Францино Оьрсийчу дIалуш нохчочун хьокъехь бинчу сацамна дина арз йухатеттина Европан адамийн бакъонашкахула кхело

ЕСПЧ-кхелехь, гайтаман сурт

Нохчийчуьра 55 шо долчу вахархочо дина арз йухатеттина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Цуьнан хьокъехь Францин Iедалхоша сацамбина, иза Оьрсийчоьне дIалуш, шайн пачхьалкхана цо кхерам бохьу аьлла. Латкъамхочо чIагIдо, Оьрсийчохь шена тIехь гIело латтор йу бохуш.

Кхело арахецначу пресс-релизехь йаьккхина йац арз динчун цIе. Хаамбо, 2009-чу шарахь Франци иза кхачарх а, 2012-чу шарахь цунна мухIажаран статус йелла хиларх а. 2015-чу шарахь кхел йира цунна бархI баттахь чохь а латтош, терроризм къобалйарна а, пачхьалкхан белхахочунна кхерамаш тийсарна а. Апелляцихь таIзар чIагIдира шарна чохь а вуьтуш, иштта кхело сацам тIеэцна, и стаг шайн пачхьалкхера аравоккхуш, дукха ца Iаш схьайаьккхира цуьнгара мухIажаран статус а.

2016-чу шарахь керлачу бехкахула таIзар дира цунна – герз латторна, цул тIаьхьа, 2020-чу шарахь, - шена тоьхна дозанан барамаш бохорна.

Кеп-кепара францхойн хьукматаш а, кхелаш а йукъахь йолуш гIуллакх листинчул тIаьхьа сацам бира, Оьрсийчу иза дIахьажош, и сацам кхочушбаллалц Нохчийчура вахархо лаьцна вуьтур волуш ву.

Латкъам луьстучу заманчохь Европан кхел тIетевжира хьалхо шаьш тIеэцна хиллачу сацамашна, цаьрца а догIуш, Нохчийчохь адамийн бакъонаш харцонца эшош йелахь а, олийла дац "Къилбаседа Кавказера йукъара хьоло" оцу сохьта йохор йу ницкъбар доьхкуш йолу адамийн бакъонех Конвенци , нагахь санна, оцу стагана Оьрсийчу экстрадици йахь.

Иштта, кхелана хетарехь, шен 2000-чу шерийн йуьххьехь хилла "жигаралла" хьахош, оцу тIехула йеллера цунна тховкIело а, цо кхачам боллуш тоьшаллаш далийна дац, Оьрсийчоь тахана шена билггал кхераме хиларх.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело билгалдоккху, Оьрсийчоьно цкъа а дехна дац шайга, и стаг схьало аьлла, йа цуьнан гIуллакхан материалаш а ца йехна, Оьрсийчохь цунна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх хиларх, йа иза лехамашка велла хиларх шайгахь хаамаш бац аьлла.

Эххар а къаьстина, францхойн кхелийн сацамех цхьанна цо латкъам бина цахилар, цундела, ЕСПЧ-кхелана хетарехь, Францин къоман бакъонан системин стаг Iалашваран гурашкара йоллу таронех пайдаэцна бац цо.

  • Дечкен-баттахь Amnesty International организацино кхайкхамбира, Оьрсийчоьне дIа ма ло Къилбаседа Кавказера бахархой аьлла. Даймахкахь гIело, сийсазалла хьоьгуьйтур йу цаьрга, йа Украинерчу тIаме хьовсор бу, дIахьедора бакъоларйархоша.
  • ТIаьххьарчу заманчохь депортаци йинчу нехан терахь лакхадаьлла: Кавказ.Реалии сайто дийцира, тховкIело йоьхурш Москвага дIа стенна ло, депорт йинчул тIаьхьа царах хуьлуш долчух а. Европан пачхьалкхашкара дIабала алсам кхерам къаьсттина нохчашна хIунда лаьтта, дийцира Кавказ.Реалии сайтана бакъоларйаран "Европера нохчийн Ассамблейн" бакъоларйаран декъан куьйгалхочо Дадуев Iийсас.
  • 2022-чу шеран лахьан-баттахь Францерчу нохчашна депортаци йарна кхерам латтарна францхойн бакъоларйаран Habitat-cité и Comité Tchétchénie цхьанакхетараллаша хьажийначу кхайкхамашка хьаьжна расин дискриманаци дIайаккхаран ООН-н комитет. Хьалхо францхойн Iедалан нохчийн мухIажаршкхьа хилла йолу дика йукъаметтиг хийцайелла цхьамогIа зуламаш бахьанехь, боху кехатан авторша: исламистийн радикалаша Charlie Hebdo журналан редакцехь а, Bataclan центрехь а 20I5-чу шарахь тIелатар дича а, нохчийн кхиазхочунна тIелатар дина хила мега аьлла Нохчийчуьра а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачарна юкъахь 2020-чу шарахь Дижон гIалахь летарш хилча а, иштта хьехархо Самюэль Пати Нохчийчуьрчу Анзоров Iабдулас Парижан уллохь вийча а.