Немцойн футболан тоба Европан чемпионатера аракхоьссина италхоша

Украинехь диллина забарен сурт, 29Ман2012

Европин футболана чемпионатехь уггаре а тоьллачех ларалуш яра немцойн тоба. Дуккха тергамхошна моттара цу тобано, мел кIезга а, финалехь чемпионалла къовсур ду. Амма еарийн суьйранна италхоша 2-1 жамIаца немцой эшорца бохийра Германерчу миллионаш футболъезархойн сатийсамаш.
Меркель Ангелин кхин сагатдан ца деза, Украинин коьртачу гIалахь Киевехь дIахьон долчу Европин футболан чемпионатан финалан ловзаре ша яхча, иза политкоректалле хир ду те я дац те, бохуш. Цкъа хьалха шен урхаллерачу министаршка Тимошенко Юлияца цигарчу Iедалхоша лелош йолу политика бахьана долуш Украинехь дIахьон долчу ловзаршна бойкот яре кхайкхина йолу немцойн канцлер, жимма тIаьхьа дог мовла яьллера шен дешнашна.

Нагахь санна немцойн бундестим финале кхачахь, ша церан ловзаре хьажа Киеве яха там бу аьлла, мукIарло дира цуо, хаамийн гIирсаша ша немцойн тобанна ловзаршкахь аьтто бохьуш долу хIайкал лара йолийча.

Бакъдолш, Меркель Ангела хьажа стадионе мел яхна долу ловзар немцойн тобано толамца чекхдаьккхира. Ткъа рогIера Цхьанакхеттачу Европин саммит бахьана долуш Меркель Варшавехь дIаяхьначу ахфиналан матче кхача йиш ца хилар дарий теша бундестим эшаран бахьана? Тамаша бу.

Полша -- Италерчу форвардо Балотелли Мариос (Аьр) 2 гол чутуьйхи Euro 2012 футболан чемпионатехь, эха финалан матч, Варшавера Къоман стадион, 28Ман2012

​Мухха делахь а, цкъачунна Европин чемпионатехь хиллачу ловзарех уггаре а хаза а, Iаткъаме а хиллачу матчехь италхойн ловзархоша гайтинарг, шеко а йоцуш, тоьлла футбол, футбол шен уггаре а цIеначу, уггаре а исбаьхьчу кепехь яра бохуш билгалдоккху тергамхоша.

Ловзар дIадоладеллачу мIаьргонехь дуьйна доккхахчу декъехь буьркана доладеш а, бакъйолу говзалла гойтуш а чекхбевлира италхой. Ткъа немцойн тобан декъашхой, хIинцалца схьа чемпионатехь тоьллачех болуш схьабогIуш хилла болу, цу тайпанчу шовкъанна дуьхьал цхьа мелла а боьхна а, бос боцуш а хеталора.

Меттигерчу телевизионехула матч тергал йеш хиллачу немцойн цхьана спортан журналисто ма-аллара, Реал Мадридехь ловзуш волу масех футболхо волчу тобанна хьакъ долу ловзар дацара цара гайтинарг, цаьрца шовкъа яцара, майралла а яцара. Цул совнаха, цу, шен санначу, лакхарчу тIегIанна тIехь корматалла йолчу тобано дан йиш йоцу масех гIалат а дира немцоша. Ткъа цу гIалатийн жамIа: 2-I италхойн толамца.

Ала догIу, италхошкара немцойн тобане Дуьненан я Европин чемпионаташкахь хIинцалца схьа цкъа а толам баккхабелла ца хилар. Мел тоьллачу ловзархошца кхелина бундестим хиларх, мел толаме ловзарш дIахьош, массо а эшош, и тоба мехалчу чемпионатийн ловзаршкахь схьайогIуш хиларх, амма италхошна тIекхаьчча, юхуш ю немцойн толаман раж. И хIума, цхьа къайлене сардам санна, иттанаш шерашкахь иштта схьадогIуш ду.

Италхойн „скуадра адзуррин“, нохчийн матте даьккхича, „сирла - сийна бос болчу тобан“ ловзаран башхаллаш, талламхоша билгалдаккхарехь, баххашкахь дуьйна схьа кхечу агIор ду, немцойн тобан чул а. Италхой футболах, бераш санна, самукъдаларца, шовкъаца, майраллийца ловзу.

Италхойн коьртачу тренеро Пранделли Чезарес шен тобанна, чемпионат дIайолалуш, „гIо шайна, ловза шайна, марзо эца шайна футболах“ аьлла весет динера. И тоба самукъдаларца ловза а левзира. Ткъа немцой техникаллийца, бакъонашца, массо а хIума нийса дан лаарца ловзура. И церан бакъонашца ловза лаар, эххар а, масех даккхийчех гIалаташ цара шаьш дарца царна бале а делира.

Немцойн тобан коьртачу тренера Лев Йоахима шен куьйгакIеларчу ловзархошна техника а, фитнесс а Iамийра. Ткъа шовкъанна дуьхьал фитнесс хIун ю? Иза еарийн суьйранна дерриг дуьннена гира.

Германи -- Германин футболан тобанна гIортор еш волу Крист Мануэл, Залцгиттерехь шен леррина кечъйинчу машенахь воьдуш ву, 28Ман2012

Миллионаш немцойн футболъезархой гIайгIане эгийра цу суьйрено. „Аьхкенан туьйра“ шех немцоша олуш болу сатийсам - кху чемпионатехь мукъане а бундестим чемпион ер ю-кх аьлла болу сатийсам- юха а ах новкъахь боьхна, баьржина. Дог даьтIначу немцойн футболан фанаташа Германи мел ю италхойн футболъезархошца девнаш дехира, и ши тоба вовшах а лийтира.

Берлинерчу Курфюрстердамм урамехь шайн къоман тобано толам баккхар даздеш болчу италхошна тIе спагетти - гарзанаш кхийсира немцоша, ткъа Вупперталехь бIеннаш италхойн, немцойн футболъезархой чучча бахнера, вовшашна къиза етта а етташ.

Цу юкъана немцойн тоба Германе юхайирзина. Ткъа squadra azzura кIирандийнахь Испанерачу тобанца финалехь толам къовса кечлуш ю.