Административан зуламаш деш, "эрна хан йойуш, сий доцуш лела" республикера кегийрхой бертаза тIамтIе хьийсон шен лаам хиларх дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цунах лаьцна цо дӀакхайкхийна Нохчийчуьрчу кхерамзаллин блокан векалшца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.
"Муьйлуш, наркотикаш лелош, машенаш хоьхкуш белахь, церан тептар вовшахтоха, уьш Iамо дIалур бу вай, дIахьажон меттиг йолуш йу. ЦIерачарна ахча а хир ду, уьш хьекъале а богIур бу, Дела дуьхьа гIазот доккхур ду", - аьлла Кадыровс.
Политикан оьрсийн маттахь лелочу телеграм-каналехь дIахьедина ду, "карзахбевллачийн а, къепе йохочийн а къастам бан дезар ду – йа Украинера тIамтIе боьлху уьш, йа "мел а йоккхачу ханна набахте боьлху" аьлла.
Украинан тӀеман министраллан коьртачу урхалло а, оппозицин нохчийн жигархоша а, бакъонашларъярхоша а 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дийцира, кадыровхоша лачкъийначу Нохчийчуьрчу бахархошна хьалха лаьттачу цу кепара харжамех лаьцна. ТӀом бан реза ца хиларна кхерамаш туьйсу царна, харц бехкаш а дохуш, хан йоцуш "къайлахчу" набахтешкахь латтор бу аьлла. Ишттаниг нисделира, масала, Эна-Хишкара вахархочуьнца Сасламбеков Шемилца (Сосламбеков хила а тарло). ТӀаме вахар гIоле хеттера цунна, цигахь вийра иза.
Къаьркъа муьйлуш йа наркотикаш лелош лецнарш нуьцкъала тӀаме бохуьйтуш хилар а гучуделира охан-баттахь. Нохчийчоьнан бакъонашларъярхочун, жигархочун Янгулбаев Абубакаран хаамашца, республикерчу Ӏедалшна оцу кепара шаьш "йукъаралла цӀанъйеш" йу аьлла хета.
- ТаIзар до шаьш бохуш, Украинана дуьхьал бечу тIаме хьийсабо Нохчийчуьра Кадыровн рожана дуьхьал болчу нехан гергарнаш. Ву царлахь ЯнгулбаевгӀеран виъ гергара стаг – церан деваша а, ден агӀор кхоъ шича а, иштта, оппозицин блогеран Халитов Хьасанан ваша а, Ичкерин политикан Закаев Ахьмадан вешин кӀант а.
- Цул совнах Нохчийчуьра нуьцкъала тIаме хьийсабо гейш бу аьлла, шеконаш гIевттина нах а. Бакъоларйархойн аьтто белира, билггал ворхI оцу тайпа гIуллакх тIечIагIдан.
- Кху шеран гезгамашин-баттахь Азербайджано Оьрсийчоьнан арахьарчу гӀуллакхийн министралле кехат дахьийтинера, Нохчийчохь лаьцна хилла кхоъ Азербайджанан вахархо - Рзаев Нихад а, Ширинов Эльхан а, Махаррамов Вугар а - Украинана дуьхьал бечу тӀаме нуьцкъала хьажор бахьана долуш.