Шайн махкара берийн хьуьжарш талла бохку австрихой

Бусалба динехь болчу радикалаша берашна бечу тIеIаткъамах дийцарш керлачу гоне девлла Европехь. Масала, Австрехь Iедало талла йолор ю маьждигашкара хьуьжарш, цигахь бершана хIу Iамадо хьожуш.


Гергарчу хьесапехь 300 ду Австрехь. Царех 200 сов меттигерчу бусалбанийн официалечу хьукмато, шех Австрерчу бусалба динан цхьаьнакхетаралла, я немцойн маттахь GGOE цхьаьнакхетаралло доладеш ду.

Кхин дIадерш цхьацца кегийчу юкъараллаша я тобанаша, цу IGGOE-ца цхьаьнаболх бан ца луучу я динах болу кхетамаш шайн цхьа къаьстинчу кепара болчу, лелош ду. ХIора а аьлча санна маьждигехь я яккхийчу ламазан чоьнашкахь шайн-шайн хьуьжарш я хьуьжарийн тайпанаш ду, берашна КъурIан деша а, динан баххаш а Iамош долу.

Цу хьуьжаршна а, цига оьхучу берашна а хьоьхуш долчунна а тIебахийтина хIинца Австрерчу юкъаралло а, политикаша а шайн
тидам. Бахьана – цу хьуьжаршкахь бусалба берашна билгал муьлха
мехаллаш Iамош ю хууш Iедалан агIор цхьа а ца хилар, цигахь кегийчу
берашна пачхьалкхца а, цу пачхьалкхан баххашца а, масала, демократица а, адамийн бакъонашца а, зудчуьн, боршачу стеган цхьатерра бакъонаш
хиларца а гамо Iамайо боху шеконаш кхоллаялар ду.

И шеконаш йийцаре меттигерчу политикаша а, цхьамогIа хаамийн гIирсаша а, бусалба динах болчу тергамхоша а бутт хьалха яха йолийра, БИБЕР цIе йолчу журналехь цхьана бусалба интернатехь ур-атталла 5-6 шо долчу кегийчу зудберашна а корта хIума ца тиллича ца магдо, цигахь лелаш долу Iадаташ сектехь санна долу Iадаташ ду, берашна цигахь пачхьалкхаца а, юкъараллица а херо лелон Iамадо бохуш йоккха артикл зорбане яьллачул тIаьхьа.

Цу артиклан лорах меттигерчу консервативечу а, аьтто-популистечу а партеша парламентхойн хеттамаш хьажийра урхаллин векалшка, хIун чулацамаш бу Австрерчу бусалбачу интернаташкахь а, хьуьжаршкахь а берашна хьоьхуш берш, аьлла.

Венерчу университетехь бусалба динан хьехархой Iамош волчу профессорна Эднан Асланна хетарехь, 35 эзар бусалба бер хир ду гергарчу хьесапехь йоллучу Австрехь кегийчу а, даккхийчу а маьждигашкахь ехкинчу хьуьжаршкахь КъурIан а, динан баххаш а Iамош. Царех цхьаъ Венерчу Флоридсдорф кIоштахь долчу доккхачу маьждиге, шех кхин а Исламан Центр олучу, оьхуш волу Джукалаев Мохьмад ву.

Цу 15 шо долчу кIентан нанас Хадижата Маршо Радиога дийцарехь, цуьнан кIантана хьуьжарехь Iамийна дика хIума бен цхьа а зенехь хIума дац. И кIант цига ихарх доккха беркат даьлла шайн доьзална бохуш чIагIдо цо.
Джукалаева: „КIант хьуьжаре вахар бахьана долуш суна а, тхан
доьзална а доккха беркат даьлла. Цу кIентан, массо а психологша а,
Iилманчаша а дийцарехь, уггаре а чолхе шераш ду, ткъа иза хьуьжарехь
доьшуш хиларна суна иза чуьра араваьлча мичахь ву а, хIун лелош ву а
хаьа. Цунна цигахь нийса таджвидаца КъурIан деша а Iамийна. Деца-ненацадика хила Iамадо цунна цигахь, арахь нахаца дика хила Iамадо.

Хьуьжарехь и саннарг бен кхин хIун во хIума Iамор ду суна-м ца хаьа“.


Ала догIу, Австрера хьуьжарийн а, маьждигийн а болх меттигерчу динан
маршонех долчу низамца цхьаьнабогIуш хилар. Цигахь бусалбачу берашна дин Iамор а, бераша цигахь шайн мукъа хан яккхар а цу кепара цхьанна агIорибакъонца догIуш доцуш дац.

Бакъду, тергамхоша, шайна юккъехь вевзаш волу социолог Гюнгор Кенан а волуш, шайн тидам тIебохуьйтуш дерг ду, берашна КъурIан а, кхин долу динца доьзна хаарш а хьоьхуш болу имамаш доккхачу декъахь я педагогикин баххаш девзаш а, я мегарг немцойн мотт хууш а ца хилар ду.


Шен рогIехь Австрерчу бусалбанийн официалечу хьукмато, шех Бусалба
динан цхьаьнакхетаралла, я IGGOE олуш йолчу, меттигерчу Курьер газетица шен цу хьокъехь хиллачу къамелехь билгалдаьккхина, тIебогIучу
стигалкъекъа баттахь лерина цу хьуьжаршкахь хьоьхучун чулацам цхьаьна
кепе балорхьама Iелимнехан конференци вовшахтухур йолуш ю, аьлла.

„Цул тIаьхьа массо а маьждигашка охьа дIасатоссур ду цигахь хьоьхучу
чулацамийн критереш ягарйина йолу каталог. ХIунда аьлча тхуна чIогIа
мехал ду маьждигашкахь берашна толеранталла а, дуьненна схьаделладелла хилар а, адамашна пайдехьа хилар а хьехар“, - элира журналисташка цу хьукматан вице-президент волчу Мемич Эсада.