Оьрсийчура "гангстерийн кешнаш"
Мехала хIуманаш йолуш диллинчу сурт тIехь ву, гарехь, Уралмаш бандан декъашхо.
1990-гIа шераш дуьйлалуш герзаш диттина вийна Уралмаш бандан ши декъашхо.
Кешнаш ду Уралмаш олучу бандано 1990-чу шерашкахь Iуналла деш хиллачу Екатеринбурган кIоштахь. Уралмаш цIе йолуш йоккха завод ю Екатеринбургехь.
ХIокху кошана хIоттийначу чурт тIехь ду Коьрта Мафи олучу гангстерийн тобан хиллачу хьалханчан Кичин Михаилан, карахь "Мерседес" машенан догIанаш а долуш, диллина сурт.
Меттигерчу сурташдахархочо Саратов Дениса дийцарехь, кхелхиначуьнан сурт а долуш, деза чурт хIоттор гангстерша схьаэцнера цу гIалахь бехачу цигонашкара.
Советан заманахь дукха хилла йоцу муьлхха а "иномарка" хилар, Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа, цуьнан долахочуьнан статус гойтуш хIума дара. Кху сурт тIехь волу стаг ву Toyota-на уллехь лаьтташ.
Кху сурт тIехь жима стаг ву Audi уллехь лаьтташ. Екатеринбургерчу кешнийн цигонийн декъехь ду хIара каш.
Механа еза йолу тIаьрсиган куртка кхин цхьа симбол яра Оьрсийчохь, 1990-чу шераш дуьйлалуш.
Цхьадолу чурташ керстанан динан симболш йолуш ду.
Амма дуккхах дерш веллачуьнан хьал а, цунна дийна волу дезаш хилларг а гойтуш ду.
Сурташ дехкина, беллачийн сурташна тIе а хьовсуш.
Сурт дуьллуш болх бина лазерца..
Кху кепара динчу чуртийн мах бу $15,000 сов.
Чуртана уллехь ду гIорийна розанаш.
ХIара жима зуда "Лада" машенна уллехь йиллина ю, кочах дашо заьIа а йолуш.