Your browser doesn’t support HTML5
Апартеид, расизм –ширделла, довш лаьтта ламасташ. Ца яло тахана царна тIехь политика.
Амма еха юкъараллашкахь царел кхин тоьлла а йоцу кепаш – национализм, динаш емалдар.
Цкъа - цхьаьнхьа, тIаккха – вукхунхьа, цхьа адамаш кхечарел оьшуш ду, царех вайн мохк Iалашбан беза, церан дин кхераме ду, олий, харжамхойн кхаьжнаш лехьо буьйлало хIинца политикаш.
Адаман бакъо язъечу Европера сурт: Окамура Томио, Чехерчу «Маршо а, шуьйра демократи а» (Svoboda a přímá demokracie) боламан лидер. Иттех де даьлча шен фракцица цхьана мехкан парламенте кхача а, цигахь алссам дакъа караэца а сахьт доцуш, харжамхошлахь рейтинг йолчу оцу националисто кху муьрехь тIетаьIIина емалбо мигранташ, бусалба дин.
Цо а, Чехин парламенте кхийдачу массо а альча санна партийн векалша а боху нахе, шайх аш депутаташ дахь, шаьш дIакъовлур ду арара чуоьхучу нахах пачхьалкхан кевнаш.
Ткъа Окамура кхечарел а совваьлла – «ХIан-хIа – исламна, хIан-хIа – терроризмна» аьлла бу Прага а, массо а яккхий гIаланаш а дIалаьцна кху деношкахь кхозучу лозунгаш тIера кхайкхам.
Цхьайолчу прессо билгал ма даккхара, мигранташна духьало латторца Чехи ишта а ю Европан Бертан амалера яьлла пачхьалкх. 12 мухIажир бен чу ца витина цо 20I15-чу шарахь дуьйна схьа, кхин цхьа а тIеоьцур вац ша, боху.
Ала дашна, 24 миллиард доллар ду Европан Берто Чехина цо 2014-2020 шерашкахь тIеэца вогIу 1600 мухIажир дIатарван къастийна.
Цундела яц Чехехь мухIажиршца проблема, яц уьш цигахь бан а бацарна. Амма махкарчу 56 процент бахархоша аьлла, боху социологаша-статисташа, шайна ца тов Европе кхайкхаза богIий, охьахуьйшу хьеший.
Окамура Томио а, цуьнан «Маршо а, шуьйра демократи а» болам цхьалха бац шен лехамашкахь. Оццу лозунгашца яхара президентан харжамашка цхьайолу партеш-кандидаташ стохка Францехь – «Къоман фронт», лидер Марин Ле Пен, кхушара Германехь – «Германин альтернатива», хьалханчаш - Петри Фрауке, Гауланд Александер.
Стохка, масала, президентан дарж къовсуш, 6 кандидатах толам боккхучу биста кхаччалц кхаьжнаш лахьийра ультра-аьрро хьежамаш болчу, мухIажирш нажжаз бечу «Австрин маршонан партин» лидеро Хофер Норберта. Конституцин кхел юкъайоьлча бен а ца къастаделира президентан гIант харжамхойн доккхахчу декъо либералан мехаллашкахьа волчу Ван дер Беллен Александре деллийла.
МухIажиршна духьаллаьттачу Европерчу партийн, боламийн – бен-башха а дац уьш муьлхачу махкахь хьийза – риторика цхьаъ ю. Къаьмнаш доькъуш, вовшашца гамдеш, цуьнца цхьаьна, емалбечу нехан динах харжамхой а кхерош.
Ткъа массанхьа а санна емалбен «кхайкхаза хьеший», къайле яц, Малхбалерчу Iаьрбийн мехкашкара, Азера я Оьрсийчуьра бусалбанаш бу.
Уьш махкара арабовла беза, пачхьалкхо жигараяккха еза репрессийн аппарат"
Масала, «Германин альтернатива» партерчу, ткъа шо хьалха цигахь ваха охьахиинчу оьрсийчо Чернов Сергейс – иза а вара кху гурахь Бундестаге кхача меттиг къовсуш – иштта далхадо YouTube- хула Германе мухIажирш, цхьана декъанна нохчий а, баржар.
Чернов: "Исламизацина дуьхьал бу тхан болам. Ас дикка бала лайна нохчийн и яккхий эксцессаш бахьанехь сайн цIахь Ленинградехь» цигара со схьавалале. Церан де-факто маршо яра, уьш герзашца лелара Ленинграде, рэкет лелайора, бухара нах хьийзабора, иштта хьийзайора ерриг а пачхьалкх.
ХIинца кхуза а баьржина уьш а, кхиболу бусалбанаш а – цхьа миллион ах миллион легалехь боцу мигранташ, доккхачу декъанна, Африкера бусалбанаш. Тхоьга хаьттича, уьш хийра элементаш ю кху пачхьалкхехь, яккхийн проблемаш а кхуллу цара.
Уьш махкара арабовла беза, пачхьалкхо жигараяккха еза репрессийн аппарат".
Муха го мухIажирийн проблемашца а, церан динах а политикан мукъ а бина, Iедале гIертачу националистийн хьийзар церан оппоненташна?
Прагехь 13 шо ду Белорусера орамаш долу Рудак Ольга еха. Дегабаамаш лайна хьалхарчу шерашкахь, ша чехашна хийра хетарна, амма мотт а 1амийна, Прагерчу Карловн универститетехь юридикан факультет а яьккхина, адвокатан болх бан йолаелча, ша а юьйлира шех меттигара нах а буьйлира, боху цо.
Ольга интернационалист ю кхетамца. Шина бахьанийца го цунна Европерчу мухIажиршний, меттигерчу националисташний юкъахь цабезам лелар.
Цхьана агIор, мигранташ, къаьсттина бусалба къаьмнех берш, ца гIерта интеграцехьа, оцо шайгара къоман башхалла дIайоккху аьлла хета царна.
Эмиграци иштта дIа юлуш яц керлачу дахарх, мотт ца хиича..."
Вукху агIор, европахойндекъанна ца лаьа шайн мехкашка керла, девзаш доцу ламасташ кхочийла. Популисташа, Iедале кхачархьама, пайда оьцу оцу контрастах, дуьйцу Рудак Ольгас.
Рудак: "Вуно дукха чехаш-кегийрхой бу неонацизман хьу кхетта, цара шемахой лоьхку багахь кхузара. Чехина иза проблема а йоццушехь. МухIажирш кхузахь вуно кIезиг бу, берш а – мехкан переферияхь, уьш Праге кхача а ца кхаьчна, гуш а бац кхузахь.
Амма прессо пиар латтайо, неонацисташ интернетехь жигара хьийза, оьгIазе пропаганда ю лелош. ДIагIо, бохуш.
Ткъа иза дойла дац низамаш ца хийцича, конфликт кIарг ца йига, цундела дарбеш бу европахой. Муха дийр ду иза? Новкъа бу дуьненаюкъара бертан сацамаш. Уьш талхабахь, кхеташ ду, Европа юьхьIаьржа хIуттур ю. Цундела мухIажирш массарел а цIармат нах бу бохуш, адам ду царна дуьхьалдоккхуш.
Суна яц кху махкахь проблема, цхьана а кепара. Эмиграци иштта дIа юлуш яц керлачу дахарх, мотт ца хиича, бевзаш-безаш кхузахь нах ца хилча, хьуо хьайна юкъараллин дакъа хеташ ца хилча. Цу тIехь ас сайца бина болх".
Нохчашна дикка дакъа кхочу Европерчу мухIажиршлахь. Дукха мехкашкахь балхабо уьш прессо бахьана долуш а, доцуш а.
Кхечу кепара хуьлу юкъаметтигаш, хьо муьлххачу а хьукмате вахча, ахь «чIарр»-аьлла мотт бийцахь! "
Австрин коьртачу шахьарахь Венехь 12 шо ду Казбек веха. Цуьнан шен яц я интерграцица а, я ламасташца йоьзна а проблемаш. Казбекна ца хета ша бахьанехь хIуьтту Венехь я Парижехь, Берлинехь я Прагехь популистийн-националистийн гуламаш аьлла.
Казбек: "Австрехь цкъа а ца йина теракт. Бакъду, Австрера дIа а оьхуш, ДАIИШ-е хIиттина дукха нах бу. Бакъдерг бакъ ду. Амма цара юха а баьхкина, зуламаш ца дина. Уьш дIабахна, Шемахь, Иракъехь хилар бахьана долуш, юхабахкарна кхоьруш, кхуллу вон цIе нохчашна тIе.
Дукхахдерг, дарже кхачархьама а кхуллу цхьаболчу Австрин политикаша бусалбанашна тIе вон цIе.
Со хилла митингашкахь, Штрахен (политик, «Австрин маршонан партин» лидер – М.Р.) митингашкахь а хилла со. Австрийхо суо хилча, ас а тосур бара цунна кхаж, баккъал а шен къам а дезаш до цо къамелаш – бусалбанаш емалбар дIадаьккхичхьана!
Цо балхораш мисканаш бу, тIаьххьарчу хенахь нохчашна лен воьлла иза. Нохчийн цIе бренд хилла лела – Шемахь а хьалхабевлла лелаш ма буй царех нах.
Ца тов суна вайх цхьаберш кхузахь галбевлла лелаш. Хьоьга кхузахь цхьана кепара ца боху хьайн къоман амал йита, дин лело, мотт Iалашбан гIо а тIехь до. Низам дохош ца хилчхьана, дерриг а ду хьуна.
Лаха хьайна болх, Iамабе мотт! Кхечу кепара хуьлу юкъаметтигаш, хьо муьлххачу а хьукмате вахча, ахь «чIарр»-аьлла мотт бийцахь! 10-15 шераш кхузахь дохуш мотт Iамийна хила безара, тIаккха зен а, зулам а доцуш, вехар ву аьлла хета-кх суна".
Прагерчу Рудак Ольгина а, Венерчу Казбекна а хетарехь, цхьа некъ бу мигранташна националистийн, Прагерчу Окамуро Томион я Австрерчу Штрахе Хайц-Кристианан карара мухIажиршна а, исламна а дуьхьал цара айийнча пропаганда йижон – интеграци. Аьлча а, бухарчу къаьмнашца гергарло лахар, церан меттанаш Iамор, пачхьалкхерчу низамашна муьтIахь хилар.