Дуьххьара бусулба зуда кхаьчна Бундестаге

Германи -- Юха а (кхозлагIа) немцоша шайн лидер хаьржина Меркел Ангела.

Даханчу мукъаденошкахь хаьржинчу немцойн парламентан декъашхошна юкъахь масех бусулба депутат ву. Бакъду, дуьххьара ю царна юккъехь Iедалехь йолчу керста-демократин партин кандидат хилла бусулба зуда - Семиль Юсуф. Цо шена тамаше ца хета, ша "керста" цIе йолчу партин декъашхо хилар, шен партино Германехь бусулбанийн аьттонаш шорбина, боху.



ТIаьххьарчу харжамашкахь Меркелан Керста-Демократин партино баьккхина толам историкаллин лору аналисташа, иштта кхиаме жамI цу партино гайтина хиларна. Амма цуьнца цхьаьна иштта историкалле лара догIу, дуьххьарлера бусулба зуда Керста-Демократин партин цIарах Бундестаган депутат харжар а. Иза 27 шо долу турко Семиль Юсуф ю.

Шен харжамийн программехь къоначу бусулба политико дIахьединера, кхечу къомах волу кандидат харжамашка хьалхататтар тоьаш дац, мигрантийн интеграци яр политикан партино я боламо, пачхьалкхан тIегIана тIе а доккхуш, шен коьртачу Iалашонех цхьаъ йина яцахь, аьлла.

Ткъа иза декъахь йолчу Керста-Демократин партино и Iалашо, Семилна хетарехь, юхьара лаьцна ю. Цо дийцарехь, немцойн политикан ницкъашна юкъахь кхечу къаьмнийн векалшца дерг уггаре а кхиамца кхочушдийраш керста-демократаш бу, ур-атталла социал-демократаша а, Баьццарчу партино а чул мехала лору цара хйирачу къаьмнех болчийн бакъонаш а, церан хьашташ а.

Масала далош, Семила хьахийра масех шо хьалха Керста-Демократин партино Германехь дуьххьарлера бусулба стаг министран дарже хIоттийна хилар. 2010 шарахь немцойн Райн Вестфаллиян лаьттахь интеграцин министр хIоттийна йолу турко Озкан Айгюль юьйцура цо.

Шен керлачу балха тIехь ша юхьара лоцундерг къоначу политико билгалдаьккхира, Германехь тIаьхьарчу шерашкахь уггаре а боккхачех бала хилла лаьтта болхбацаран проблема тергоне оцур ю ша аьлла.

„Суна йоллучу Хагенан депутатат хилла лаьа, цхьана туркойн диаспорин хилла а ца Iаш“, - элира цо, ша хаьржина гIала хьахош.

Семиль Юсуф шайх гастарбайтерш олуш болчу, даханчу бIешеран 70-чу шерашкахь Желатойн махкарчу Фракия меттера Германе белхаш бан схьабеъначу туркойн доьзалера ю.

Цо Боннерачу университетехь политикан а, юкъараллин а факультет чекхъяьккхина, ткъа иштта бусулба Iилманаш а Iамийна. Немцойн Къилбседа Рейн Вестфаллия лаьттан доьзалан а, зударий а, интеграцин а министраллехь белхаш бира цо дешна яьлчул тIаьхьа.

Семиль Юсуф Бундестаган депутат хаьржина хилар цуьнан шен доьзална кхаъ хилла ца Iаш, Туркойн махкахь а хазхетарца тIеэцна. Туркойн вице-премьера Ариндж Бюлента элира, хIинцачул тIаьхьа немцойн урхалло Туркойн махкаца цхьаьна болхбарна а, доттагIаллина а алсам меттиг лург хиларе сатуьйсу ша, аьлла.

Кхушара немцойн Бундестаге тайп-тайпанчу партийн цIарах итт туркойн кхомах волу депутат хаьржина. Иза хьалхалерчу харжамашкахьчул шозза лекха терахь ду. Иштта дуьххьара парламенте хаьржина шиъ Iаьржачу чкъурах волу депутат а - Сенегалера орам болу Дьяби Карамба а, иштта Мюнхенан вахархо Хубер Чарлз а - иза а ву сенегалхо.