Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчохь хьалхарчу тIамехь хилларг дуьненна довзийтарехь доккха дакъа лаьцна стаг вара Iамеркахо Грин Стенли.
Профессионалечу сарташдахархошна юккъехь дийна волшехь классик хилла дIахIоьттина стаг вара иза – пхеазза деллера цунна цу говзаллехь уггаре лакхара совгIат, World Press Photo шех олуш долу. Цу пхеанах шиъ Нохчийчохь цо даьхначу сарташна делла дара.
Хьалхара тIом болуш Нохчийчу дуьххьара веанчу Грин Стенлин дахар цул тIаьхьа даиманна а Нохчийчоьнца доьзна дисира. Малхбузерчу а, Оьрсийчуьрчу а хаамийн гIирсашна ша лучу интервьюшкахь а, дуьненан тоьллачу гайтамийн кхерчашкахь хиллачу шен терахь доцучу сартийн гайтамашкахь цо юх-юха а юьйцура Нохчийчоь, цигахь шена гинарг, цигарчу тIеман къизаллех, амма коьртаниг – Стенлис юх-юха а дуьйцура Нохчийчуьра адамаш.
Фоторепортера гергарлонаш лелдора шена Нохчийчохь бевзинчу нахаца. ТIаьхьарчу шерашкахь Парижехь Iаш хиллачу цо цу гIалахь бехачу нохчашца доттагIаллин уьйраш латтайора, уьш шена хьалха, Нохчийчохь, бевзина хилча-м муххале а.
Журналист Бакаева Хазман а, цуьнан доьзал а бара Грин Стенлица гергарло лелийначарах. Ткъо шо сов хан яра уьш вовшашна бевзаш болу, Стенли дуьххьара Нохчийчуьрчу тIамах лаьцна сарташ даха веъчахьана. Хазман дагалоьцу Грин Стенли.
Бакаева: „Грин Стенли суна тIамехь вевзина ву, I995-чу шарахь. Оьрсашца дагдовларш дIахьочу хенахь дар моьттуш ю со иза кхечу журналисташца цхьаьна тхуна тIевеъча. ДоттагIалла тасделира тхан, Стенли юха а, юха а Нохчийчу оьхуш хиларна.
Коллегаш санна хилла а ца Iаш, йижарий, вежарий санна юкъаметтигаш кхоллаелира тхан. Тхо кхуза Париже схьадаьхкинчул тIаьхьа а дукха хан цхьаьнайоккхура оха, иза тхо долчу хIусамехь хуьлура дуккхаъ.
Суна дагдогIу, тIом болчу хенахь даима а проблема хуьлура тхан кассеташца, хIинца санна телефонаш яцара сурт я видео яккха, цундела тхаьш лелийначу кассеташна тIера видеош дIа а йойъуш, юх-юха а лелон езаш хуьлура уьш. Ткъа Стенлис ша Нохчийчу массаза вогIу итт кассета чохь йолу гIутакх дахьара суна. ЧIогIа кхаъ хуьлура суна цо уьш еъча“.
Малхбузерчу тIеIаткъамечу хаамийн гIирсех цхьа а бисина хир бацара Грин Стенлин Нохчийчуьра сарташ ганза. Германера, Францера, Британера, Цхьаьнатоьхначу Штаташкара коьрта телевизионаша а, даккхийчу газеташа а тIедеттачу цуьнан сарташкахула Нохчийчохь лаьттачух дуьххьара гира дуккхаъчу нахана.
Цу нахах цхьаболчара цу сарташа тIеIаткъам а бина даиманна а шайн дахар Нохчийчоьнца дуьзира, я цигахь гуманитаран проекташ ян бахарца, я цигара мухIажарш шаьш долчехь тIеэцарца, я цигарчу тIамех язйан а, цу тIамна дуьхьал акцеш ян а буьйлабаларца. Ишттачех ю Германера Мюллер Беатрис. Цо дуьйцу, ша дуьххьара Нохчийчу Грин Стенлин сарташа тIеIаткъам бина яхара, бохуш.
Мюллер: „Къаьстина чIогIа тIеIаткъам бира суна Муталипова Марха цIе йолчу йоьIан суьрто. Бомбеш тухучу хенахь ши ког баьккхинера цуьнан. Стенли Гринс цуьнан сурт а даьккхина, цу бухахь цу йоIаца хиллачух яздинера. Меттахь Iаш гуш ю Марха, шена дукхе дукха яккхий протезаш а йолуш. ЧIогIа Iаткъам бира суна Стенлин сарташ, хIунда аьлча, цхьа башха похIма дар цуьнгахь, тIеман инзаралла гайтина ца Iаш, и тIом ловш долу синош гайта а, и синош шаьш хабаре даха а.
Ларамза ма дацара цуьнан сарташ иштта нахана Iаткъам бан а, со санна берш цхьана агIор жигаралла лелон меттахбаха а ницкъ болуш хилар. Цул тIаьхьа хье ца луш суо а яхара со Нохчийчу. ХIорш аьлла башха дукха гIодаран цхьаьнакхетараллаш цигахь йоцучу хенахь тIамо чевнаш йинчу берашна а, кхиазхошна а проекташ йира ас“.
Цу муьрехь ГIалгIайчуьрчу цхьаьна мухIажарийн лагере ша яхначохь Грин Стенлин киншки тIехь шена сурт гина йолу Муталипова Марха карйинера Мюллер Беатрисна. Хьалхарчу тIамехь Стенлис сурт доккхучу хенахь 2 хилла йолчу цу йоьIан ший а ког баьккхинера бомбано. Цуьнан нана, шен йоI ларйеш цунна тIейижина йолу, цу бомбано йийнера.
ХIинца, шозлагIчу тIамехь Беатрисна ларамаза ГIалгIайчуьрчу лагерехь ша гучу хенахь II шо хиллера цу йоьIан. Мюллер Беатриса дуьйцу, ша Марха дийна ю хьуна, аьлла Стенлига цул тIаьхьа аьлча, цунна цунах кхаъ хиларх.
Мюллер: „Суо юха ма кхаьчча имайл язйира ас Стенлига, хьо цецвер ву, амма суна хьоьга кхаъ баккха лаьа, суна Марха гир хьуна, иза дийна ю хьуна, аьлла. „Ма боккха тамаша бу иза! Ма боккха тамаша бу иза!“ бохуш зIене велира иза соьца. Иза вуно дагна хазхетар хилла, гIадвахнера и йоI дийна юйла хиъча, гуш дара цу беран кхоллам а, дахар а цунна чIогIа дагах кхетта хилар“.
ТIаьхьарчу шерашкахь Парижехь вехаш хилла волу исбаьхьалхо цуьнан тIаьхьарчу лаамца цу гIаларчу Пер Лашес кешнашкахь дIавоьллира пIераскан дийнахь. Францехь бехаш болу нохчи а бара Грин Стенлин дIаволларшкахь дакъалоцуш.