Нохчийчохь Iедалша къам дохийна де шайн лаамца бIаьстенга теттинехь а, цу Iедалан куьйга кIелахь боцурш, хьалха санна, Чиллан беттан ткъе кхозлагIчохь арабевлира къам дохор дагалаца. Европерчу яккхий гIаланашкахь бехачу вайнехан мухIажарша митингаш дIаяьхьира, Оьрсийчоьно къам дIадохор а, цу бохамехь белларш а дагалоцуш.
Берлин, Копенгаген, Вена, Париж, Брюссель, Страсбург, иштта дIа кхин а - беха бу хIора шарахь Чиллан беттан 23-чохь бIеннашкахь вайнехан мухIажираш урамашка бовлучу гIаланийн цIерийн могIа. Цу дийнахь Европехь дагалоьцу 1944-чу шеран Iай нохчийн къам, мотт ца луьйчу берана тIера гIораcиз къаношна тIе кхаччалц, советийн Iедалша дохийна, махках даккхар.
Цу инзаречу бохамехь байъинарш а, мацалла а, милла а белларш а, Даймахке сатуьйсуш, генарчу Сибрехахь лаьтте бирзинарш а дагалоьцу Европерчу гIаланашкахь митингашка арабевллачара. Царна юккъехь бара Берлинера нохчийн бахархой. Иштта цаьрца цхьана арабевллера Германехь беха гуьржий а, туркой а, чергазий а. Немцойн коьртачу гIалин юккъехь, Бранденбургийн Кевнаш цIе йолчу майданахь гулбеллера уьш делкъана сахьт даьлча.
Гуламхоша кхайкхамаш бира Оьрсийчоь ша нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнашна тIехь геноцид йина хиларна къера хиларе. Иштта, чергазийн а, кхин дIадолчу а Къилбаседа Кавказерчу къаьмнашна тIехь Оьрсийн пачхьалкхо колонизацин некъехь геноцид йина хиларна даре де, аьлла а.
Гулбеллачара иштта емал дира, дийнна къаьмнаш шайн мехкех даьхна а ца Iаш, уьш хIаллакдина, лар йоцуш дIадаьхначу меттигашкахь Оьрсийчоьно Олимпиада ян лерина хилар а. Берлинерчу митинган декъашхочо Рахьмана дийцира, муха дIабахара цигахь гулам.
Рахьман: "Берлинехь, Брандербургийн Кевнашкахь дIагулделла, Францойн майдана дIадахара тхо гуламехь. Цигахь немцойн маттахь динчу къамелашкахь дIахазийра вайнаха лайна баланаш. Оха депортаци а йийцира, цул тIаьхьа Iедалша къомана тIехь латтийна гIело а йийцира, Путин а хьехийра, цо къомаца бина тIемаш а хьехийра. Арахецна кехаташ а дара оцу массо а хIуман хьокъехь, уьш а даржийра. Дицдойла дац къомо лайнарг. Иза вайнахалахь, кегийчара а, баккхийчара а, кхетадо Германехь".
Страсбургерчу „Машар а, адамийн бакъонаш а“ цIе йолчу ассоциацин куьйгалхочун Ибрагимов Саид – Эминан боламца цу гIаларчу оьрсийн векалтна хьалхахь гулбеллера Францехь беха вайнах.
ТIаьххьарчу пхийттех шарахь дуьненаюкъарчу институцешкахь вайнахана тIехь оьрсийн Iедалхоша латточу къизаллина официалан декъехь мах хадабайтарехь къуьйсуш волчу Ибрагимовс довзийтира гулбеллачарна нийсcа кхузткъе бархI шо хьалха, сел луьра беъначу Чиллан баттахь вайнехан бIеннаш эзарнашка кхаьчначу балех а, цу балин жоьпалла Оьрсийчоьно цкъа а шена тIеэцна цахилар а, я эца дагахь цахилар а.
Иштта, цо билгалдаьккхира, нохчашна тIехь 1944-чу шарахь оьрсийн пачхьалкхо хIоттийна хилла геноцид а, и къизалла а оьрсийн, нохчийн къаьмнийн исторехь дуьххьарлера а я, карарчу тIемаша гойтуш ма-хиллара, тIаьхьарлераниг а цахилар а.
Цундела хIора а гIаж таккхол волу нохчо а шен бакъонаш къийса Iама веза, аьлла хета адамийн бакъонашларъярхочунна, низама тIе а тевжаш, цкъа а гIел а ца луш, цкъа а дог а ца дуьллуш, дуьненаюкъарчу институцешкахь хаддаза нохчашна т1ехь хIиттийначу а, латточу а геноцидан гIуллакх дийца а деза.
Венехь Шварценбергерплатц цIе йолчу майданахь Оьрсийн Салтичунна хIоттийначу хIолламна хьалхахь гулбеллера Австрера вайнах. Цигахь бистхиллачу меттигерчу нохчийн диаспорин хьалхарчаша а, мухIажирша а дагалецира вайнах дIабохор а, Сибрех баьхьначу новкъахь къиза байъина а, белла а болу махкахой а, нохчийн махка дуьххьара оьрсийн империн салтичун лар кхаьчначу дийнахь дуьйна схьа цкъа а ца хедаш йолчу гIелонан, къизаллин къаьхьа агIонаш а. Гулбеллачарна юкъахь бара гоьбевлла адамийн бакъонашларъярхой а, юкъараллин жигархой а.
Иштта ала догIу, Европан гIаланашкахь хилла ца Iаш, интернет-машанехь а махкал арахьа бехачу вайнаха къам дIадохор дагалоьцуш акцеш дIаяьхьина хилар. Иштта, масех шо хьалха „Тептар“ цIе йолчу литературана леринчу сайта тIехь кегийрхоша д1акхайкхийнера цхьа лерина акци. ХIора шеран Чиллан беттан 23-чохь кегийрхоша шаьш бол-болучохь Iаьржачу тIийригна тIе "23. 2.1944" аьлла йоза а яздина, и тIийриг пхьаьрсах йихкина лелор йолуш.
И акци кхоьллина долу „Тептар“ журнал дIакъовладеллехь а, ша и башха болам кхидIа а беха. ХIетахь дуьйна бIеннашкахь нохчийн кегийрхоша дакъалаьцна цу акцехь. Москохахь а, Берлинехь а, Ослохь а, Парижехь а кху деношкахь ган йиш ю пхьаьрсахь Iаьржа тIийригаш йихкина болу нохчийн кегийрхой.
Дукхачарна, халахеташ делахь а, ца хаьа, Чиллан беттан 23-гIа де Дуьненаюкъара Нохчийчоьнан Де дIакхайкхина дуйла. Масех шо хьалха, Европарламентехь нохчийн къам дIадохор геноцидан акт яра аьлла официалан сацам тIеэцарца, и де хIора шарахь доллучу дуьнентIехь а Нохчийчоьнан де лара сацам бина.
Адамийн иэс шена луъ-луучу агIор дIасахьийзон йиш йолуш долчуха, Нохчийчохь, бозбуанчаллин ницкъаца санна, къам Сибрех дIадохоран де Iедалша оьрсийн куьйгаллина а, оьрсийн эскарна а болчу томана бIаьстенга дIатеттинехь а, доллучу а цивилизацин дуьнено Чиллан беттан 23-гIаде World Chechnya Day, олий, билгалдоккхуш ду.