Нохчийчохь хьалхара тIом балабелла рогIера шо кхачарна лерина – 1994-чу шеран гIуран-беттан 11-чохь Оьрсийчоьнан эскарш дуьххьара чудаьхкира Москвах дIакъаста луучу республике - гIуран-беттан 10-11-чохь акциш дIаяьхьира Францихь, Австрихь, Германихь, иштта кхинйолчу Европан гIаланашкахь а.
ГIуран-беттан 10-чохь тIом болабелла шо кхачарна а, дуьненаюкъарчу адамийн бакъонийн денна а лерина митинг дIаяьхьиар Страсбургерчу Европан Кхеташонна хьалха. Иза вовшахтоьхнера "Машар а, адаман бакъонаш а" цIе йолчу дуьненаюкъарчу ассоциацин президенто Ибрагимов Сайд-Эмис. Митинге веанера мел кIезиг а 20 стаг, царлахь вара Нохчийчоьнан Ичкерия республикан сийлахь консул Албаков Шемал а.
"Тхо гулделла Оьрсийчоьно тхан къоман а, пачхьалкхан а бакъонаш хьешарх юха а дIахаийта. ТIеэцна резолюци дIакхачор ю Европан Кхеташоне", - дийцина Кавказ.Реалиига Албаковс.
Нохчийн Ичкерия республикан Австрерчу векало Дунаева Розас иштта хаамбира Кавказ.Реалиига, гIуран-беттан 11-чохь иэсан "Барт хир боцу 28 шо" акциш хIитторах Венехь а, Берлинехь а.
2022-чу шеран гIуран-беттан 11-чохь Украинан Лакхарчу Радехь сацам тIеийцира Нохчийн Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна дIалаьцна мохк бу аьлла, емалдира нохчийн къомана дина геноцид а.
- I994-чу шеран гIуран-беттан 11-чохь федералан эскарийн кхо тоба чуйеара Нохчийчу ГIалгIайчоьнан малхбузера а, Нохчийчоьнца дозанехь йолчу ХIирийчоьнан Моздокан кIоштара къилбаседа-малхбузен агIора а, Дагестанан малхбалера а.
- ГIуран-бутт бовш федералан эскарша артиллерин тохарш долийра Соьлжа-ГIалина чувуллучохь, ткъа гIуран-беттан 19-чохь дуьххьара бомабанаш туьйхира гIали юккъе. АвиатIелетарш дора федералан эскарша керлачу шарахь штурм йолаяллалц.
- 1996-чу шарахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийн Ичкерия республикана а юкъахь Хасав-Юьртан бертан дийцарш дира. Бертана куьйгаш йаздира ЧРИ-н герзашца болчу ницкъийн штабан хьаькамо Масхадов Аслана а, Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретаро Лебедь Александра а. Оцу документана куьйгаш йаздарца официалехь бирзира хьалхара тIом. 1997-чу шеран дечкен-баттахь Ичкерин президентан харжамаш дIабаьхьира, Масхадов Аслан туьйлиар цигахь.