Реформа ян тарло Европан кхелехь

Евробертан байракх



„2004-чу шеран Товбецан-беттан доьалгIачохь, буса, оьрсийн федералан ницкъаллин структурийн векалша, кхаа гIагIадиллинчуй, „УАЗ-ий“ машенаш тIехь баьхкина болчу, низамца доцуш лаца а лаьцна, дIабигира Илаев Макшарипан воI Инверрий, Илаев Асланан воI Iадланний, Батаев Зияудин воI Казбеккий. ХIетахь дуьйна уьш лар йоцуш байна бу. ТIехьа-МартантIерачу прокуратурано и бахьана долуш схьадиллина хилла бехк-талламан гIуллакх цхьа а жамI доцуш дисина...“

„Яхаев Русланбек чохь волу цуьнан накъостийн машен 2001-чу шеран ГIадужу-беттан пхоьалгIачохь „Рошни“ хана уллехула тIехйолуш оьрсийн эскархоша савцийра, кехаташ таллархьама, аьлла. Эскархоша машенлелорхо ара а ваьккхина, цунна етта йолийра. Русланбек цу стагана тIехIотта гIоьртинера, амма эскархоша цунна а етта йолийра. Цул тIаьхьа цара и ший а стаг, БТР тIе а хаийна, Хьалха-Мартан агIор дIавигира. ХIетахь дуьйна церан лараш яйна ю...“

„2004-чу шенран Охан-беттан бархIалгIачохь ши тIеман кема Ригахой юьртана тIе бомбанаш етта доладелира. 20-30 минотехь йиттира цара уьш. Думаев Имар-Iела бомбанаш етташ а хезна, ведда шен цIавахча, цунна шен хIусам йохийна карийра. Цу херцаршна юккъехь цунна гира йийна Iуьллу шен хIусамнана Цинцаева Майдат а, шен жима 5 бер а: Жарадаттий, Жанетий, Iумар-Хьаьжий, Зураъий, Зараъий. Цу хьокъехь оьрсийн прокуратурано бина хилла талламаш жамI доцуш бисира...“

И йозанаш дерраш а Страсбургерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамашна юкъара ду. Цу кхело хIинцалц схьа теллиначу 196 Нохчийчуьрчу бахархойн оьрсийн Iедало а, оьрсийн эскархоша а шайца лелийначу къизалашна а, харцонашна а бинчу леткъамех цхьа дакъа ду уьш. Цу массо а латкъамашкахь Европерчу кхело Iедал а, эскархой а къизаллийна а, низамаш дохорна а, таIзарш лелорна а бехке а беш, Нохчийчоьнан бахархой, бехк боцуш гIело лайнарш а лоруш, сацамаш тIеэцна, Оьрсийчоьнан Iедална латкъамхошна я церан дийна бисинчу гергарчаьрна иттанаш эзарнашкахь гIуданаш такхар тIе а дожош.

Кхин а 200 гергга Нохчийчуьрчу бахархойн леткъамаш бу Европан кхелехь, шайн рагI тIекхачаре хьоьжуш, Iоьхкуш. Царех цхьаццадерш шерашкахь ду цу хьукматехь. Бахьана – Кхелан белхахой сел дукхачу латкъамашца лара ца бар а, церан, цу белхахойн, терахь тоххара алсамдаккха дезаш хилар а ду.

Еврокхеле латкъам бинчарех ю карарчу хенахь Австрехь еха Заурбекова Малика а. Яхначу аьхка долийна кхело шайн кехаташ талла, бохуш дуьйцу цо.

Заурбекова: „Тхан ваша 2004-чу шарахь, БТРашца схьа а баьхкина, оьрсийн эскархоша, вижина Iуьллучура, меттара гIаттийна дIавигира, тхо массо а тIедетталушшехь. ХIетахь дуьйна карош вац иза. Кхо шо хьалха Страсбургерчу кхеле кехаташ чу делира оха. ХIинца аьхка кехат деъна тхоьга, тхан ваша дIавигар шаьш талла долош ду, аьлла. ХIинца цара цхьа нийсо йийр яц теша, бохуш, сатуьйсуш ду тхо“.

Кху деношкахь шен болх дIаболийначу Страсбургерчу кхелан керлачу куьйгалхочуьнца дуккхаъчу тергамхоша бузу кхелан балха тIехь эххар а хийцамаш а, дикачу агIор реформаш а йийр ю боху сатийсамаш. И керла куьйгалхо Люксембурган вахархо Шпильман Дик ву.

Аналисташна хетарехь, цунна тIехь дерг атта дукъ дац. ХIунда аьлча, цкъа делахь, шерашкахь дуьйна кхелахойн а, церан гIоьнчийн терахь а кIезиг хиларо эвсаралла лахйо кхелан а. ШозлагIа делахь, и эвсаралла башха лакхаялахьара аьлла сатесна Европан Кхеташонна юкъа йогIу цхьаццайолу пачхьалкхаш а яц, мелхо а, цу кхело шайн бахархошна бен тIеIаткъам лахбаре сатуьйсуш ю царех цхьамогIа.

Карарчу хенахь Европан Кхеташонна юкъайогIушчу муьлххачу а пачхьалкхарчу вахархочун, нагахь санна даймахкахь шен бакъонаш йохийна аьлла цунна хетахь, бакъо ю Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле латкъам бан.

Дахначу шарахь и леткъамаш 65 000 сов бара. Ткъа кхелахойн терахь 47 стаге бен ца кхочу. Тамаша а бац цундела, уьш латкъамийн хIурдаца ларош ца хилар.
Уггаре а дукха латкъамаш карарчу хенахь Оьрсийчуьра кхочуш Европан кхеле. Цу латкъамийн доккха цхьа дакъа Нохчийчуьра кхочуш ду, амма иштта йоллучу Оьрсийчохь я полисхойн харцонаша, я Iедалийн бюрократин системано, я кхечу гIелонаша Iовжийнарш а кIезиг бац царна юкъахь.

Леткъамийн терахьашца Оьрсийчоьнна тIаьхьахIоьттина йогIу
ш ю Румыни а, Итали а, Туркойчоь а. Цу белхашца ларорхьама кеста кхелахойн а, церан гIоьнчийн а терахь алсамдаккхар дийцаре дийр ду керлачу куьйгалхочо.

Цо иштта юкъадаккха мега, иштаъ-вуьштаъ цу кхело дукхахьолехь тидаме ца оьцуш я ца толлуш, - шен компетенцина юккъе догIуш ца хиларна, - дуьсучу гIулакхийн цхьа ша-башха фильтраци яр а. Кхелан бюджет алсамъяккхар а ду иштта мехалачех кхин цхьа хаттар..