Евро Бертан кхеллан хьиджабах керла сацам

Белги - Европан Бертан байракх

ТАСС агенталло бечу хаамца, Евро Бертан бинчу сацамца, белхийн долахойн бакъо хир ю белхалошна балха тIехь хьиджаб лелор дехка. “Балхара низамаша белхан меттигийн чоьнашкахь политикан а, динан а, идеологин а билгалонаш лело дехкар дац дискриминаци яр,” билгалдоккху тахана зорбане баьккхинчу сацамо.