Газан биргIа ледара хиларца доьзначух тера ду Дагестанера йагорг йуттучу станцехь хилла эккхар -Iедалхой

ХIинжа-ГIалара АЗС-хь хилла эккхар, Дагестанера Талламан комитетан телеграм-каналан агIонера эцна сурт

Керла Хушет эвларчу Plus бензинан станцехь эккхар хиларан бахьана газан биргӀа ледарчу хьолехь хилар ду. И верси зуьйш йу талламо, дийцина мехкан куьйгалхочо Меликов Сергейс. Гезгамашин-беттан 27-чохь хилла эккхар бахьана долуш велира 13 стаг, ткъа бензинан долахо лаьцна бехктакхаман гӀуллакх долийна.

"Адамийн фактор" йоцуш ца хилла бохам, дIахьедина Меликовс. Цул тӀаьхьа мехкан куьйгалхочо билгалдаьккхира, АЗС-хула дӀайоьдучу газан биргӀанан дакъа "Даггаз" акционерийн юкъараллин сервисийн декъан юкъадогӀуш хилар.

Гезгамашин-беттан 27-чу дийнахь Керла Хушет юьртара "Кавказ" шоссе тӀехь ши эккхийтар хилира, цул тӀаьхьа цӀе а йолуш. И инцидент хиллачул тӀаьхьа сихонца Дагестанан орцан министралло хаам бира 10 валарх, тӀаьхьо церан терахь лакъаделира 13 стаге. Беллачарна йукъахь шиъ бер а ду. 23 стагана чевнаш йина.

Эккхийтар хилла де даьлча, орцанхойн аьтто ца баьллера цӀе мичара йаьлла къасто: станцин кхерамазаллин система шен хеннахь дӀакъовлар бахьана долуш, йагориг чохь латтош долу чермаш дийна дисина хилла, хаам бо "Расуле хатта" телеграм-канало.

Эккхийтар хиллачул тӀаьхьа талламхоша лаьцна Plus станцин долахо Джанхуватов Марат, иза бехке вина кхерамазаллица догӀуш доцу хьелаш латторна. Гезгамашин-беттан 30-чу дийнахь ХӀинжа-ГӀаларчу Советан кӀоштан кхело 72 сахьтана йахйира иза лаьцна вуьту хан – оццул доза тохарх кхетийра талламо, бохаман бахьана цкъачунна къастийна ца хиларца.

Дагестанан Халкъан гуламан депутат хилла волу Насрутдинов Магомедгусен ву "Даггазан" куьйгалхо ву бохуш. 2016-чу шарахь республикерчу Лакхарчу кхело набахтехь даккха 5 шо хан туьйхира цунна бозбуунчаллаш лелийна аьлла. Дагестанан исс кӀоштахь бакъо а йоцуш ша Ӏуналле эцна йолу машанаш "Газпроман" структурашна йохка гӀоьртинера иза. Хьостанаша дийцарехь, марсхьокху-беттан 13-чу дийнахь Насрутдинов хеттарш дан лаьцна хиллера, амма цул тӀаьхьа цуьнга цхьа а бехк ца кховдийра.

  • 2023-чу шеран марсхьокху-беттан 14-чу дийнахь орцанхоша хаам бира, Карман-2 юьртарчу бензинан станцехь хиллачу эккхийтарх лаьцна. Юьхьанца цӀе йаьллера дуьххьал йолчу машенийн сервисан центрехь, цул тӀаьхьа бензинан станци а кхочуш. ЦӀаре хьажа герга баьхкина нах эккхийтаран тулгӀено дӀабаьхьнера бохуш дуьйцу, и сурт шайн бӀаьргашца гинчара.
  • Эккхийтар нисделлера "писалла а, сутаралла а" бахьана долуш, дIахьедира и бохам хиллачул тIаьхьа Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс. Хиллачунна цо бехкебира АЗС-н а, СТО-н а белхан боло бакъо йелларш.