Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жеральда дIахьедина, "Гергарчу Малхбалера хиламашна а, Аррас гIалара школана тIелатар дарна а йукъахь зIе" йу аьлла. Цунах лаьцна цо дIахьедина францхойн TFI каналан эфирехь. Палестинан а, Израилан а конфликтаца зIе муха йоьзна ю, министро билгал ца даьккхина.
ПIераскан Iуьйранна дина тIелатар: вийна хьехархо, кхин а кхаа адамна вон чевнаш йина. Шеконашкахь верг ву 2003-чу шарахь Оьрсийчохь вина Могушков Мохьаммад. Полицино шайн тергонехь латтош хилла иза, S тептара йукха а вахийтина радикалан ислам даржорна, чIагIдо Le Figaro гIирсан хьасташа. BFM TV ресурсо хаамбо, шеконашкахь верг – оцу школехь дешнарг ву бохуш. Ша тIелетачу хенахь "АллахIу Акбар" бохуш, мохь биттина хилла цо.
Шоьтан Iуьйранна оцу гIуллакхца доьзна лаьцна, полицихь латтош ву 10 стаг, ша тIелеттарг а цхьаьна, хаамбо оцу гIуллакхна гергарчу шайн хьасташна тIетевжина BFM TV телеканало. Могушков воцург а, лаьцна цуьнан ши ваша а, нана а, йиша а, деваша а, хетарехь Беларусера волу кхин а ши стаг. Цаьрца зIенехь хилла боху тIелеттарг. TFI телеканалан эфирехь Дарманена дIахьедина 12 стаг лацарх, амма церан цIераш ца йаьхна цо.
- Къоман дешаран министр Атталь Габриэль хилира Аррас гIалахь, зезагаш дехкира цо вийначу хьехархочунна сихаллехь хIоттийначу мемориална тIе, оршотан дийнахь йоллу Францихь тезетан де хир ду.
- "Новый Дош" журнало чIагIдо, Могушков а, цуьнан доьзал а ГIалгIайчоьнан бахархой бу бохуш. Хьалхо дуьйцура бехкехетарг - Нохчийчуьра схьаваьлла ву бохуш.
- Le Figaro хьосто йаздо, пхеа бераца МогушковгIеран доьзал 2014-чу шарахь пачхьалкхера арабакха безаш бара, амма цаьргахьа гIо даьккхира цхьа могIа гуманитаран йукъараллаша, цара дуьхьало йира царна депортаци йарна. Иштта гIирсан хаамашца, Мохьаммадан ваша, 22 шо долу Мовсар, Елисейн шахьарна тIелатар дан кечлуш гучуваьлла набахте хьажийна ву цхьана адамийн тобанца.
- 2020-чу шеран гIадужу-беттан 16-чохь Парижана гена йоццучу меттигехь вийра историн хьехархо Самюэль Пати. Ша веле хьалха дешархошца дешан маршонах дуьйцучу цо, Charlie Hebdo журнало Мохьаммад Пайхамарна йехкина карикатураш гайтинера. Ша къамел доладалале хьалха цо аьлла хиллера, классера бусулба бераш арабовла мегар ду, нагахь санна, и карикатураш шайна товш йацахь. Нохчийчуьра вахархочунна Анзоров IабдуллахIана Пати вевзаш ца хиллера, амма цунна гинера цунна луьйш дIайазйина видео. Хьехархочо болх бечу колледжна улло а веана, иза аравала ларвина, цунна лечу метте урс тоьхнера цо. Анзоровна герз туьйхира францхойн полисхоша, иза лоцучу заманчохь. Нохчийчохь дIавоьллина ву иза.