ГIуран-беттан 19-чохь тIеман министраллин коллегин шуьйрачу кхеташонехь Путин Владимира дIахьедина, Европаца а, НАТО-ца а тIом бан дагахь йац Оьрсийчоь. Оцу йукъанна цо йуха а бехкбиллина Малхбузена, НАТО шорйарехула долчу хеттаршна тIехула цо Оьрсийчоь "Iехийна" аьлла, йаздо оьрсийн Маршо Радион сервисо.
Украинана гонах долчу хьолах лаьцна дуьйцуш, Путина тезис йалийна, Москва "ша цхьаъ бен йоцу Киевн суверенитетан гарант йара", ткъа Малхбузено "низамза кегари лелийра", Оьрсийчоь жоп дала декхаре а йеш. Цул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан президенто бехк биллира малхбузен пачхьалкхашна "пхоалгIа коллоница болх барна" СССР дIасайоьхначул тIаьхьа, "постсоветан шортенехь мехкаш дIаса а тоьттуш".
Путина бахарехь, Оьрсийчоьно дийцарш долор ду Украинаца шаьш бохучунна тIехь.
Оьрсийчоьнан тIеман ницкъах дуьйцуш, Путина билгалдаьккхина Оьрсийчоьно совдоккхур ду хIоъ-молха а, дронаш а арахецар, иштта шарбийр бу ПВО системийн болх а. Оцу йукъанна, цо бахарехь, тIаьххьарчу заманчоь тIеман гIирс арахецар а, эскарна и латтор а дикка алсамдаьлла.
Цул совнах, кхеташонехь вистхилла тIеман министр Шойгу Сергей а. Цо хаамбина, Украинана тIелетчхьана ВСУ-н агIор "баккхий эшамаш" хилла – велла а, лазийна а 159 эзар салтий ву аьлла. ТIом болабеллачу йуьххьера дуьйна дIа лерича, Шойгун дешнашца, ВСУ-н 383 эзар сов эскархо хIаллаквина. Дуьненахь а тIом бан уггар а лаккхара зеделларг долуш йу Оьрсийчоьнан арми аьлла Шойгус.
Шойгус хаамбина, 2024-чу шарахь тIеман ницкъаш цхьа миллион ахмиллион стаге алсамдаха Iалашонаш хиларх. Контрактхойн терахь 745-не хьаладоккхур ду. Шойгус бахарехь, карарчу хенахь цхьа миллион 150 эзар стаг ву эскархошлахь.
- Оьрсийчоьно а, Украинас а шайн оьгучу эскархойх лаьцна хаамаш къайлахьо. Би-би-син а, "Медиазонан" а хьасташа волонтерашца йукъахь багарбина йиллинчу хьасташкарчу информацица, Украинана шуьйрачу тIамца тIелеттачул тIаьхьа 39,5 эзар эскархо велла аьлла. Билггал долу терахь кхин а лакхара хила тарло, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн талламхоша 300 эзар ву велларг а, лазийнарг а аьлла, хьесап дира.
- Оьрсийчоь Украинана тIелетта дукха хан йалале Кавказ.Реалиин редакцино шеггара мониторинг йолийра Оьрсийчоьнан эскарера эшамех. 2023-чу шеран лахьан-бутт бовш тептарехь 5446 цIе йу билгалйаьккхина Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бахархойх хIоттийна. Ца лерина цу йукъахь, Кубанехь ЧВК "Вагнеран" кешнашкахь дIавоьллина 850 йолахо.
- 2014-чу шарера схьа дуьйна Оьрсийчоьно гIо латтадора Донбассехь болчу сепаратисташна. 2022-чу шархь Путинан омраца шуьйрачу тIамца Украинана тIелетира. Путина дIахьедира, Малхбузено лелочунна дуьхьал делла жоп ду и аьлла. Малхбузен пачхьалкхаша а, Украино а тIе ца дуьту, Оьрсийчоьнан хьокъехь шайн цхьа агрессин Iалашонаш йара бохург, делахь а, билгалдоккху, Москвано шаьш аннекси йина боху латтанаш – дуьнено а Украинана лору дозанаш ду аьлла.