Германино тховкIело йелла Кадыровн критикна. Хьалхо цунна кIело кечйинера

Абдурахманов Мохьаммад

Политикан тховкIело йелла Германино Нохчийчуьра вахархочунна Абдурахманов Мохьаммадна – бакъоларйархочунна, оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон вешина. Хьалхо Мюнхенера кхело таIзар кхайкхийра Мохьаммад вен кечлуш хиллачунна.

ТховкIело йаларх хаамбина Абдурахмановс шен ютьюб-каналехь, цо баркалла аьлла Германин Iедалхошна и сацам барна.

Хьалхо шозза дуьхьало йира иза тIелаца, амма 2021-чу шеран зазадокху-баттахь, иза вен гIоьртинчул тIаьхьа, Аугсбурган административан кхело тIедожийра миграцин а, мухIажарийн а гIуллакхехула йолчу хьукматна (BAMF) Абдурахмановна а, цуьнан доьзална а тховкIело йаларх йуха чуделла дехар листа аьлла.

  • Абдурахманов Мохьаммад – Германира бакъоларйаран нохчийн "Вайфонд" ассоциацин векал ву. Цунна кечдина хилла тIелатар йукъахдаьккхира Германин бакъоларйаран органаша 2020-чу шеран гIуран-баттахь.
  • 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь Мюнхенера Лаккхара лаьттан кхело бехке лерира Нохчийчуьра вахархо Дадакаев Валид, Абдурахманов Мохьаммад вен Iалашонца тIелатар вовшахтохарна. Дадакаевна чохь даккха 10 шо тоьхна.
  • Йуьхьанца иза вер кхачийнера Нохчийчохь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина, Кадыровс амнисти йелла Аурбиев Тамерланна. Дадакаевца цхьаьна зуламна кечам болийна а хиллера Аурбиевс, амма тIаьххьара а Абдурахманов Мухьаммадца зIене ваьллачу цо дIадийцинера, иза вен кечлуш хиларх. Deutsche Welle ресурсан хаамашца, Аурбиевс гIо дира талламна, цуьнан кхерамзалла латтийра тешаш Iалашбечу программехула
  • 2020-чу шеран чиллин-баттахь кIело йинера Абдурахманов Мухьаммадан вешина, оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона. Кхин цхьаъ кечйеш хиллера 2022-чу шеран гуьйранна кхочушйан.