Адамаш дIасадаржарх, церан тобанаш кхиар талларх йолу генетика (популяцин генетика) – керла Iилма ду, кхоладелла дIадахначу бIешеран 70-чу шерашкахь, ДНК-технологеш яржайоьлча. Делахь а цхьацца къаьмнех долу хаарш гучудоху методикаш вовшахтоха йолийна Iилманчаша карарчу бIешеран юьххьехь. Генетика доза доцуш шуьйра ю, амма историкна мехала ду цо археологица цхьаьна луш долу хаарш. Оцу цхьаалло бохьу пайда лаккхара бу халкъаш кхолладалар зуьйчу Iилманчашна.
Масала, нохчийн этногенез кхоллаялар (кхечу къаьмнийн а санна) толлучохь кIезиг ду цуьнан таханлера генетика йовзар, хаа оьшу яхначу заманашкара сурт а. И тайпа информаци ло археогенетико – цхьацца археологин культурашкара адамийн чалхаш зуьйчу генетико.
Бакъду, экам, харц информаци юкъаэяларх ларлуш, билггал бух болчу хьасташкара схьаоьцуш хила еза генетикан орам толлу материалаш.
Ала догIу оцу юкъанна, бу тоъал говзалла IаIийна нах, шайн дахарехь хьалха оцу Iилманашкахь къахьоьгуш кхиина бацахь а – кхечу, гергарчу Iилманашкара, цара дуккха а бохьу генетикаш-профессионалаш ларабелла боцчу агIонашкахь пайда.
"Кавказан Хроника" подкастан автора Вачагаев Майрбека оцу категорех лору шеца къамелдийриг – Арсанов Пахьрудди. Итт шо ду иза генетикан Iилманна чувоьлла веха, доккха зеделларг гулдина цо ша юьхьаръэцна ДНК-проект дIахьош. Проектан дайш бу цуьнца цхьаьна Чокаев Хьусайн, Магомадов Ваха, Гагаев СаIид. Тахана а бу уьш шаьш болийначу талламийн новкъахь.
– Къамел долош, Пахьрудди, луур дара ахь айхьа кху дуккха а шерашкахь доладечу ДНК-проектах лаьцна дуьйцийла. Иза стенна ийшира? Муха дIахьо аш и болх?
– Цхьаъ делахь, археологица цхьаьна беш болу и болх оьшу къаьмнийн этногенезан истори йовза. ДуьнентIерачу массо а къаьмнаш муха кхолладелла хаа оьшу иза. Кху заманахь ДНК-н (Deoxyribonucleic acid - Дезоксирибонуклеиновая кислота) тесташ яха оьшу миграцин некъаш бовзархьама. Уггаре хьалха тхуна ДНК-проект ийшира цхьацца теореш бакъян я уьш харц хилар гайтархьама.
– Маца болийна болх хьо коьртехь волчу проекто?
– 2012-гIа шо чекхдолуш йолийра оха и проект, нахе тестах чекхбовлар а доьхуш. Шайн махкахь нохчийн къам муха, муьлхачу зIенашкахула кхолладелла талла оьшура. ДНК-тесташа гойту муьлхха а къам вайл хьалха даьхначу, историн къайленашкахь дисинчу къаьмнех кхолладелла дуйла.
Амма доьза довш дац и къаьмнаш, ларш юьсу, хуьлда уьш аланаш, хазараш, гуннаш, сарматаш, скифаш, урартхой, хуриташ (Цхьа заманаш хьалха Кавказехь даьхна къаьмнаш - ред.). И зIе хаало занаша евллачул тIаьхьа а – тханалера ДНК ширачу заманашкарчу ДНК-ца юстуш.
– Шун проектна тесташ дIалуш бен-башха дуй иза хьан ло, божарша, зударша? ЖамIашца хIун башхалла ю?
– Ю, тесташ божаршкара оьцу доккхачу декъанна, хIунда аьлча, зударийн Y-хромосома яц, цаьргахула ца яьржа дайн ДНК-группа, цара шайн наношкара бен схьа ца оьцу и группа. Ткъа божарша дайн а, нанойн а группаш лелайо. Зударша а яла тарлуш ду тесташ, ненан агIо (mt-ДНК) толлуш.
– Керлачу стеган тестан жамI зуьйш шуна хIун го? Мел мехала ду и жамI?
– Уггаре хьалха тхо хьовсу STR-позицига (Simple Tandem Repeats – алссам лела, юха-юха нислуш йолу тобанийн юкъара билгалонаш – ред.), хромосомийн оцу юкъарлонаша адамийн гергарло гойту, дустарш дан некъ ло. Ткъа карарчу хенахь геном юьззина толлу тесташ ю вуно пайде. Уггаре дикачу тестан цIе ю Y-700, цо STR-аш гайтина ца Iаш, спинаш а гойту (ДНК-н жамIашна юкъара цхьа нуклеотид башхалла – ред.). И тест дика ю мутацино «Iехош» яцарна – таллам харц новкъа ца баккхарца, мутацино STR-жамI нийса ца гайта тарло, доцу гара гучудаккха тарло. Мутаци – иза кхераме дош дац, хийцамаш хIора адамехь а нисло. Оцу тесто тайпанийн гаранаш, зIенаш гойту, хоуьйту муьлха тайпанаш генашка доьрзу, гергарлонийн заманаш йовзало, тайп-тайпана адамаш вовшашна мел генара, уллера гергара ду хоуьйту.
– Тесташ еккъа цхьана Америкерчу лабораторехь дIаяхьа езаш ю?
– Яц, деккъа дIа цхьа бахьана ду – Оьрсийчохь яц къоргга талламаш бен лаборатори. Ур-атталла Европехь а яц и тайпа лаборатори. Цунна бен а дац, мила ву тест дIаелларг, еккъа штрих-кодаш йохкуьйту цо тхоьга, ткъа цIерш, доьзалш, тайпанаш оха тхаьш дIаяздо тептара. Лабораторино тхоьга файлаш йохкуьйту, ткъа уьш Москвахь а легало.
– ЖамIашца резабоцурш нислой,тайп-тайпанарчу ДНК-н проекташлахь буй къийсамаш, цакхетамаш, конкуренци? Говзалла йолучуьнга дешалуш дуй тестийн жамIаш?
– Терахьаш доьшийла дац масех кепехь. ЖамIех цатешачунна кхечу лабораторех чекхволийла ду, маркераш талла йиш ю, харц информаци сиха гучуяккхало. Къайладахьалуш хIума дац цигахь.
– Аьлча а, вуьззина теша йиш йолуш жамI ло-кха оцу ДНК-тесташа?
– Цкъачунна лабораторин жамIех ца тешшал хIума даьлла дац.
– Цхьаболучарна хетарехь, хIора къоман ДНК-н ю шен кеп, шен снип, шен гаплотоба. Тестан жамIо гойтий къам?
Цхьа а шеко яц, нохчий, гIалгIай цхьа тоба ю, орам цхьаъ бу
– Шеко а йоцуш гойту къам, дайн гаранехула къаьмнийн билгало гойту битамаш бу гаплотобанашца. Хаа аьтто бу гаранаш вовшахкхета меттиг, иза сов генарчу заманашкахь хилла дацахь, гуш хуьлу стаг, цуьнан тайп юкъадогIу тоба. Гаплотобанаш яц къаьмнийн шайн-шайн, гаранаш ду гаплотобанашца, къаьмнаш бIешерашкахь, эзарнаш шерашкахь шаьш дехаш хиларе терра, юкъара шатайпа зIе хаалуш хуьлу. Цхьаболучарна моьтту гаплотоба къаьмнийн шайн-шайн ю. Яц. Цхьатерра гаплотоба дуьненан дуккха а маьIIашкахь хаало. Дайн гаплотобанашкахула къам къасто кIоргга зераш дан деза – масала, Y-700 тест. Аьлча а, геном юьззина талла еза, гаплотобанера гаранаш зуьйш.
КХИН А ХЬАЖА: Махкара бахархой ДНК-тестех чекхбуьйлуш бу– Аьлча а, нохчий J2 гаплотобанера бу бохург нийса дац-кх?
– Аьттехьа а нийса дац. Хуьлийла дац вайн массеран а цхьа гаплотоба, цхьаьннан а къоман яц и цхьаъ. Дуккха а гаплотобанашкахь вуно дукха зама хьалха къастаделла шайн гаранаш ду, шаьш гаплотобанаш яц. Дукхахдолу нохчийн гаранаш оцу гаплотобанашкахь шаьш девлла 2000 шо сов хьалха, я кхин а дуккха хан хьалха. Амма шен гаплотоба цхьанненан а яц.
– И къорга тесташ йича, суна хетарехь, хIуттийла а дац-кх нохчий, гIалгIай геннара гергара бу вовшашна боху хаттар. ГIалгIайл тIаьхьа муьлха къам ду нохчашна уллера?
– Цхьа шеко яц, нохчий, гIалгIай цхьа тоба ю, орам цхьаъ бу. Гаплотобанаш ю юкъара церан а, кхеран а, царна чуьра гарнаш а ду юкъара, гергара. Кавказера дукха къаьмнаш ду ДНК-ца вайна герга, цхьа орамаш, зIенаш – масала. Ломан Гуьржийчоь, лулра Дагестан, ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь.
– Шуьгахь долчу жамIашца, шуьгахула ДНК-тесташ яхийтинчу нехан терахьаша гойтий Нохчийчоьнан сурт? Дукха буй шуьгахула тесташ яьхна нах?
– Тесташ яхийтинарш, цаяхийтинарш вовшашца бустича, со реза вац терахьашна, тайпанаш, гаранаш ледара зийна ду цкъачунна. Цхьадолчу таIпанийн дуккха а бу тесташкахула чекхбевлларш, кхидолчу тайпанийн – кIезиг я янне а йина яц тесташ. Дуккха а бу бан болх. Зераша нохчийн тайпанийн сурт кхин гойтур ду аьлла ца хета суна, амма керла хаарш-м лур дара.
– Нохчашна хета шаьш цхьана меттера схьадевлла, шайн дай цхьаьна бехаш хилла аьлла. Шуьгахь IаьIначу ДНК-тестийн жамIаша гойтий иштта, я масех регионехь кхиина ду нохчий къам?
– Тесташа гойту нах цхьана меттера схьабевлла хуьлийла доцийла. Вайн цхьана къомаца а дац иза, Кавказерчу массо а къаьмнийн санна ду и сурт. Вай аланех схьадевлла, скифех ду, сарматех, гуннех ду, хазарашца уьйр йисина ду бохуш дуьйцучу къамелийн а бу шен бух - иэделла ду адам Кавказехь, карайо ДНК-ца уьйраш.
– Нохчийн генезисна гонах лела муьлха туьйра Iорадаккха гIодина проекто?
Хабар бен дац цхьадолу тайпанаш арахьара Нохчийчу даьхкина ду, вуьйш бухара ду бохург
– Уггаре хьалха гучудериг ду вайн къоман тайпанаш кхаа бIене дIакхоччуш дукха ду бохург харц хилар. Дац вайн оццул тайпанаш, я хуьлийла а дац. Цхьацца кегий гаранаша шаьш тапйпанийн могIара доху. ДНК-тесташа гойту церан уьш адамийн яккхийчу тобанех дуйла. Бакъду, тесташ юкъаяхале а хаьра вайна иза хаа-м. ХIоранна а хаьа, шен гергара стаг, генара стаг мила ву. Вай, куьйга тIера пхи пIелг санна, цхьана орамна тIекхочу.
Хабар бен дац цхьадолу тайпанаш арахьара Нохчийчу даьхкина ду, вуьйш бухара ду бохург – иза тесташа гойту.
– Тестах чекхвала луучунна хIун хьоьху аш, цо хIун дан деза?
– Аьтто, таро елахь, тоьлу кIорга тест яйтар – цо дуккха а хеттаршна ло жоьпаш. И таро яцахь, жимачу теста тIера волавала мега – 59 доллар бу цуьнан мах. Почта дIасайоьдуш лург а чулерича 70-75 доллар хуьлу иза. Оцу тестах чекхваьлча йиш ю талламаш кхидIа а байн, тIе мах а луш. Ас сайга хаьттича, нахе шайн генаш толлуьйтур яра, гергарлонаш довзуьйтур дар. Историкашна, археологашна чIогIа оьшу и тайпа материалаш. Луучунна тхан проектехула тестах чекхвала мегаш а ду. Оцо хьайн орамаш, гергарлонаш довза аьтто бо.