкъараллех цо ша дIахадор юйла, цундела ца лаьа цунна. Гонаха болчу наха дийрриг до цо а, шен дас-нанас шена Iамийнарг. Со шеца къамел дан гIоьртича, цо элира, ца оьшу соьца цунах лаьцна дийца, хьо нийса хила а тарло, амма со кийча йац оцу идейшна аьлла.

Со феминист хилале хьалха, карзахе йара, даим суо цхьана хIуманна бехкейора ас. Феминизмо гIо дира суна сайн дика а, вон а агIонаш йовза а, тIеэца а. Цо гIо дира суна сайн куц-кеп тIеэца а, гIо дира юкъараллина хетарг коьрта доций хаа, "хIан-хIа" ала дезачу хенахь и ала а. Сан бакъонаш йелира цо суна. Цул хьалха ламасташа, юкъаралло, дино бохура, зуда хиларе терра, зуда санна лела йеза, цхьа декхарш бен дацара суна тIехь.

Хьо зудабер ду, хьуо махкара ара а яьлла, дIагIойла дац хьан, хьо маре йахча наха хIун эр ду сайга бохуш, сайн бакъо ца къовсуш ца Iа со. Зуда ю аьлла, сайна хIума дихкича, чIогIа ца лало соьга. И бен кхин бахьана далош дацахь оцу стага, со цуьнца цкъа а берта гIур йац. Хьо зуда ма ю, цундела ахь и дан мегар дац соьга бохий, ас хIуьттарена дийр ду и, сайга далой дIакхаийта. Со зуда йелахь а, йацахь а ас и дийр ду.

Гергарчарна хаьа, сайна цхьаъ ца тахь, со дIагIур юйла. ДIаваха хала дац, хьайн бедарш схьа а гулйина, дIавоьду хьо. Царна хаьа, сайн да волчуьра со йеддий. Цо со йен а ма тарлора. Шена товшдоцург ас дича, цо суна йеттара, легаш Iуьйдура са малдаллалц. Ас яьккхинчу гIулчах кхета уьш, ас юха а изза дийр дуй хаьа царна.

Делаца йолу сан юкъаметтигаш хууш цхьа доттагI-нохчо ю сан. Делах тешаш ю иза, амма кхеташ ю, шена хетарг доцург, кхин а хьежамаш буй. Кхин ши нохчо ву сан доттагI. Дине хьежамаш тхайн цхьатерра буй хаьа тхуна, амма хезаш вовшашка дийца цхьа а ца хIутту.

Феминизмех лаьцна кхин а дуккха а сайн дийца йиш йоций хаьа суна. Тхан Нохчийчохь дуккха а проблемаш ю, тIех-тIехула. Политикан хьал а чолхе ду, адамаш къиза ду, собаре дац. Дикачу гIуллакхо шаьш айдахь, цо шайна зен ца дахь, тIаккха бен дика ца хуьлу тхан адамаш. Масала, кхечу зудчунна тIехIуттур ю зуда, нагахь санна, цунна тIе машен тоьхнехь. Цигахь кхеташ ма дуй: машенлелорхо бехкеван веза. Амма и зуда такси чу хиъначохь хьийзайахь, важа зуда цунна тIехIуттур йац. Божарша эр ду: шен бехк бу, дуккхаъчу зударшна луур дац иза бехказайаккха, юкъаралло шайна тIе а хьоькх йожорна кхоьруш.

Дикачу гIуллакхо шаьш айдахь, цо шайна зен ца дахь, тIаккха бен дика ца хуьлу тхан адамаш

Кхин а даьржина цхьа масал ду. Жонглераш санна кхаа буьрканца ловзу божарий: Конституцица а, шарIица а, Iадаташца а. Зударшца йолчу юкъаметтигех дуьйцуш делахь, оцу кхаа хIумана юкъара уггар а вониг схьаоьцу. Зударшна хьиджаб тIетилла йеза – кхузахь шарIа хир ду. Зудий, майрий къаьстинчул тIаьхьа ненера схьадоху бераш, кхузахь ламасташ ду тхан лелаш. Масала, нагахь санна, цхьаъ чувоьллиний низамехь доцуш, тIаккха оха дагалоцу, тхо Оьрсийчоьнан бахархой хиларе терра, тхан а ма ю бакъо бохуш. Хала хеташ делахь а, хьалхе ду цкъачунна феминизмех лаьцна дийца, эгоисте, агрессица ю юкъаралла.

Малика, 26 шо: "Эладиташ хиллий, делахь,зуда бехке ю хьуна"

– 2015-чу шарахь дуьххьара адамийн бакъонашкахула хIоттийначу семинарехь хилира со. ХIокху доллучух а хIетахь суна хууш дацара, цига яхара со сайн доттагIашца хан йайъа. Цигахь хиира суна адамийн бакъонаш бохург хIун ду, цул тIахьа кхечу семинаре кхайкхира со, амма цигахь фокус гендеран тематикех йара. Цигахь цхьа интересе хIума хезира суна: божарш деш долу хIуъа а дан ницкъ бу зудчун, масала, цIа дан, ткъа божарша лаьтте йила а, пхьегIаш йила а мега, цо и дахь - хIуммаъ галдолуш дац. ЧIогIа сан коьртехь сецнера и ойла, иштта дан а ма ду и!

Оцу семинаре со кхачале хьалха, сайн бакъонаш хьоьшуш ю аьлла, ойла хилла йацара сан. Дуьнене хьежам а кхечу тайпа бара сан. Зуда "нахаца лелаш юй", иза йен йеза аьлла, ойла йолчех яра со суо а. Со кхечу нахана юкъахь нисйаларо, кхечу хьежамашца болчу нахаца дийцарш хиларна сан, оцо чIогIа Iаткъам бира суна. Цхьана дийнахь ца хилира иза, денна бохург санна керла-керла хIума Iемара суна.

Зуда "нахаца лелаш юй", иза йен йеза аьлла, ойла йолчех яра со суо а

Оцу хенахь суна дага ца догIу, Кавказера зудабераша шаьш феминисташ ду олуш. Массеран а социалан проекташ йара йа экологица йоьзна, со цхьаъ йара, зударийн бакъонех лаьцна проект йолуш. Стохка хилира со изза семинарехь, цигахь 90 процент проекташ йара зударийн бакъонашца йоьзна. Иза дика ду аьлла хета суна. Оптимизме дог-ойла йолуш хила а там бу со, амма диканиг хир ду аьлла, тешна ю. Кегийрхошлахь цунах лаьцна дуьйцийла ю хIинца, хьох кхетар бу. Тоххара цунах дуьйцийла а йацара.

Кхузахь цхьа а мистика а, йа Iаламат а дац, суна хетарехь, интернето бина Iаткъам бу. Доллу дуьне хийцалуш, цхьа Нохчийчоь ша йолччахь юьссийла ма дац. Цкъачунна, халахеташ делахь а, хийцамаш сайн нийсархошлахь бен ца го суна. Баккхийчеран аьттехьа а кхин кхетам бу.

Со жима бер долуш дуьйна яра со массо а хIуманан духе кхиа гIерташ, бакъдерг аьлча, ирча бералла хилла сан. Кхеташ ду, Нохчийчохь хаза бералла цхьаьнне а ца хилла, тIом а, кхиндерг а бахьана долуш. Цул совнах, сан цхьа чов йара. Тхо мухIажарш долчу хенахь ГIалгIайчохь дехаш дара, хьалхарчу классехь со йолуш, тIе куьйг айдеш сан хьехархо йара. ХIинца со кхеташ йац, муха мегар дара иштаниг. Оцу тIехула, цхьа ийна йоцуш, сайна чуйоьлла йара со, хIинца хийцайелла.

Сан феминистийн хьежамашца йоьзна кхин цхьа истори а ю. Со йина сан нана йийна, цунах лаьцна дукха хан йоццуш бен суна хиъна дац. Со дуккха а жима йолчу хенахь, иза йехачу эвлахь эладиташ хиллера дуьйцуш, иза "нахаца лелаш" ю бохуш. Девешех уьш дIакхетча, цо ван а веана, йийнера иза. Иштта хIума ду. Гергарчара хIуммаъ а ца дуьйцура, тIаьхьа ца кхиайора. Денанас хьалакхиийна со, нана санна йара иза соьца.

Сан ненан нана со йолчу йеача, со ца тешара, иза сайн гергара ю бохучух. Психологца ас цунах лаьцна дуьйцуш, со кхетийра, дас-нанас цунах лаьцна берашка хIуммаъ ца дуьйцу, ийзалуш. ТIехула тIе Нохчийчохь эхь лоруш ду, хьан нана йийнехь. Хабарш дуьйцуш хиллехь, и бакъ хилла олу. Сайн деца а, дененаца а цунах лаьцна ас тахханалц дийцина дац.

Сан нана йийначу стагана цхьаммо а таIзар ца дира. 90-чу шерашкахь хилла хIума ду иза, оцу хенахь таIзар ца дора иштачунна. ХIетахь стенна боху ас, сий Iалашдеш стаг вийча, хIинца а ца бо бекхам. Дуьйцура, деваша хIетахь дикачу балхахь вара, амма цул тIаьхьа къаьркъа мийла волавеллера иза…

Ас даим а тергойо хьаьнца, хIун дийца мега. Массанхьа а мохь ца бетта ас со феминист ю, сан иштта хьежамаш а бу бохуш. КIадо йо ас сайн хан йайъа, хIора а кхетон гIерта, иза а чIогIа хала ма ду. Сайца ойла цхьаьна йогIучаьрца дуьйцу ас цунах лаьцна, делан къинхетам, уьш дуккха а бу сан. Тоххара цхьа а вацара, ас ойланаш йора, со лартIахь яц хьуна, амма тIаьхьо сайн агIончаш карийра суна, хIинца паргIат ю со.

Цхьаммо а бекхам ца бира сан нанан йийначунна

Социалан машанашкахь ю со, "маршалла, со феминистка ю" олий ца яздо ас, сан посташца а дика хууш ду цуьнах. Тоххара дуккха а хейтерш хуьлура, суна бен-башха дацара цара комментареш йитарх, амма сайна кхерамаш тийса буьйлабелча, со стенгахь Iаш ю а, стенгахь доьшуш ю а шайна хаьа бохуш, йаздан буьйлабелча, со боккъал а кхерайеллера, тIаккха юхайелира со. ТIехула тIе сайн гергарчаьрца проблемаш йац сан, со ма-йарра цара тIеоьцу.

Феминизмах со кхета йолайелча, Нохчийчохь и тема цхьанна а интересе йацара, и бохург хIун ду, башха кхеташ стаг а вацара. Шемарчу тIамах лаьцна хаамашна тIебирзина зама йара иза, хIунда аьлча, нохчий цига дIаоьхуш хиларна. Амма масех шо даьллачул тIаьхьа дерриг а хийцаделира, зударийн а, зударийн юкъараллийн а леррина терго йан буьйлабелира.

Цхьана заманчохь зударшна гIо деш сайн проект йан сацамбира ас, кхерамза йолу меттиг а лехна, цигахь уьш вовшахтухуш проблемаш йийцаре йеш. Иза а тергамза ца дисира. Iедалан векалш тхан цIа эха боьлча, дас ца магийра суна и проект лелон, хIинца сациалан машанашкахь йисина со. Дукха хьолахь комментареш йазйо соьга феминизмана дуьхьал болчара, хьо жоьжахатахь йогур ю, олу цара.

Цкъацкъа Нохчийчохь чIогIа кхоьру со, тIаккха цхьана ханна Москва дIайоьду со. Цигахь а башха кхерамзе дац, делахь а, мичча хенахь а чулилхина, дIайига мегар со бохуш, кхерам ца хуьлу соьца.

Луиза, 22 шо: "Хьо феминист юй, делахь гIазакхех дIатарйелла хьо"

– Нохчийчохь феминизм йоцчух тера ду. Суна хетарехь, наха бехкбилларна кхоьруш, хIунда аьлча, динца йогIуш ма йац феминизм. Нохчийчохь, нагахь санна, хьо динца вацахь, доллу дуьненах дIакъаьста хьо, и ду доьхнарг.

Хьежамаш муха хуьлий, хьо феминист юй, делахь хьо гIазакхех дIатарйелла, европахойн мехаллаш ю хьан коьрте йоьхкинарш. Кхин а цхьа стереотип ю, хьо феминист йелахь, хьо ЛГБТ-хьа ю. Сан иштта зеделларг дац, "фемка" сох алахь, забарца олу. Дукха хьолахь и дош хьо сийсазвеш санна олу, ткъа соьга цхьана ироница. Суна цхьана а агIор ницкъ ца бо цо.

Голливудан дашон бIешерашкара кехатан декораци дагайоуьйту Соьлжа-ГIалано

ХIунда ца беза вай долчахь феминисташ? ХIунда аьлча, божарий цабезарг иза йолуш санна цхьа васт ю цуьнца, тIехь дIоггара цIано ца лелош, башха хаза а йоцуш, тIехьийзаш кIант воцуш, цундела ойла хилла цуьнан феминист хила. Цхьа Iовдал клише ю-кх. Хьо феминист ю, сайга аьлча, ас олу: хилча хIун ду? ХIун дийр ду ахь суна, хIун эр ду ахь соьга, хIун дуьхьалдоккхур ду ахь суна?

Оцу терминан маьIна ас теллина дац Iилманца, амама сан сагатдеш цхьацца хIуманаш ду. Кхерамзаллина, хаарш алсамдаха таро цахиларна, масала, Москва а йахана, йа кхечу пачхьалкхе а йахана деша йиш цахиларна сагатдо ас. Нагахь санна, и дериг а цуьнга "дIатекхалахь", дика ма ду. Эццахь цхьа Мохьмад¸хьан маьхча волу, схьа а вогIий, цо олу: "ХIан-хIа, мегар дац".

Доьзалехь дуккха а хIуманаш ца могуьйтура суна. Журналист хила лиира суна, амма соьга схьахьедира, зудаберийн корматалла йац иза. Со зудабер ду, со маре гIур ю, сан хIусамдас суна и могуьйтур ду ала а дац, съемкаш йохуш дуьне мел ду йолайелла лела бохург хир дара иза. Сох журналист ца хуьлуьйтуш, тарлора сан гергарнаш суна сагатдеш хила, тIаьхье муха хир ю ца хууш. Масала, цхьа аьтто хир бу сан, ткъа майрчо кхин дIа ца доьшуьйту йа болх ца бойту. Дахарх чIогIа чам бер ма бара сан тIаккха. И тайпа цIийнда ас сайна лохур вац бохург царна дагадеана а хир дацара. Лор сох хилийта хьоьвзира уьш, и сан болх бацара. Дешахь а, болх бийр бацара ас. Да-нана къарделира, хIинца программист ю со.

Социалан проектехь дакъалаьцна ас, кризисан центрна гIо а дина, царна ахча гулдира ас, оцу гIуллакха вайн пачхьалкхера нах юкъа ийзийна ца Iаш, доллу дуьнене а орца даьккхира. Социалан машанех пайда оьцура ас оцу гIуллакхана, цхьа вон комментарий ца йира. Юьхьанца дуьйна а ас цхьа "кIеда ницкъ" лелорна хир дар-кх иза, хазаллехула, дикаллехула. Жигаралла лело эмоциалехь аьлча чIогIа хала ду, йоккха таммагIа юьту цо тIехь. Хьо кхета и мел беза мохь бу, мел дукха адамаш ду, ма-дарра аьлча, царна гIо ца дало хьоьга. Дуьххьара гулдинчул тIаьхьа и болх сацийра ас.

Тхан краудвандинган компанехь, оха ахча гулдечу хенахь, ах бохург санна ахча даийтинера сан доттагIчо-нохчочо, 30 шо ду цуьнан, дика йоI ю хьо, хьайн гIуллакх де аьлла, ахча тесира цо. Цхьа а хеттарш доцуш. Стенна до ахь и, Кавказехь феминизм оьшуш йац бохуш, совнах къамелаш ца дира. Цхьа иттех шо даьлча и доллу ортодоксан ламастин хIуманаш юкъара девр ду аьлла хоьтуьйту суна цо. Цундела бу тахана шайн ма-хуьллу буьрса къийсам латтош.

Нохчийчохь дукха хьулу со, цигахь, хууш ма-хиллара, кхечу тайпа хьежамаш тIеоьцуш бац. Ца буьйцу ас цхьа кIорггера хьежамаш, масала, системех дIахаьдда хьо – дIадели, хьо тамашен ву, хьох кхета а ца кхета. Суна ца деза даим бехкаш дахар, ца деза суна цигахь чIарх аьлла, гуттар а кечвелла лелар а.

Голливудан дашон бIешерашкара кехатан декораци дагайоуьйту Соьлжа-ГIалано. Цхьайолчу меттигашкахь цхьадолчу адамашца суна чIогIа тов цигахь. Вуьшта аьлча, чIогIа хала ду. Кхаа дийнал сов цигахь йахлахь – хала ду.

  • 2021-чу шарахь 22 шо долу нохчо Тарамова Хьалимат йедира Соьлжа-ГIаларчу шайн цIера, доьзалехь ницкъбора шена аьлла. Маса схьакарийра иза, бертаза гергарчара юха а йигира. ТIаьхьа нохчийн телехьожийлехь гайтира иза коьртахь йовлакх долуш, камерана хьалха шена бехк цабиллар дийхира цо, "Iехайеллера" ша аьлла, шен йадарх кхетош. ХIетахь дуьйна цуьнан кхолламах дерг хууш дац.
  • Нохчийчуьра 22 шо долчу яхархочо Лорсанова Амната 2021-чу шарахь латкъам бира Оьрсийчоьнан Талламан комитете шен сексуалан хьежамашна а, исламан динах дIахадарна а тIехула йеттарна а, гIело йарна а. Юьхьанца дас-нанас "жинаш арадоху" бохуш, къийсам латтийнера цуьнан бисексуале хиларца, тIаккха нуьцкъаха психиатрин лазартне охьайиллинера, цигахь масех баттахь транквилизаторшца "дарба" лелийнера цунна. ДоьазлагIа аьтто белира цуьнан цIера йада.
  • 2020-чу шарахь аьхка йийра Нохчийчохь Умаева Мадина. Цуьнан нанас дIахьедира, шен йоI доьзалехь ницкъбина, майрчо йийна аьлла. Эххар а йийначун нана декхарейира шаьш аьллачунна мехкан урхалхо Кадыров Рамзан а, шен нуц а, захалш а къинтIера баха. Ткъа йеллачун цIийнда хиллачунна совгIатна керла хIусам йелира Кадыров Ахьмадан Фондан цIарах.