Герз кхуьйсуш хелхар. Белгородехь муха дагахь лаьтта кадыровхой

Гайтаман сурт

Белгородера Валуйки гIалахь Нохчийчуьра тӀеман эскархой герзаш детташ хелхабийларо йуха а хеттарш гIиттийна тIамехь цара хIун дакъа лоцу-те бохуш. Оьрсийчоьнан тӀеман корреспонденташ олучу наха бехкебора кадыровхой меттигерчу бахархошца девнаш хиларна а, тIеман хьаларчу позицешкахь ца хиларна а. Уьш цига хьовисйнера Харьковн кӀоштахь "буферан зона" кхолла. Ичкери йозуш йоцу республика хилар къуьйсучу юкъараллин жигархоша Кавказ.Реалии сайтаца динчу къамелехь билгалдаьккхира: цара лелочунна деш таIзар цахилар йоллу Оьрсийчохь даьржар ду аьлла.

"ТIаьххьара тIадам"

Валуйки – 33 эзар стаг шена чохь вехаш шира гIала йу. Украинаца долчу дозане цигара дIа 15 чакхарма йу, кIоште кхача – кхин а иттозза сов. XVI-чу бIешерийн чакхенехь иза йуьллучу заманчохь Москван пачхьакхан уггар а къилбан форпост хилира цунах. Украинана дуьхьал шуьйра тIом болийначул тIаьхьа Валуйкина дукхазза тохарш дира, цигахь беллларш а бу, лазийна маьрша нах а бу.

Товбеца-бутт чекхболуш интернетехь видео гучуйелира, администрацина хьалха дӀахӀиттийначу йезачу машенашна уллохь лаьтта маьршачу духарца волу стаг хьала герз а детташ, шена гонаха лаьттачу эскархошца цхьана хелхаволуш. Белгородерчу "Пепел" зорбанан гӀирсан журналисташа геолокацеш йина видеона - иза йаьккхина Валуйки-гӀалин йуккъехь.

Цу хиламо оьгӀазбхийтира оьрсийн "тӀеман корреспонденташ" олурш. "Ветеранийн кехаташ" канал лелочу Белгородан вахархочо Каргапольцев Алексейс билгалдаьккхира, герз детташ, лезгинка хелхар дар цхьаъ бен доцу масал дац Нохчийчуьра эскархоша "хIокху масийтта баттахь" йух-йуха лелочу хIуманашка хьаьжча."ХIара иштта кхин дIа хилийта йиш йац. Кху деношкахь хилларг – тIаьххьара собар кхачор ду".

Каргапольцевс къастийра, гIалин майданахь кадыровхойн Шейх Мансуран цIарахчу батальонера эскархой хилар. Кавказ йоккхучу хенахь ламанхойн дуьхьалонан лидер хиллачун цIарах дакъа вовшахтуьйхира 2023-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун лаамца. Ала дашна, оццу цIарца Украинехьа тIемаш беш дакъа доллушехь.

Валуйки гӀалахь герз диттина видео зорбане йаьккхинчул тӀаьхьа полисхоша таллам болийра, амма цул тӀаьхьа шаьш дина жамӀаш ца довзийтира. Ша-шех "ДНР" олучу мехкан куьйгалхочун хьехамчас "Блокнот" зорбанан гӀирсана комментари йеш дIахьедира, нохчийн куьйгалхочо "Ахмат" олучу лерринчу эскарийн буьйранчана Алаудинов Аптина тӀедиллина хилларг къастор. Ткъа Валуйкехь хелхарш динарш тIеман хьалхарчу позицешка хьовсийна бохура. Цхьана а тайпа официалехь тӀечӀагӀдина дац иза.

Бахархой паргIат хуьлийла дуй?

Депутат Делимханов 2023-чу шарахь мангал-баттахь губернаторца Гладковца цхьаьнакхеттачу хенахь цо тешийра, нохчийн дакъоша регионан дозанаш лардийр ду, ткъа Белгород-кӀоштан бахархойн "паргIат хила" йиш йу аьлла. Цхьа шо даьлла цхьа а тоьшалла гучу ца делира кадыровхоша мохк ларбарехь жигара дакъалоцуш хиларан, хаамбира Кавказ.Реалии сайте "Пепел" телеграм-каналан коьртачу редакторо Белгородерчу журналисто Парменов Никитас

Нагахь санна буьйсанан клуба хьалха Ӏуьйранна девнаш дохуш хиллехь, уьш хьалхарчу тIеман могӀарехь бац

"Шарахь масех видео яржийнера социалан машанашкахь, цу тӀехь "Ахматан" дакъоша цхьацца территори тӀехь герзаш детташ, амма иза шеконе тӀечӀагӀдар ду тӀеман эвсаралла хиларан. Кхин долу тӀеман министраллан дакъош тоххара а санна, хьалхарчу позицешкахь ду хIинца а", - билгалдоккху къамелдечо.

Товбеца-бутт болалуш "тӀеман корреспонденто" Романов Владимира дӀахьедира, Белгород-кӀоштахь "тиктокерш" (иштта олу хаамийн гӀирсашкахь "Ахматан" эскархойх, кест-кеста цара зорбане хӀиттийна видеош бахьана долуш) салтийн баккъаш тӀехьа дӀахӀиттийна бу аьлла. Цул тӀаьхьа тӀеман блогерша хаам бира, нохчаша Романов лоьхуш ву, "цо аьллачу дешнех жоп деха". Дукха хан йалале цо зорбане йаьккхира къинтӀера довлар доьхуш видео, ткъа ша йовзийтина информаци теллина йац бохура.

Кадыровхой кхуза сехьабаьхначул тӀаьхьа а дора Украинин эскарша Белгород кӀоштан территори тӀехь тӀелетарш, дагадоуьйту Парменовс. 2024-чу шеран зазадокху-баттахь Украинан ВСУ-н тӀемалой гӀоьртира тӀом боьдуш чӀогӀа зенаш хиллачу Белгородерчу Козинка юьртахь куп тоха. И тасадалар хиллачу меттехь баккъалла а кадыровхойх хилла аьлла, хаамаш ца бира.

Цуьнца цхьаьна "Ахматна" а, меттигерчу бахархошна а йукъахь девнаш кхидӀа а лаьтташ ду. Валуйкира йаьккхинчу видеоца цхьана хенахь гучуйаьлла "Герз дӀадаккхал!" бохуш, маьхьарий детташ, нохчашца Белгородера "Керла Вавилон" клуба хьалха йаьккхина видео. "Нагахь санна Ӏуьйранна буьйсанан клуба уллохь Iуьйранна нах девне бевллехь, уьш тIеман хьалхарчу могӀарехь бац, тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалоцуш а бац", - элира журналисто.

Украинахошна гӀо деш хилла Белгородера волонтер Демиденко Александр а лачкъийра "Ахматан" эскархоша. ТӀаьхьо иза, пачхьалкхана йамартло ярна официалехь бехкевира, чӀагӀдо къамелхочо. Стигалкъекъа-баттахь талламан изоляторехь велла карийра 61 шо долу стаг.

"ДIакъовланза гештальт"

Нохчий кийча бу шайн даймохк ларбан, амма Путинан геополитикан хьаштийн дуьхьа луларчу махкахь бала ца лаьа, билгалдоккху Францерчу къобалйазчу Ичкерин республикан сийлахьчу консуло Албаков Шамила Кавказ.Реалии сайтаца динчу къамелехь. Цунна хетарехь, мел "без тӀом" бу бохуш, пропаганда шен ма-хуьллу сурт хӀотто гӀортахь а, массо а дика кхета, цу тӀехьа цхьа а идеологин компонент йоцийла.

ХIинца манкурташна шаьш шайн хIусамехь хилла ца Iаш, махкахь а дай хета

"Белгородерчу бахархошца хиллачу конфликташа оьгӀазбахийтинчу "тIеман корреспонденташна" цхьа хӀума бен хьеха йиш йац. Дагадаийта, Кремло ша кхиийна хилар Кадыров, а цуьнан го а нохчий охьатаIо, царна магош хилар дерриг а: ницкъ бар, нах лечкъор, Ӏазап латтор. ХIинца манкурташна шаьш шайн хIусамехь хилла ца Iаш, махкахь а элий хета. Йа шечух, нехачух муххале а къинхетам бийр боцу, Оьрсийчоьно кхиийна монстр латтаве хIинца", - дерзийра Албаковс.

Оьрсийчоьнан тӀеман аналисто, шен цӀе ца йоккхуш, Кавказ.Реалиин журналистана йеллачу комментарехь чӀагӀдора, "тӀеман корреспонденташна" а, нохчийн буьйраллина а йукъара конфликт кхин а марсайер йу тӀеман министраллан ресурсаш кӀезиг хиларе терра.

"Хьалхара бутт бац, мобилизаци йинчу нехан доьзалша а, "тӀеман корреспонденташа" а ротаци оьшуш хиларх а, садаIа хан ца хиларх а лаьцна мохь хьоькху. ТIамтIехь билггал нах тоьаш бац. Ткъа Къилбаседа Кавказан республикера хьеший [цара яздо] кху муьрехь Белгородан кӀоштахь, йа Мариуполан хийисташкахь элитан йезачу машенашца лелаш бу. Оцу дерригено а оьгӀазбохуьйтийла йу, эр вай, оьрсийн националисташ, йа империн хьежамаш болу нах".

Аналистана хетарехь, и тайпа дуьхь-дуьхьал дерг нохчийн шина тӀеман заманахь дуьйна лардеш ду "къевлина йоцу гештальт" санна, цхьана халкъан сурт хӀотто гӀертар санна. "Бусалба а, керста нехан а эскаршна" гӀортор ца карийра, хӀунда аьлча, кхин а дуккха а дуьхь-дуьхьал дерг а, вовшашкара бехкаш дахар а долу де, дуьйцу цо кхин дӀа а.

"Кадыров а, Алаудинов а декхаре ву реакци йан уггаре а лакхарчу тӀегӀанехь долчу гӀуллакхашна, хууш ма-хиллара, республикера могӀарерчу бахархойх лаьцна Валуйкихь хилларг, резонанс хиллехь а, цара комментарий ца йира. Нахана гергахь бехке хиллачу "ахматовцашкара" ца баьккхина бехк а санна. Нохчийчоьнан куьйгаллера цу тайпа реакци ца хиларо чӀагӀдо декъадалар", - аьлла, дерзийра къамелхочо.

КХИН А ХЬАЖА: ТIом тергал цабар: Кавказан а, къилбан а регионийн куьйгалхошна Белгородана динчу тохарх хетарг

Нохчийчохь кхоьллина, тIеман министраллина йукъайогIучу "Запад-Ахмат" батальон Белгородан кIошта хьажош барт хилира 2023-чу шеран мангал-баттахь депутатан Делимхановн а, Белгородан кӀоштан губернаторан Гладков Вячеславан а хиллачу цхьаьнакхетарехь. Дозанехь йолчу кӀошташкахь Украинин агӀор тӀом бечу диверсин тобанаша рейдаш йолорца доьзна дара и. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йара и инициатива. Американ тӀом толлучу институтан (ISW) экспертана Степаненко Катеринина хетарехь, иза йоьзна хила тарло Кадыров Украинерчу тӀемашкахь шен эскаршка дакъа ца лацийта лууш цахиларна.

Регионан а, тӀеман а телеграм-каналаша, хьолах хуучу эскархошна тIетевжина, йаздира 2023-чу шеран мангал-баттахь "Запад-Ахмат" батальон дӀахьажийначул тӀаьхьа, Кадыровн наха дӀалаьцнера "дикачу хьолехь, тӀеман кхоалгӀа, пхоьалгӀа эшелонаш", ткъа салтий хьовисйнера хьалхарчу а, шолгӀачу а эшелонашка.

Мангал-бутт болалуш "буферан зона" кхоллархьама, Алаудинов Апти коьртехь волу "Ахматан" леррина ницкъаш Белгородан кӀошта дехьабехира.

• Бахмутан гергахь йийсаре лаьцначу ""Ахмат" спецназан тӀемалочо йаханчу аьхка дӀахьедира, коьртачу декъана нохчех боцуш, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара меттигера бахархойх лаьтташ йолу взводаш тIаме хьийсорах. Кхин а тIе бохура, царна ледара тIеман гIирс латторах а, уьш кечбина цахиларх а.

• Кадыровн дакъош Украинехь хьалхарчу могӀаршка дӀахӀиттош ду, иштта лело долийна тӀеман зонехь меттигашкахь оьрсийн эскархой Ӏамош, хаамбина Британин эскархойн хьостанаша тобвеца-баттахь. Царна хетарехь, дина хила тарло герзахойн ницкъашкахь ресурсаш ца тоар бахьана долуш. Кавказ.Реалиин редакторша къамел динчу говзанчаша шеконе дуьллу и хьал.