Астраханан махкарчу ИК-10 набахтин администрацино ша цхьаъ чохь латторан чоь (штрафной изолятор) чу воьллина ГIалгIайчуьра тутмакх Албагачиев Iабдул-Малик – эпилепси цамгар йолуш ву иза. ГIалгIайн "Э" Центрехь цунна тIехь Iазап латтийча гучуйаьлла и цамгар. Цунах лаьцна дуьйцу Радио Свободано, бакъоларйаран "Общественный вердикт" цхьанакхетараллина тIе а тевжаш.
Кху шеран дечкен-баттахь Албагачиев ШИЗО чу воьллира 14 де-буьйсанна. Цу чохь лазар деанера цуьнга. Хьалхо тутмакх Астраханан мехкан ИК-8 набахтехь латтош вара, тIаккха лахьан-баттахь набахтерчу дарбан хIусамехь латтийра, цигара ИК-10 чу воьллира иза лоьрийн таллам ца беш, цуьнан цамгарх лаьцна кехат ца луш.
Цхьа бух боцуш ИК-8 чохь тутмакхна тIехь низаман барамаш лелорна Албагачиевн нанас бакъоларйархошка латкъам бира - цо шена орца дехначул тIаьхьа хилира вигира иза дIа.
Албагачиев ИК-10 чу валийча, администрацино иза камеран кепехь йолчу чоь чу волла аьлла сацам бира (ПКТ) – оцу шогачу рожан камери чубухку вуно чIогIа низам хедийнарш.
Бакъоларйархоша иштта билгалдоккху, тутмакхан динбухках йоллуш аьчкан палсту йу, и цигара схьайаккха йезаш йу, амма набахтерчу лоьраша и операци йан ца хьажаво иза. "Йерриг хенахь Албагачиев шен лелар дихкинчу кепехь вехаш ву – цуьнан аьтту куьг доьхкица латтош ду", - дуьйцу "Общественный вердиктан" хаамехь.
Тутмакхан адвокаташ латкъам бан дагахь бу иза ПКТ а, ШИЗО а чуволларна. Цунна операци йан дуьхьал хиларна а латкъам хьажийна цара прокуратуре.
- 2018-чу шарахь Албагачиев Iабдул-Малик исс шарна набахти чу воьллира, Шемахь низамехь йоцуш, герзаца йолчу тобанехь дакъалацарна а, оьккхуьйтург йохкарна а бехкевина. Таллам боьдучу йукъанна гIалгIайн экстремизмана дуьхьало латторан Центрехь ("Э" Центр) Iазапехь латтийнера ша, аьлла цо. Ницкъбарна цуьнан месаш охьалегнера, дог керчадора цуьнан, цIийца йовхарш хуьлура, къурд бечу хенахь лазавора, дог мустдаларх бала хьоьгура, иштта кхетамчуьра вуьйлуш бала хьегна цо. Мочхал а, мара а кагбина хилар билгалдаьккхира лоьраша. ТIаьхьо эпилепси цамгар тIейеара цунна.
- "Общественный вердиктаца" йукъаметтиг лелош волчу адвоката Бирюкова Иринас бахарехь, Талламан комитето сацийна 2018-чу шарахь Iазапашна тIехула долийна хилла бехктакхаман гIуллакх, хIунда аьлча, Албогачиевс бехкевина волу "Э" Центран белхахо вийра.
- Шена а, шен доьзална а бойъур бу бохуш кхерамаш тийсина аьлла Албагачиевс кхелехь бехкебинчу наханна йукъахь вара ГIалгIайчухула йолчу "Э" Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим. Эльджаркиев вийра 2019-чу шеран лахьан-беттан 2-хь Москвахь. Цуьнца вийра цуьнан ваша - цхьайолчу Москварчу клиникехь болх беш хиллера цо. Эльджаркиевн болх бахьана лаьрра Iедало, иштта батIалхьажойх цхьаъ – Белхороев ИбрахIим – верна иза декъехь хилла бохуш вевзаш хилар а.