Дуьненан уггаре а нуьцкъалчу пачхьалкхийн куьйгалхойн Джи-7 тоба вовшахкхетта Брюсселехь кхаари дийнахь, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а воцуш.
Кхин ца вуьту кху лаьттан нуьцкъалчара шайн декъа Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир – иза кхаари дийнахь Брюсселехь дIайолаеллчу Джи-7 саммите ца ваийтина, Оьрсийчоь а цу мехалчу клубан декхашхойн могIарера араяьккхина.
I997 шарахь Оьрсийчоь цу клуба юккъе эцчахьана дуьхьара дIахьош ю саммит иза юккъехь а йоцуш. Дуьненан куьйгалхойн могIаршлахь ша хилар сел деза лоруш а, царна юккъехь шена даима ша-башха язйина меттиг а, цхьа лерина экама шеца йолу юкъаметтиг лелор а дезна хиллачу Путин Владимирна хIинцалера саммит генара тергал ян, хетарехь, атта хир дац.
Кхин а лан хала хила там бу цунна, кху деношкахь Францехь шозлагIа дуьненан тIом дIаболучу муьрехь Нормандихь Гитлерна дуьхьало еш хиллачу пачхьалкхийн юкъара эскарш охьадиссарна леринчу даздаршкахь, - ишттачу хьолехь хIинцалца схьа даима хуьлуш ма-хиллара, - Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентаца Обама Баракца шен цхьаьнакхета йиш ца хилар.
Амма и дерриге а - Джи-7 саммите Путин ца витар а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента цунна пен беттар а, - Оьрсийчоьно Украинехь лелочу питанечу политикан а, ГIирма ах- гIайренна цуо аннекси яран а тIаьхьалонаш ю. Масала, хIетахь хиллачу Джи- 8 клубера Оьрсийчоь араяккха сацам цу тобан вукху ворхI декъашхочо – Цхьаьнатоьхначу Штаташий, Германиной, Франциной, Британиной, Канаданой, Япониной, Италиной баханчу зазадоккху баттахь, цхьа барт а болуш, тIеэцнера – Кремло ГIирма шен дола ма-яьккхина.
ХIетахь дуьйна, жим-жима йохуш, Оьрсийчоьнна а, цуьнан лаккхарчу хьукматхошна а дуьхьал санкцеш юккъейохучу Малхбузено Оьрсийчоьнан президентан гергарчу гуонера цхьа могIа лаккхара гIентан дай Европе а, Цхьаьнатоьхначу Штаташка а, Канаде а чубуьтуш бац.
Ша Путин Владимир цу санкцийн гIуданаша цкъачунна лаьцна вацахь а, амма ца бевлла бен цуьнца зIене ца бовла, цунна юхь-дуьхьал ца нисбала гIерта Малхбузерчу пачхьалкхийн куьйгалхой. Иштта, масала, Францехь цига даздаршка вогIучу Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак, Путин Владимир, ца хууш а, ларамаза а вовшашна гар ца хилийтархьама, Францин президента Олланд Франсуас шозза пхьор даа дезар ду цхьана Еарин сарахь.
Журналисташна гучудаларехь, цкъа хьалха Обама Баракца хIума кхалла дезар ду хьешан ден, тIаккха цул тIаьхьа Путин Владимирца. Ала дашна, Путинца дуу пхьор Олландан коьртачу резиденцехь – президентан кхерчахь, - хир дац, цхьанхьа кхечу меттехь хIоттийна хир ду. „Олландан зорхана цу кепара дукха ялта даар лан халуо хилахь а, делахь а и сацам, дипломатийн агIо тидаме эчца, уггаре а нийса берг болчух тер ду, вовшашна тIера воцу Цхьаьнатоьхначу Штатийн, Оьрсийчоьнан ши лидер дуьхь-дуьхьал ца кхетийтархьама“, - бохуш яздинера Associated Press агенталлийн репортеро цу хьокъехь.
Амма Францера даздарш еари дийнахь бен дIадолалур дац. Ткъа цкъачунна дуьненан нуьцкъалчу пачхьалкхийн куьйгалхой Брюсселехь шайн цхьаьнакхетар дIахьош бу.
Цигахь цара дийцаре дечу хеттарех доккхаха долу дакъа Украинерчу хьолана лерина ду. Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш яхар цара хьахор долуш дацахь а, амма Кремле Украиница дагадовларш дIадоладе аьлла кхайкхам бан дагахь ю Джи-7 тоба.
Иштта хIинцалерачу саммитан декъашхоша толлур долу коьрта хаттар „кхин дIа хIун до вай?“ бохург санна билгалдаккха мегар ду. Украинера хьал тIейогIучу хенахь кхин аттачу долуш ца хилахь, ткъа иштта Оьрсийчоьно Европе энерги латторехь шена тIеэцна йолу чIагIонаш кхочушйеш ца хилахь, Малхбузено яха йиш йолу гIулчаш йийцаре йийр ю цара.
Цул совнаха, цара тIедожор ду Оьрсийчоьнна Украинин керла хаьржина президент Порошенко Петр къобалвар а, цу пачхьалкхан малхбалехь питанаш сацор а, шен зуламхой а, эскархой а Украинин лаьтта тIера а, цуьнан дозанашна уллора а юхабахар а.
Украинин керла хаьржинчу президентах Порошенко Петрах аьлча, шинари дийнахь дуьйна Европехь волчу Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан цхьаьнакхетар хилира цуьнца Полшехь. Обама Баракс цунна шен накъосталлин тоьшаллаш а дира.