МухIажиршна дегайовхо елла Европарламентан спикеро

Греци -- Шай доьзалал а къен бехачу лулахошна чорпа эцна йоьду Фатима, ОвхIанистанера едда еъна Атенехь еха мухIажир, 06Чил2012.

Баланаш шаьш ловчу даймехкашкара бевдда, Европе кхача гΙертачу мухΙажирех бΙеннаш ле шайн халачу новкъахь хΙора а шарахь. Европе кхочу некъаш оццул кхераме хилар харцо ю аьлла дийца даьккхина политикаша, царех цхьаъ ву ша Европарламентан куьйгалхо Шульц Мартин.



Шина кIиранчохь кхузза Европан хинбердашна уллохь мухIажарийн бохам хиллачул тIаьхьа, эххар а, Цхьанакхеттачу Европан мухIажиршца долу низамаш мелла а хийцадала мега.

Кхечу мехкашкара, уггаре а хьалха тIемаша а, къелло а халчухIиттийначу пачхьалкхашкара нах тIеэцар алсам даккха деза европахоша, Европарламентан спикерна Шульц Мартинна хетарехь.

„Европана легалан иммиграцин система оьшу, Цхьанатоьхначу Штаташкахь а, Канадехь а, Австралехь а ма-хиллара,“ - элира цо, даханчу деношкахь Италерчу Лампедуза гIайренан хинбердашна уллохь мухIажарийн хиллачу бохаман хьокъехь ша вистхуьлуш.

ГIадужу-бутт болабелчхьана массийтта бохам хилла Африкера мухIажирш тIехь болчу хIордкеманашца Италин дозанашна уллорчу хишлахь. Кху беттан кхозлагIчохь Сицилина уллохь бухадахнера 500 герга стаг тIехь волу хIордакема. Царех 300 сов стаг велла, иттанашкахь тIепаза байна.

И бохам хилла масех де даьлча, Еврокомиссин куьйгалхо Баррозу Жозе Мануэл а, Италин премьер-министр Летта Энрико а ваханера Лампедуза гIайренна тIе, байъинарш дагалаца.

Бакъду, и шиъ ший а меттигерчу бахархша неIалташца а, дуьхьалонан акцешца а тIеийцира, Цхьанакхеттачу Европан мигранташца йолу гома политика бахьана долуш а, Лампедуза гIайре дуккха а шерашкахь Африкера Европе кхача гIертачу мухIажарийн уггаре а хьалхара доза хиларна, цу меттехь бухарчу бахархошца нийсса аьлча санна мухIажирш гулбелла хиларна а.

Амма уггаре а коьртаниг - меттигера бахархой кест-кеста инзаре баккхийчу бохамаша Iовжийначу мухIажарийн баланашца шаьш буьсуш хиларна а. ХIунда аьлча, уьш бу уьш, меттигера бахархой, сих-сиха керчинчу хIурдакеманна тIерачу мискананийн декъий хIорда чохь схьалехьош берш а, дийна бисинчарна орца кхачо гIерташ къахьоьгуш а берш.

Кхин цхьа бохам а хилира Бароззу а, Летта а, цаьрца баьхкина кхиболу беза хьеший а Лампедузера дIабахана ши де даьллачул тIаьхьа а. ПIераскан дийнахь, цхьайтталгIачохь, Шемара а, Палестинера а, Мисар-махкара а мухIажирш тIехь болу хIурдакема доьхна, хи чу дахнера Мисар-махкарчу Александрия гIалина гена доццуш. Кхо бIе гергга кеманца хиллачу нахах мел кIезга а ткъа стаг веллера.

Ткъа кIирандийнахь Либиний, Мальтиний юккъехь рогIера хIордкема дуьйхира, 375 Шемара мухIажир тIехь а волуш. Царех мел кIезга а 200 стаг велла, бIе сов тIепаза вайна ву, хи буха баханчух тера ду уьш а. Ткъа дийна висина, кIелхьараваьлларг 70 стаг бен вац. Тешаша дийцарехь, Либерчу хинан полицино легале а, къайлаха а мухIажирш Европе кхачон арадаьлла хIордкема шайна гучудаьлча, иза сацон Iалашонца герз диттинера цунна.

Цу кепара, шина кIиранчохь 600 бIе сов стаг велла я тIепаза вайна Европаний, Африканий юккъерчу хишлахь, Цхьанакхеттачу Европан дозане кхача гIерташ.

Ткъа даханчу шарахь машаран Нобелан совгIат шена делла йолу Цхьанакхетта Европа цу бохамашка бендацарца хьоьжуш ю кхин дIа а. Масала, уггаре а чIогIа мухIажарш шен лаьтта кхачарх кхоьручу пачхьалкхашна юкъахь ю Европехь уггаре а тароне ларалуш йолу Германи.

Цуьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Фридрих Ханс- Петера Лампедуза гIайренна уллохь бохам хиллачул тIаьхьа кхин цкъа а тIечIагIдира, немцойн урхалла Евробертан мухIажарийн политика хийцарна дуьхьал ю, аьлла.

Цу дешнашна ира критика йира ша а немцойн къомах волчу Европарламентан куьйгалхочо Шульц Мартина. „Вайн таронаш ю и нах тIеэца. Ахчанца а ю, лаьттанашца а ю“, - элира цо. Цо иштта билгал даьккхира, 400 миллион сов адам дехачу Цхьанакхеттачу Европан пачхьалкхашна цхьа а зе хир дац, 20 я 30 эзар мухIажир хIораммо а тIеэцарх, аьлла.

Изза аьла хеташ ву Мальтин премьер-министр волу Джозеф Мускат а . Цо Европерчу пачхьалкхийн куьйгалхошка гуманитаран кризис ловчу меттигерчу мухIажиршца къинхетаме хиларе а, уьш тIеэцаран политика хийцаре а кхайкхира.