Керла аьттонаш бина бусулбанийн Германерчу ХIамбургехь

Германи -- Керла аьттонаш бина бусулбанийн Германерчу ХIамбургехь.

Немцойн махкахь бехачу бусулбачу нехан бакъонаш шоръярехь рогIера гIулч яьккхина цигарчу Iедалша. ХIамбург гIалин куьйгалло меттигерачу бусулба нехан юкъараллийн векалшца барт бина, керистанчеран санна, бусулбачийн а шайн дезденошкахь мукъа хила бакъо хир йолуш.
Цу документан агIонашкахь дийцаре динчарех ду цу махкахь бехачу бусулбачара шайна тIеоьцуш долу декхарш, масала, немцойн коьрта низам, Конституци, ларъяр а, иза ларар а, зударийн, божарийн бакъонаш цхьатеррачу тIегIана тIехь ларъяр а, террорхошца я радикалан хьежамашца болчаьрца доьзна долу зуламаш емалдар а.

Амма иштта вуно мехала ю цу низамехь билгалъяхна йолу бусулбачийн бакъонаш. Царна юккъехь ю, масала, ислам дин лелораш шайн дино ма - хьеххара бусулбачу кешнашкахь дIабохка йиш хилар.

Германехь бусулба кешнаш, хIора а гIалахь аьлча санна, долуш делахь а, амма царех доккхахчу декъехь бусулба нах деккъа цхьана марчонца лахьти чу бахка бакъо ца ло Iедало, меттигерачу низамашца белларш леринчу дечигах йинчу яьшкеш чохь (оьрсийн маттахь аьлча, гробаш) бен лаьтте берзо магош ца хиларна.

Цундела бусулбачара а дукхох йолчу немцойн кIоштанашкахь шайн белларш цкъа хьалха марчо а хьарчадой, цул тIаьхьа яьшкичохь дIабухкура. ХIинца и хьал хийцалур ду, бусулбачарна велла стаг шайн Iадаташца лаьтте верзон маршо елла хиларна.

Кхин цхьаъ вуно мехала сацам бу керлачу барта юккъехь тIеэцна. Иза бусулбачу нехан дезденойх лаьцна бу. ХIинцачул тIаьхьа ХIамбург лаьттахь бехачу бусулбачийн- ткъа уьш 100 эзар стагал сов ву, - йиш хир ю бусулбачу нехан дезденошкахь шайн балха тIера я дешарера мукъа эца.

Цу кепара, ислам динера дезденош керистачийн дезденошца бакъонашкахь дIанисдина Iедало.

И тIаьхьарниг вуно мехала лору ХIамбургехь бехачу вайнаха а. Луларчу Австрехь маццахехь дуьйна яра бусулбачийн мукъаденош маьрша эца бакъо, амма шаьш хIинцалца царех хьоьгуш Iара, бохуш, дуьйцу ХIамбургерачу университеть физика-Iилма Iамош йолчу Маликас.

Малика: „Дера ду цара динарг чIогIа дика хIума. ХIинца ваха а, ван а дезденошкахь йиш хир. Хьалха Австрехь Iаш болчу тхайн шичойх хьоьгуш Iара тхо, уьш марха къобал дечу дийнахь, вовшах а кхетий, хаза цхьаьна Iен йиш йолуш. ХIинцачул тIаьхьа тхан а хир ю, марха достуш а, гIурба деш а цIахь Iен йиша. ХIинца-м олура дара ас тхайн Австрерачу гергарнахе, хам бац шу, тхан а ю шуна хIинца бусулба нехан дезденошкахь цIахь Iен бакъо, аьлла“.

Цу гIалин да волчу Шольц Олафа шинари дийнахь бусулбачаьрца керла барт тIеэцначул тIаьхьа журналисташка вистхуьлуш билгалдаькхира, хIинцачул тIаьхьа ислам немцойн юкъараллехь иза кхечу динашца а цхьана могIаре хIоттош йолчу, шена хьакъйолчу бакъонашца хIоттаделла, аьлла.

Иштта и барт тIеоьцуш декъахиллачу цу гIаларчу Туркойн-Бусулба Цхьаьнакхетараллин векал волчу Алтюш Закарияс а элира, керла низам бусулба дин а, бусулбачийн сий а немцойн юкъараллехь мукIара дина хиларан тоьшалла ду, аьлла.

Керлачу бертан агIонашкахь, хьахийначул сов, иштта билгалдаьхна ду, ХIамбургехь керла маьждигаш дан а, бусулбачийн културан кхерчаш кхолла а йолу бакъонаш. Кхузахь хьахон догIу, нагахь санна хIинцалца схьа и маьждигаш а, кхерчаш а дозанал арахьарачу - я Туркойн махкарчу я Iарбойн пачхьалкхашкарчу спонсорийн гIоьнца деш хиллехь, хIинцачул тIаьхьа уьш гIалин кисан чотах дан бакъо хир ю бохург.

ХIамбург-гIалахь а, цуьнан йистошкахь а вехачу 100 эзар сов бусулба стагана боккха кхаъ бу и сацамаш тIеэцар. И санна болу барташ, цу гIалах масала а лаьцна, шаьш-шаьш долчехь тIеэца лаам кхечу Германерчу лаьттанийн дайша а къадийна хилар тидаме эцча-м муххале а.