Your browser doesn’t support HTML5
Гадаев Мохьмад-Салахь
* * *
Iуьйре йогIу, суьйре йоьду,
суьйре йогIу, Iуьйре йоьду,
де дIадоьдий, буьйса йогIу,
буьйса йодий, де ма догIу.
Шар чохь лелаш шийтта бутт бу,
диъ куц хуьйцуш хийцамаш беш,
бIаьсте йогIу, аьхке йогIу,
гуьйре йогIу, Iа ма догIу.
Муьлха хан ю даго къастош,
цу хенашкахь хьуна йогIуш,
цу хенашлахь даго къастош
суна йогIург бIаьсте ма ю.
Герга кхаьчна бIаьсте йогIу,
суьйре, Iуьйре хазлуш йогIу,
олхазарш ду декаш, ловзуш,
цу бIаьстенах даккхийдерца.
Массо Iалам даккхийдеш ду,
дуьне дохдеш, бIаьсте йогIуш,
дуьне ма ду духар хуьйцуш,
дуьнене со гIийла хьоьжу.
Массо Iалам хаздеш, кхолуш,
массо Iалам дохдеш, дендеш,
Iалам хьоьстуш, синош дендеш,
схьа ма кхечи бIаьсте вайна.
Iуьйренца со араваьлча,
олхазарийн эшарш хеза,
цкъацкъа гергахь, цкъацкъа генахь,
гIийла екаш оттйокх хеза.
Денна хазлуш дуьне ма ду,
денна жимлуш кийрахь дог ду,
денна гIеллуш дегIехь ницкъ бу,
дегI цамгаро дIа ма леци.
Цамгаро со эшош лаьтта,
уьйрашна со вицлуш лаьтта,
со уьйрашна жерга вели*,
цамгарца со гIийла виси.
Сан гIийла дог даим хьоьжу,
сайн нийсарой сайна богIий,
уьш ца кхуьу, дуьне лоьхуш,
суна бахка кхане етта.
Цхьа а ма вац лийра воцуш,
цхьа а ма вац дуьне кIордош,
ма довла вай вовшех, кIентий,
ма вита аш со дIатасий.
______
*жерга вала - лаамаза хервала