Нохчийчоьнна лерина суьйре дIаяьхьира Берлинерчу театрехь

Германи -- Берлинхоша дуьненца латтачу гергарлонийн зIенаш гойту стенд, Берлин, 09Заз2010

Гулбеллачарна йийшира Iамеркахочо Лителл Йонатана шена Нохчийчохь гинчух лаьцна дуьйцуш язйинчу книгин кийсакаш. Иштта Соьлж-гIаларчу дахарх лаьцначу фильман дакъош а гайтира театрехь.

Йонатан Лителл Малхбузехь дика вевзаш яздархо ву. Цуьнан дай цкъа мацах, Оьрсийн имперера бевдда, Цхьанатоьхначу Штаташка дIабахначу жуьгтех бу. Ша Лителл Францехь хьалакхиина ву, ткъа карарчу хенахь Испанерчу Барселонехь вехаш ву. Цигахь тайп-тайпанчу адамийн бакъонаш ларъяран юкъараллийн декъашхо санна болх бина цо, доллучу дуьнентIехь, Африкера Босне кхаччалц, дикадаран миссешца некъаш а деш.

Цу новкъахь хийлаза Нохчийчохь а хилла яздархо. Шина тIамана юкъехь, 1996-чу шарера 1998-гIа кхаччалц „Мацаллина дуьхьал акци“ цIе йолчу юкъараллийца Нохчийчу гуманитаран гIо кхоьхьуш вара Лителл. Ткъа цул тIаьхьа 2009-чу шарахь кхин цкъа а ваханера иза шена дика бовза а, беза а кхиинчу нохчийн махка. Цигара юхавирзича цо книга язйира, „Нохчийчоь, кхозлагIа шо“ аьлла цIе а йолуш. Цу тIехь цо яздо, цхьана агIор, бакхий сатийсамаш кхуллуш болу, ткъа, вукха агIор, баккхий кхерамаш самабоху тидамаш, ша Нохчийчохь бина болу.

Еарий буса Берлинерчу Максим Горький театран гIишлонехь Нохчийчоьнна леринчу суьйренехь дакъалоцуш вара Лителл. Цо шен „Нохчийчоь, кхозлагIа шо“ цIе йолчу книгех лаьцна дийцира, шена Къилбаседа Кавказехь зеделлачух а, гиначух, ткъа иштта и книга язъян шена дагадарах лаьцна а дуьйцуш. Цу книги тIера кийсакаш йоьшуш театрехь болх беш йолу ши актриса яра. Иштта суьйренехь дакъалецира карарчу хенахь Францехь ехаш йолчу „Ингушетия. Ру“ интернет-порталан коьрта редактор йолчу режиссера Мальсагова Розас а. Скайп интренет-машанехула гулбеллачаьрца зIене яьллачу Мальсагова Розас дийцира, карарчу хенахь Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а хIоттаделлачу хьолах лаьцна, суьйренехь дакъалоцучеран хеттаршна жоьпаш а луш.

Берлинерчу Немцойн-Кавказхойн Юкъаралин куьйгалхо Маас Эккехард а вара суьйренехь дакъалоцуш. Цо иштта дийцира Маршо радионе цу хиламах лаьцна.

Маас Эккехард: “Лителла ша Соьлжа-гIала вахча, шена гинчух лаьцна дийцира. Журналистана цигахь гуш долу, вайн массарна дика девзуш долу хIуманаш дара уьш. Иштта суьрташ а гайтира цигахь, режиссер Крюгер Петер 2004-чу шарахь Соьлж-гIала вахана волуш цо даьхна долу. Цул тIаьхьа 2010-чу шарерчу керлачу Соьлжа-гIалин суьрташ а гайтира“.

Маас Эккехарда вуьйцу Крюгер Петер вевзаш волу немцойн режиссер ву. Иза шозлагIа тIом боьдучу муьрехь хийлаза Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а хилла. ГIалгIайн театрехь цо Нохчийн а, гIалгIайн а артисташца „Нана Кураж“ цIе йолу гайтам хIоттийра Бертолд Брехтан пьесин тIехь.

Максим Горькийн цIарахчу театрера Нохчийчоьнна лерина йолу суьйре режиссера Крюгер Петера а, яздархочо Лителла Йонатана а гулбеллачеран хеттаршна жоьпаш даларца дIайирзира.