Германехь нохчийн мухIажар дIалаьцна – иза лехамашкахь вара Оьрсийчоьно схьавехарна

Германин полици, гайтаман сурт

Австрехь мухIажаран статус йолу Нохчийчуьра вахархо дIалаьцна Германехь. Оьрсийчоьно Интерполан системехула лехамашка велла хилла кхузткъа шо долу нохчо, цунах лаьцна Германин полицина тIе а тевжаш дийцина бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацехь.

"Оьрсийчоьнан дехарца Интерполо лацаран цIен ордер яьккхина хиларна дIалаьцна и нохчо", - яздо "Вайфондо". Организацин Австрин миграцин сервисехь тIечIагIдира, лаьцнарг, цуьнан цIе йоккхуш яц кхерамазалла ларъярхьама, 2004-чу шарахь дуьйна мухIажар ву.

ДIалаьцначун вашас бахарехь, шен доьзалца Австрин дозанехула садаIа воьдуш хиллера иза, амма ца хууш доза а хадийна, Германехь нисвелира. Цигахь иза полицин патруло сацийра, тIаккха кехаташка а хьаьжна, полицин декъе дIавигира. Телефонан зIе йан бакъо а яьккхина, шен доьзале хаам бира цо, ша Интерполехула лехамашкахь хилар.

Цуьнан вашас дийцарехь, ткъех шарахь гергга низамца проблемаш яцара шайн, амма церан Нохчийчуьра гергара нах масийттаза дIабигнера ницкъахоша, дозанал арахьа болчу гергарчарах хеттарш дора цаьрга. 2000-гIа шо доладелча цо а, цуьнан вашас а нохчийн тIемалошна сурсаташца гIо латтийна, бохуш дийцина къамел дечо.

  • 22 шо долчу суртдиллархочо Ясуев Iабдул-Хьадиса дIахьедина, ши шо хьалха ша кхаьчначу Францино депортаци йан мега шена. Цо бахарехь, цуьнан дахарна кхерам лаьтта Нохчийчохь. France Bleu сайто яздарехь, шозза шена тховкIело йала реза ца хилла йолчу Италехула кхаьчна Ясуев Франце. ХIинца а и статус Францехь а ца елла цунна – шен гIуллакх тIедуза аьлла цуьнга Iедало, амма хууш дац, муьлхачу бух тIехь.
  • Украинера тIом болабелчхьана сих-сиха хуьлу нохчашна дуьхьало еш, йа европхойн пачхьалкхаша депортаци йина меттигаш. Къилбаседа Кавказера схьабевлла, Оьрсийчоьнан паспорт долчу бахархоша кест-кеста латкъамаш бо къоман а, динан а билгалонашца шайца дискриминаци лелош хиларх румынхойн миграцин хьукмато. Бакъонашларъярхойн хаамашца, къаьсттина иза хьакхало нохчех: царна ян тарло депортаци, йа лаца тарло уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, Румынин доза транзитехь хадош хилча а.
  • 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан I3-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.
  • Стигалкъекъа-беттан 20-хь шведхойн Векше гIалин юккъехь митинг хIоттийра, Нохчийчуьра вахархочун Ш. Артурана Оьрсийчу экстрадиции ярна дуьхьал – Швецин миграцин сервис реза ца хилира Ш. Артурана мухIажаран статус йала. "Вайфонд" ассоциацехь Кавказ.Реалиига дийцира, мухIажар шена тIехь Iазап латтош хиллачу Нохчийчуьра ведда.