Дуьне "доьхначул" тIаьхьа...

Серби -- Лаьмнашкарчу Ртанж-юртара вахархо ву дуьне дохарх кIелхьара даккхар деза суьрташца Деле доьхуш, 21ГIу2012

Дуьне кху беттан 21-чу дийнахь духуш хиларх тешна дуккха а нах бара Европехь. Мел беламе делахь а, цераш доьзалшна хаъал зе хилла оцу эладитанах - цара баларх Iалашбала хаьржинчу меттигашка шарахь дIагулбинера, беза мах а луш, кхача а, хьехашкахь оьшу серлонан, йовхонан сурсаташ а. ХIинца и рицкъа а, гIирс а совбаьлла царна.


ГIуран-беттан ткъе хьалхарчохь дуьне духур ду аьлла уншарахь баьхначу майа къоманшайхаша, бохуш, кхерамаш доллчу дуьнентIехь а баржош бара хIара шо доладелчахьана.

Цкъа хьалха дукхахболчу наха беламе санна тIеоьцуш хилла и хаам, хан мел йолу а, цхьа баккъал а цунах цхьа тешаме хьоста а дина, ур-аталла, дуьненчохь цкъа а майа къам дехаш хиллий а ца хиинчу наха а де дийне мел долу лакхаболучу кхерамца ладегIа долийра цу дийне.

Европа мел ю шайн хIусамашна уллохь я царна бухахь тоьланаш а йохуш, цу чохь дийна биса дагахь, вуно дукха сурсаташ а, еххачу хенахь ца телхаш долу гIуткхаш чуьра даарш а, кIа а, сирникаш а, чIурамаш а, керосин а, - йоллу чалх вовшахтоьхнера цара, цу доккхачу дийне ладоьгIуш.

Кепек йолуш йолу хIума сема лардеш хуьлу Голливуд а мичахь Iийр яра цу кепара санечу темина юьстаха?! Сихонца яхайолийра цу дийнах лаьцна кинош а. Царех уггаре а кхиамечу „20I2“ цIе йолчу кинолентана бIеннаш эзарнаш нах кинотеатрашка бигира, схьахетарехь, цу чохь ган сатуьсучух тера дара цара, массо а лечу дийнахь дийна муха виса веза бохучу хаттарна жоп.

Бусулба я керста динехь цхьанна а хаа йиш йолуш дац дуьне маца духу, Дела воцучунна, бохуш чIагIдеш делахь а, амма цу полах тешаш болчу нехан терахь инзаре лакхара хиллера.

Исс шо долу Мохьмад Австерчу ишколехь доьшуш ву. Шен доттагIий-австрихой чIогIа тешна бара, бохуш, дуьйцу цо, дуьне духур ду бохучух. ГIуран-беттан ткъолгIачохь шаьш школера цIадоьлхуш, вай кхин гур дац, бохуш, доьлхуш дара боху цхьаццадолу бераш, хьекъал доцучу баккхийчеран дийцарша инзардаьхна долу.

11 шо долу Амина а ю Венехь школе лелаш. Шайн классера бераш-м кхин башха тешаш а дацара цу дийцарех, боху цо, мелхо а, тешачарех кхаьрда а кхаьрдаш, беламе дийцарш а кхуллуш, лелаш бара дукхахберш.

Цу шина беран дийцаршка ладоьгIуш, ойла кхоллало, деллахь, исс-итт шо долчу берашкахь долчул а хьекъал дац-кх цхьаболчу баккхийичаьргахь, олий. ХIун ю ца хуу „тати-гота“ схьа а лаьцна, цунах цхьа шайхалла а дина, дийна цхьана шарахь шайна а, шайн берашна а боккха сингаттам а, хорам а латтош, цу тIехула тIе дакхий зенаш а деш, муха лелар ву шех хIомо сапиенс, вуьшта аьлча, „кхетам болу адам“ олуш верг?

ХIетте а и саннарш дуьнентIехь миллионашкахь хилла.
Ткъа кху деношкахь шаьш йинчу тоьлашкара хьалабийлина болу дуьне дохарх тешаш хилла европахой, хIинца шаьш дийнна шарахь ийдеш, IаIийна хилла сурсаташ дIадухкуш бу. Интернет яьккхина цара механа йораха дIасаюхкучу консервех лаьцна бечу хаамаша.