Гуьржийчохь стохка аьхка Лапанкури-юьртана гергахь 11 нохчо а вуьйш, иккхинчу тΙематасадаларан бух тахана а толлуш ду Иванишвилин Бидзинин Iедал. Премьер-министра деношкахь гуьржийн телехьожийлехула дΙахьедина, президентан Саакашвилин Михаилан къайлахчу сервисо хΙетахь Европера шайн махка дIагулвира, Кавказ-Имаратах дIа а кхетта, Оьрсийчоьнна дуьхьал тIемаш бан лууш волу 120 нохчо, амма царна тешнабехк а бира, аьлла. Иванишвилис бахарехь, цуьнан гоно кестта Iорадоккхур ду бакъдерг.
Гуьржийчоьнан президента Саакашвили Михаила бакъдац боху шен гонерчу хьаькамаша Европера нохчийн мухΙажирш Тбилисехь гул а бира, уьш тIамана кеч а бина, Нохчийчу хьовсо а бохкура бохург. Оцу хьокъехь къамел деш волу Иванишвили Бидзина харц луьйш хилларал а совнаха, Гуьржийчоьнна доккха зулам тΙеийзош а ву, боху цкъачунна президентан гΙентара воссанза волчу Саакашвилис.
Иванишвилин хΙун бух бу Саакашвили а, цуьнан куьйга къелхьара къайлаха сервис а,120 нохчо махка а кхайкхина, 11 вен а вуьйш, царна тешнабехк бина баха?
ХΙетахь Ιедало дΙахьедира, шайн эскарш Дагестанна гергарчу хьаннашкахь герзахошна тΙеΙиттаделира, цара уьш хΙаллакбира, аьлла. Юхьанца бохура и герзахой-нохчий, пачхьалкхан доза а хадош, чубаьхкинера, цара герз охьа ца диллича, шаьш уьш хΙаллакбира. Хиллачун цхьа юьхьиг гучуяьлча, хаийтира, и нах цхьана декъанна кистой а бу, махкара герзаца арабовала а гΙертара, аьлла.
Кхин цхьа а билгало а йоцуш дисира хилларг – кистойх верг а, воцург а дΙавоьллира Паьнказахь. Бухарчу бахархошна ца лаьра нохчашний, гуьржашний юкъадоьлла дов дΙадахлойла. Бакъдерг къаьстича цхьаъ дер вай, ткъа дерг хууш а доцуш, къаьмнашна юкъа цим тосу эладитанаш цадаржадар дийхира Кавказ-Имаратан цΙарах Маршо Радионехула цуьнан векалша а.
Амма хΙинццалц хилла боцу къастам, Иванишвили Бидзинах тешча, хуьлуш лаьтта. Талламийн могΙарахь кху деношкахь аьхкина, хΙинца а дΙакъовланза ду Паьнказахь хΙетахь байинчу нохчех дΙавоьллинчу кхааннан каш.
Цигара хьал довзийтира Маршо Радиона меттигерчу журналиста Хангошвили Тумишас.
Хангошвили: "Бахархой реза бацара кешнаш ахкийта, иза вайн динца а, Iадаташца а догIуш дацарна. Амма беллачийн дайшна лира хилларг мА-ддра таллийта. Цу тIе, нехан дуьхьалбовла а ма яций йиш. Иштта аьхкина кешнаш. Гергарчара йозуш йоцу экспертиза йоьху. Амма Iедало шеггара къастийна и экспертиза а. Иштта лаьтта хьал. Селхана цигахь гулам а хилла. Тахана цхьа къастам хир бу аьлла, хуур ду-кх".
Дийцира Хангошвили Тумишас муха кхетадо кистоша нохчийн баларшна гонаха гуьржийн керлачу Ιедалан жигараллица гΙаьттина леларг а. Нах реза бац кешнаш ахкарна а, лелларг ма-дарра хаа а хаийтина, дуьхь-дуьхьал лаьттачу Саакашвилин а, Иванишвилин а агΙонаша хилла даьлларг дижа дуьтуш цахиларна а.
Хангошвили: "Кегийча, хилларг а, таанлераниг а, ший а Iедал бехке ду. Шена пайде доллучу агIор дерзон гIерта таханлера Iедал. Кхузара бахархой дукха хIуманна юхаийзало, гуьржийн паччахь дуьненна хьалха юьхь Iаьржа цахIотторхьама".
Мухха а делахь а, инзаре бу Саакашвилин ницкъаша нохчашна бина тешнабехк, Иванишвилис дийцарехь. Цуьнан верси иштта ю.
Тбилисе дΙа а гулбина, буьйсанаш яха цхьацца меттигаш а елла, кхаьбна Европера кхайкхина балийна нохчий. Уьш дΙагулбинарш а, герзаш лелон Ιамабайтинарш а бара бохуш, цΙерш йоху Иванишвилин гоно хΙетахь тΙеман министр лаьттинчу Ахалая Бачон а, полицин куьйгалхо Ιийначу Вано Мерабишвилин а. Амма цара шаьш бехке цахилар кхайкхадо кест-кеста.
Иванишвилис бахарехь, нохчашна къордийна маситта баттахь шаьш Нохчийчу дΙа ца хьовсош Ιедалша кхабар, цара иза дΙакхачийна а хилла хьакамашка. ТΙаккха гулбина нах Дагестанца дозанехь йолчу Лопота-чΙажахь вовшахтоха болийна, Нохчийчу дехьабохур бу, аьлла.
Эццахь оцу нахаца доьзна дар-дацар иккхина тΙеманний, чоьхьарчу гΙуллакхийн министралланний. Оцу хьелашкахь, нохчашка герз охьадилла а аьлла, цара и кхочуш ца дича байъина уьш – 11 стаг. 120 стагах дийна дисина доккхаха дакъа, Лапанкурехь хилларг нисделча, луларчу Туркойчу дΙабахийтина. Иштта ду Иванишвилис довзуьйту сурт.
Цхьана декъанна Гуьржийчоьнан керлачу хьедалан хьостанаша бохург тΙечΙагΙдеш нисделлла, хаамийн гΙирсашна цкъа-шозза бен интервью елла вацахь а, Лапанкурехь 11 нохчо вуьйчу дийнахь, оцу байъинчарний, Ιедалан ницкъашний юкъалеллачу парламентера, Австрехь вехачу нохчочо Чатаев Ахьмада дийцинарг а.
Иза юьхьанца граната а карахь лаьцна дозанхоша Лопотахь, аьлла, кхеле озийра. ТΙакха амнисти ечу тутмакхийн декъавахийтира. Амма Чатаевс ша реза вац элира иштта набахтех мукъавала, шена хьашт яц амнисти, ша хΙуманна а бехке вац. Кху бΙаьстенан юьххьехь Гуьржийчоьнан прокуратурано цхьана а хΙуманна декъахь вац, аьлла, бехках мукъаваьккхина Чатаев Ахьмад.
ХΙетахь, Лапанкурехь юкъарло лелош воллучохь шена Чатаевна а йира чов. Цуьнгара хьал а девзаш, леллачух хуург дийцийта дагахь, цуьнца зΙе лаха гΙоьртира Маршо Радио. Амма тхан бехкана а доцуш, цкъачунна каронза ю и зΙе.
Чатаевгарчу хьолах лаьцна и вевзаш йолчу Паьнказарчу журналиста Хангошвили Тумишас иштта элира.
Хангшвили: "Иштта шен хIетахьлерчу хьолехь ву-кх иза, гIолехьа ву ала а дац".
Лопота-чΙажахь байинчу нохчех дерг билгалдаланза Гуржийчохь а хиларе терра, вайна а хаац цкъачунна бакъдолчун массо а агΙонаш. Цундела Маршо Радионо тергонехь латтор ю хΙара тема.