Эрмалойчоьнан а, къобалйазчу Карабахан а позицешна тохарш долийна Азербайджанан эскаро

Къобалйазчу Ломара Карабах республикехь тIеман операци йолорах дIахьедина Азербайджанан эскаро. "Констуцин дIахIоттам меттахIоттор" йу аьлла, дIакхайкхийна Iалашо. Хаамбина эрмалойн а, Карабахан а эскарийн гIишлошна тохарш дарх, йаздо Маршо Радио оьрсийн сервисо.

Эрмалойчоь а, Карабах а бехкейина Бакус теракташ вовшахтохарна, дуьйцу азербайджанхойн пачхьалкхан АЗЕРТАДЖ агенталло. Бахьана даьлла Пачхьалкхан автомобилан некъийн а, тIеман транспортан а агенталлин машен гезгамашин-беттан 19-чохь минаш тIехь эккхийтича. ЧIагIдо, Азербайджанан эскархошлахь лазийнарш а, белларш а бу бохуш.

Къобалйазчу республикин хиллачу куьйгалхочо Варданян Рубена хаамбина блогехь, регионехь артиллерин тохарш ду деш аьлла.

Къаьсттина дукха эрмалой шена чохь беха Ломара Карабахан автономин мехках конфликтан бахьана хIоьттина Бакуна а , Ереванна а йукъахь Советан Iедал духучу заманчохь дуьйна. Шина а агIоно вовшашна бехкаш дохкура нах байарна, 1992-1994-чу шерашкахь хилла тIом бахьана долуш регионна а, автономина йукъа йогIуш ца хиллачу, цуьнца дозанехь лаьттачу территорешна а суверенитет йелира, амма дуьненахь цхьаммо а уьш къобал ца бира.

2020-чу шарахь Карабахехь ШолгIа тIом боьдуш дозанийн цхьа дакъа Бакун куьйгакIел дерзийра. Азербайджано дIакхайкхийра, дов дерзон кхин некъаш ца карадо шайна, оцу дозанаш тIехь дуьззина Iуналла дан ца дуьйлалахь аьлла.

Цигахь бехачу эрмалоша Баку бекхкейо нах хIаллакбарна а, бахархошна дуьхьал тIеман зуламаш лелорна а. 2022-чу шеран гIуран-баттера схьа дуьйна регион азербайджанхойн эскаро блокаде йерзийна йу ала тарло. 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь эрмалойн Iедалхоша Степанакертехь (азербайджанхоша Ханкеди олу) дIахьедира, къобалйазчу территорин декъа тIехь мацалла хиларх а, цунах цхьа стаг кхалхарх а.

  • Стигалкъекъа-баттахь Эрмалойчоь а, Азербайджан а кийча йара вовшийн дозанаш дийна хилар къобалдан. Цунах лаьцна дIахьедира Эрмалойчоьнан премьер-министро Пашинян Никола Москвахь йоьдучу Лакхара Евразин экономикан кхеташонан гуламехь.