Кадыров Рамзанан могушалла кхин тIе а чIагIъйелла йогIучу йукъанна Оьрсийчоьнан президентан администрацихь цуьнан метта хIоттон верг хIинцале а билгалваьккхина, чIагIдо "Новая газета Европа" хьасто. РогIера Нохчийчоьнан куьйгалхо хила тарло аьлла, дукха хан йоццуш тIеман министраллехь лаккхара дарж деллачу "Ахмат" спецназан командиран Алаудинов Аптин цIе йаьккхина цара. Кавказ.Реалиин редакцино листира мел бакъ долуш хета Алаудинов посткадыровн республикин куьйгалхочун дарже "хьалхататтар".
Нохчийчоьнан урхалхочун гIоьнча, "Ахмат" спецназан командир, Оьрсийчоьнан тIеман Министраллин коьртачу урхаллин тIеман-политикан белхан хьаькаман гIовс – оцу къепехь шен даржаш билгалдоху Алаудинов Аптис. Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурашкахь 20 сов шерашкахь белхаш бинчу Кадыровн бIанакъостан корта хьовзон кхиам хилира, карарчу заманчохь инарла-майоран чинехь ву иза – полицихь а, армихь а.
Алаудинов вина 1973-чу шарахь Ставрополан кIоштара Пятигорскана гена йоццучу Горный эвлахь. 2001-чу шарахь, Нохчийчохь боьлхуш тIемаш а болуш, Соьлжа-ГIалахь юристан диплом делира цунна, прокуратуре балха а хIоьттира иза, цул тIаьхьа чоьхьарчу гIуллакхийн Министралле дехьавелира комплектованин декъан инспекторан дарже. Ницкъаллин структурашка балха ша кхачале, тIечIагIбинчу хаамашца, базарахь йохка-эцар лелош хилла ву иза.
Алаудинов хIотторо аттачу доккхур дара Кремльна шаьш хIоттийначух кхетар
Кхин хIун лелош хилла иза Ичкерин муьрехь, официалан биографи тIехь йаздина дац, амма дикка гIарайевлира, Алаудиновс Кадыров хестош, эххар ший а велха волалуш йаьккхина видео. Тхоьца къамелдинчара бахарехь, цуьнан корматалла бахьана долуш ца кхаьчна нохчийн ницкъахо лакхарчу даржашка, цуьнан оцу тайпа лелар бахьана долуш кхаьчна.
Махкара полицихь ша болх бечу заманчохь Алаудиновс масийттаза тоьшалла дира шен хьакамна муьтIахь хиларх. Масала, журналистийн хаамашца, 2017-чу шеран дечкен-баттахь Кадыров Ахьмадан цIарах полк йолчахь вара иза, цигахь лецна балийна иттаннашкахь нах бойъучу хенахь; Iедалхошна товш боцчийн гергарчарна йеттачу хенахь а дакъалаьцна цо, Iадийра меттигера бахархой, кхерамаш тийсира Нохчийчоьнан куьйгалхочун регионера а, дозанал арахьара а критикашна.
2019-чу шарахь тIечIагIбаза хаам баьржира Алаудиновс дакъалаьцна Кадыровна дуьхьал къайлах бинчу бертахь аьлла, ша дерриг а харцдора цо, амма тIаьхьо даржах ваьккхира иза. Кадыровс дIатеттинчул тIаьхьа йухавар нисделира инарлин Украинана шуьйрачу тIамца тIелеттачул тIаьхьа, "Ахмат" спецназан коьрте хIоттийра иза, цул тIаьхьа цхьана хеначохь Нохчийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретарь а, "ЛНР" олучу республикин сепаратистийн 2-чу армин корпусан командиран гIовс а лаьттира иза. ТIаьхьо "Оьрсийчоьнан Турплахочун" а, "Нохчийчоьнан Турпалхочун" а седарчий делира цунна. Адамийн бакъонаш дукхазза хьешарна а Украинерчу тIамехь дакъалацарна а Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Латвихь а, Британихь а, Польшехь а, Украинехь а санкцийн тептаршка йазвина ву Алаудинов.
"Новая газета Европа" хьастан материалехь нохчийн инарла вовзуьйту сацамаш тIеэца гунахь а волуш, цхьа политикан стаг иза волуш санна. Делахь а Алаудиновн гонерчу хьасто Кавказ.Реалиин редакцина чIагIдо, шеггара цхьа а хIума дан иза хьуьнар долуш вац, цуьнца доьзна, цо лелош мел дерг Кадыровгара схьа ду.
Нохчийчоьнах сацам Кремло бийр бу
Your browser doesn’t support HTML5
Федералан Iедалхоша леррина Алаудиновн тергойар а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун метта хIоттон аьлла "хьалхататтар" а доьзна хила тарло Кадыровга а, цуьнан бIанакъосташка а хьаьжча, оьрсийн маттахь вистхила хууш иза хиларна. Иштта элира йукъаралхочо, Европехь болх бечу Ичкерин "Цхьааллин ницкъ" боламан векало Музаев Сайхана а.
"Федералан центро лелош ду дерриг а. Кадыровн метта хIоттон тахана тарлучарлахь Алаудинов къаьсташ ву Кремльна муьтIахь хиларца. Амма и хаьржина ваьлла аьлла хадам боллуш олийла дац. Москвана коьрта ду шайна муьтIахь хилар, делахь а тоъал бахьана ду республикехь цуьнан авторитет хилар а. Алаудиновн оцу кепара авторитет ца хила а тарло. Вукху агIор аьлча, нагахь санна Кремло иза дIахIоттавахь, бисинчу кадыровхошна дуьсург ду и къобалвар. Церан кхин харжам бац", - элира Музаевс.
Бакъоларйархочунна, юристана Янгулбаев Абубакарна хетарехь, Нохчийчоьнан урхалхо Алаудинов Апти хIоттавойла дац. Цуьнан ойланца, бакъ хила герга ду Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад, йа регионан цIарах Оьрсийчоьнан парламентан депутат волу Делимханов Адам хIоттон тарлуш хилар. Къамелдечо кхетадо и, кадыровхошлахь а ур-атталла Алаудиновгахьа ларам цахиларца.
Лазаме доцуш Iедал кхечуьнга дала Iалашо йелахь, тIаккха хIара дика вариант йу
"Хьал хийца хьийза иза, амма мухха делахь а цуьнан гIуллакх Нохчийчоьнна аьлла лерина дац, Оьрсийчоьнна хьажийна ду. Шен имиджана тIехь болх бо дукха хьолахь Алаудиновс, оьрсашна хьалха телехьожийлехь вистхуьлуш, церан лергашна товш дерг а дуьйцуш", - дIахьедира Янгулбаевс.
Гуьржийн Рондели Фондан Iилманан белхахо, Къилбаседа Кавказехула эксперт волу Квахадзе Александр тIетов, Кадыровн метта хIоттон леринчу нахаца доьзна хьал кхион масех кеп хиларна – царех хIораннан а шен-шен плюсаш а, минусаш а ду Москвана хьалха.
"Алаудинов хIотторо аттачу доккхур дара Кремльна шаьш хIоттийначух кхетар: цо цIена буьйцу оьрсийн мотт, "политикан элитина" куьг дала томехь ву. Цул совнах, Оьрсийчоьнан байракха бухахь Украинана дуьхьал тIемаш бечийн йукъарло хилар а буха тIе далон хьийза иза. Кадыровна шен хеташ, тIом бан гунахь долчу дакъойх - "Ахмат" спецназан куьйгаллехь а ву иза. Амма доккха цхьа минус го суна – нохчийн тIеман машенан йукъарчу структурех дIаийна вац Алаудинов. Иза хIоттавахь Кадыровна гергара болу нах хуьцур бу цо, тахана хIоьттинчу хьолан ницкъийн баланс хуьйцу цо", - элира Квахадзес.
Иза а тIетайра, Даудов а, Делимханов а хIоттон тарлучех хиларна. ТIаьххьарчун, экспертана хетарехь, шансаш алсам йу, хIунда аьлча, "цуьнан ницкъаш дуккха а алсам хиларна".
"Адам [Делимханов] хIотторо республикехь цхьа а хийцамаш бийр бацара йа политикан а, йа тIеман а средахь. Амма кхузахь а цхьа хаттар ду: федералан центро мел тIоьцур йолуш йу цуьнан кандидатура? Лазам боцуш Iедал кхечун карадала Iалашо йелахь, иза тоьлла кеп йу. Амма ишта делахь, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн Кадыровн Нохчийчохь хуьлуш долчуьнга болу цабезам ша ма-хиллара буьссур бу, хIинцалера куьйгалхо волуш санна", - кхетийра эксперто.
Кадыров Рамзанан доьзалера цхьанга Iедалан мукъ балар хир ду аьлла ца хета Квахадзена: регионан куьйгалхочун бераш кегий ду, церан зеделларг дац, цундела цхьа кхин оьшу кхузахь, урхалла дан а хууш, царна хьалхара куьйгалла ден долу. Оцу йукъанна, бохура къамелдечо, нохчо иза хилахь а, тамаш бу-кх Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарже республикел арахьара цхьаъ валавахь.
Паччахьалле хIоьттина рагI
Редакцица къамел динчара къастийра Нохчийчоьнан куьйгаллехь хила тарлун кхоъ, Кадыров кхалхахь, йа могушлла эшарна декхарш кхочушдан гIора доцуш иза виссахь.
Делимханов Адам
2009-чу шарахь Кадыров Рамзана дIахьедора: "Сайн метта хаон стаг кечвина ас", - Делимхановн цIе йаьккхира цо, иза шен "уггар а уллора, вешил а гергара" хилар билгалдоккхуш.
Делимханов Адам 1990-чу шарахь федералан ницкхашкахьа дехьавелира, Оьрсийчоьнан эскарш Ичкерина чугIорта кечлучу хенахь. Цул а хьалха Ичкерин гIаттамхойн командир хилла, Оьрсийчохь номер 2 йолу террорхой лоруш хилла (Басаев Шемал дIаваьккхича) Радуев Салман дIасалелош хилла ву иза.
Your browser doesn’t support HTML5
1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскарш Ичкерина тIелетачу заманчохь шен вежаршца цхьаьна, тахана мехкан урхаллехь волчу Кадыров Рамзанан ден Кадыров Ахьмадан агIор велира иза.
ТIаьхьо Делимханов вуьйзира Оьрсийчоьнан парламентан депутат хилла Ямадаев Руслан а, нохчийн "Восток" батальонан командир хилла Ямадаев Сулим а верца. Кадыровн бIанакъост ишта гоьваьлла ЯнгулбаевгIеран доьзална а, Нохчийчоьнан урхалхочун кхинболчу критикашна а кхерамаш тийсарца.
Украинехь шуьйра тIом болийначул тIаьхьа тIемаш бечу меттиге дIавахара Делимханов Адам, цигахь камерашна хьалха а хIоьттина "лаамхой" тIеийцира цо, совгIаташ доькъура, резабочцаьрца къамелаш дора. Депутатана тоьхана а йу дуьненайукъара санкцеш.
Редакцица къамелдинчарна хетарехь, Делимхановн доккха плюс ду Кремльна гергахь, кхерам боцуш шега Iедал караоьцург цо хилар, хIунда аьлча цуьнан вежарий – лаккхарчу даржашкара нцкъахой бу; коьрта минус – депутатан криминалан селхане а, тахане а хилар.
Эдельгериев Руслан
Корматалла йолу куьйгалхо, Ахмат-Йуьртан вахархо ву Эдельгериев Руслан, цуьнан нана Дерябина Вера – Кадыров Рамзанан школехь хилла хьехархо йу. Лаккхара кхоъ доьшийла чекхйаьккхина Эдельгериевс, шайлахь юридикан а, йуьртбахаман а йолуш. Масех шарахь белхаш бина цо Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин структурашкахь, ткъа 2012-чу шарера 2018-чу шаре кхаччалц министрийн кабинетан куьйгалла дина цо, карарчу хенахь – "климат хуьйцу хеттарш листарехула" президентан Путинан хьехамча ву.
Стохкалера шо довш Эдельгериев вара Дубайхь хIоттийначу климатан саммитехь Кадыровн берашна улло ваьлла. Кадыровн метта хIоттор хьахийча, хьаькаман доккха минус ду шен команда цахилар; плюс ду – криминалан девнаш йукъахь а, коррупцица воьзна а иза цахилар.
Даудов Мохьмад
Дукха хан йоццуш шегарчу полисхойн цIарна тIе бIахойн инарла-майоран чин кхаьчна Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо ву Даудов Мохьмад. Шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа Даудов вара республикера салташна а, эскархошна оьшург латтош, цунна тIехь дара, йоллу Оьрсийчуьра лехьон "лаамхой" кечбен жоьпалла.
Украинан кхерамзаллин сервисо (СБУ) стохка бIаьста шеконаш кховдийра Даудов Мохьмаде, цо Оьрсийчоно болийначу тIамехь дакъалацарна. Нохчийн куьйгалхо, урхаллехь дIахьедарца, "Кадыровн уллорчу гонера стаг ву, агрессин тIом барехь цуьнан тIедахкарш кхочушдеш". Сийлаллин орденца совгIат дира Оьрсийчохь Даудовна, и нисделира сепаратистийн "ДНР" а, "ЛНР" а олучу меттигашкхаь иза хиллачул тIаьхьа.
2014-чу шарахь Даудов Мохьмад санкцийн тептаршка йазвира Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа. 2020-чу шарахь дозанаш туьйхира цуьнан хьокъехь Британино – Нохчийчохь ЛГБТК+нехан бакъонаш хьешарна. Украинера тIом бахьана долуш а санкцеш туьйхира Польшин Iедалхоша Даудовна.
Редакцица къамелдинчарна хетарехь, Iедалан коьрте хIоттон Даудовн плюсаш ду, цунна оьрсийн мотт хаар, организаторан корматаллаш цуьнгахь хилар, хIуъа динахь а Кадыровн гонехь висса лаар; минусаш - цуьнан йоллу карьера республикехь IиндагIехь дIайахар, ницкъахойх лаьтта шен команда цахилар.
- Буьйса йуккъе йахначул тIаьхьа охан-беттан 23-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен социалан машанашкахь видео йаржийна шен гонерчу нахаца спортзал чохь дIайазйина. "ДегIана ницкъбаро дегI метта далийна ца Iаш, синхIоттам а ойбу", - йаздина цо, "Новая газето" шен зорхан екхоънан некроз йу аьлла, диагноз хIоттош таллам бинчул тIаьхьа.
- Дагестанехь Ночхийчуьра орцан министраллин куьйгалхо Цакаев Алихан лацарца доьзна дов лаьтта шолгIа кIира а ду. Ницкъахоша дина "питана" дара и, бехкенаш жоьпе озабе аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедар динехь а, Цакаевн хьокъехь талламаш бина Талламан комитето. ХIун динчунна вевзаш ву Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца цхьана классехь дешнарг, мел хилатарлург ду, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доккхур ду бохург, листира Кавказ.Реалиин редакцин журналисто.
- Кадыров Рамзанан тIедилларца Нохчийчоьнан парламентан депутат Ханбиев Мохьмад хилира Оьрсийчоьно Украинера схьадаьхначу дозанаш тIехь. ХIара дуьххьара ду регионан куьйгалхочо парламентхо хьахийна, цунах " хьомсара ваша" а олуш. Кавказ.Реалии сайто зийра, Ханбиевх хууш дерг а, тIемаш боьлхучу меттиге и стенна вахийтина хилла а.