Европехь маьждигаш дар цхьаццаболчу политикаша а, расистийн хьежамаш болчу юкъараллин жигархоша а гамонца дийцаре дахь а, кху деношкахь Берлинехь схьабиллинчу гайтамо довзуьйту немцойн коьртачу шахьаран бахархошна маьждигаш – уьш шайн исбаьхьаллица милла а цецвоккхуш йолчу арихитектуран тоьшаллаш хилар.
Германехь карарчу хенахь 2600 ламазан чоь а, 200 сов бакъдолу маьждиг а ду, шайн момсараш а йолуш, моллала кхойкхуш имамаш а болуш. 11 миллион сов вахархо волчу Москох 3 бен маьждиг ца хиларца а, цигара Iедалш керла маьждигаш дан сихлуш ца хиларца а дуьстича, и терахь вуно лакхара хетало. Амма меттигерчу бусулбанийн Германерчу маьждигийн терахь кхин а алсам даккха Iалашо ю.
Маьждигаш меттигерчу юкъараллехь цхьабосса резахиларца тIеоьцуш дацахь а, уьш вуно исбаьхьа, хаза дуйла хоуьйтуш гайтам схьабиллина кху деношкахь Берлинехь.
Цу гайтамехь дан а доцуш маьждиг дац, Азера Европе кхаччалц, цхьанатоьхначу Штаташкара СаIудийн махка кхаччалц. Географин шоралле хьаьжжина йоккха тайп-тайпаналла ю маьждигийн кепашкахь а, церан архитектуран хотIашкахь а, башхаллашкахь а.
Масала, дуьненчохь уггаре а даккхийчех ларалуш ду Пакистанерчу Исламабадера "Фейсал" маьждиг. Туркойн архитекторо Далокай Ведатас дина ду иза. Цо ша дийцарехь, маьждиг дан луучарна юккъехь Пакистанан Iедалша конкурс кхайкхичйа, цо уггаре а хьалха КъурIан юх-юха а доьшуш, цу чохь маьждигех лаьцна муха яздо теллира.
„30-азза хьахийна ду КъурIанчохь маьждигаш, амма билгал уьш муха хила деза я ца деза бохург къастийна дац“, дуьйцура Долакайс, шен проекто хьалхара меттиг яьккхинчул тIаьхьа. Цундела цо модерн хьесапехь инзаре доккхачу бедуинийн четарх терра дира шен маьждиг. Таханналц схьа доллучу дуьнентIера туристаш цецбохуш лаьтта иза.
Берлинерчу Схьайиллинчу университетан архитектуран факультетан студенташ, шайна юккъехь Нохчийчуьра мухIажир Завгаева Малика а йолуш, бигира университетан куьйгалхоша цу гайтаме, маьждигийн архитектуран башхаллаш мел яккхий ю хинболчу гIишлошкхоллархошна гайта.
Шена цу гайтамо бина тIеIаткъамаш иштта бийцира Маршо Радионе нохчийн йоIа.
Завгаева: „Суна цига кхаччалц ца хаьара, маьждигаш иштта тайп-тайпана хуьлий, суна-м массо а маьждиг цхьатерра хуьлу моьттура, горга тхевнаш а долуш, лекха момсараш а йолуш. Церан архитектуран башхаллаш талла дигинера тхо цига. Iаламат хаза дара уьш, дагахь а доцу кепаш а йолуш. Цхьаъ туьканчохь дина дара, важа цхьана четаран вастехь дина дара“.
Маликас хьахийна долу туьканчура маьждиг – иза Нидерландашкахь масех шо хьалха схьадиллина хилларг ду. ХIетахь Садум ТIарик цIе йолчу бусулбачу архитекторна дагадеанера иза, цхьана меттигерчу Albert Heijn туьканийн машанан логотипехь масех элп яздаран кеп Iарбийн маттахь „АллахI“ дош яздарх тера шена хетаделча. Дукха хан ялале цо кхоьллира хIинца Берлинерчу гайтамехь тидаме диллинчех цхьаъ долу и башха маьждиг.
Завгаева Маликас дуьйцу, Соьлжа-гIалара маьждиг хир дацара теша цу гайтаман эскпонаташна юкъахь аьлла, сатесинера ша, бохуш. Амма иза, къоначу архитекторна халахеташ делахь а, цунна цигахь ца карийра.
Завгаева: „Макеташца йина а, сурташца я видеошца гойтуш а дара цигара маьждигаш. Вайн гIаларниг хир дацара теша царна юккъехь бохуш, безам хеташ, юха кхин а сайца баьхкинчу немцойн студенташна хьалха дозалла дан лууш а лехнера ас иза, амма иза цигахь дацара. Ткъа цигахь хиллачарна юккъехь уггаре а хазаниг Кёльнехь деш долу маьждиг дара. И маьждигаш гичахьана сайн дипломан болх маьждигийн архитектурах лаьцна язбинехь хIун дара теша, бохуш, ойла еш ю со“.
Гайтаме баханчарна ган йиш ю Iарбийн маьждигаш даран башхаллаш, аьр вай, туркойн махкахь дечарех хазанесанна къаьсташ хилар а, ткъа и ший а кеп Азера пачхьалкхашкахь дечу маьждигех цхьа хьаса а тер ца хилар а.
Дуьненан массо а маьIIехь деш долу маьждигаш бен-бен ду, кху лаьттахь бехаш болу бусулбанаш шаьш а тайп-тайпана ма-хиллара. Амма церан цхьа юкъара амат ду - уьш дерраш а Далла Iамал ян кхуллуш долу Делан цIенош ду, исбаьхьаллийца „хьол со тоьлу“ аьлла хоьтуьйтуш долу.