Нохчийчуьра Итон-Кхелара Башан-Кхеллихь гIишлошйечу майданахь газ иккхина- пхи стаг велла, ткъа сов лазийна, хаамбина "Сапа" а, "112" телеграм-каналаша цIехххьана гIо кхачочу хьсташна тIетевжина.
Лазийнарш кIоштара а, махкара а дарбанан хIусамашка дIасабигина, дукхахберш кеп-кепарчу барамашкахь багийна бу, меженаш этIийна а бу, йаздо "Сапас". Хьастан хаамашца, 26 стаг лазийна – "Рен-ТВ" телеканало хаамбира 21 ву чевнаш йинарг аьлла: царех йалх Соьлжа-ГIала вуьгуш ву чолхечу хьолехь хиларна.
Оцу меттигехь белхаш беш цIеххьана гIо кхачон сервисаш йу, херцарш дIасалуьстуш йу. Бохам хилла "Дагспецстрой" компанин гIишлошйаран майданахь цигахь лилхина газан баллонаш, тIечIагIдира "112" гIирсо.
Хиллачу инцидентах лаьцна официалехь бина хаам бац.
- Волгоградан Красноармейскан кӀоштахь канализацин насосийн станцехь динчу эккхийтарехь велла ши белхахо. Бехкзуламан гӀуллакх долийна талламхочо, болх бечу хенахь кхерамзаллин низамаш дохорца доьзна.
- Шо карадеачхьана оцу кепара нах лазош бохамаш нисбеллера Избербашехь а, Дербентехь а, гIуран-баттахь ХIинжа-ГIалара нах бехачу цIа чохь эккхийтар хилла йелира цхьаъ зуда.