Герзийн гIовгIанашца деана Керла шо. 1994-чу шарахь Соьлж-ГIалана тIелатар лайначийн дийцарш

Соьлжа-ГIалин бахархой лоьчкъийлехь, 1994-чу шеран гIуран-бутт

1991-чу шеран гурахь ша йозуш йац аьлла, дIакхайкхийчхьана хьийзара Нохчийчоь шен суверенитет тIелацийта. Мохк шен куьйгакIел берзо гIертара мелхо а Оьрсийчоь, оцу бахьаница тIамца чугIоьртира иза. 1994-чу Керлачу шеран буса Соьлжа-ГIалина йолийна штурм, уггар а бIостане хилам хилира, цигахь байинчу нахе хьаьжча.

Оьрсийчоьнан эскарш республике гIоьртинчу юьхьанца дуьйна Москван планаш дикка хийцайелира: доллу эскаран дакъош Соьлжа-ГIала чухеца кхо де оьшурр ду баьхнехь а, ши кIира ийшира. ТIеман агрессих "конституцин къепе юхаметтахIоттор" ду элира Кремлан пропагандо.

Оьрсийчоьнна дуьхьало йан нохчийн доьналла кхочур дац аьлла хетар дара, Оьрсийчоьнан тIеман министро Павел Грачевс дина дIахьедар: цхьана шен интервьюхь цо хаамбира, "цхьана парашютан-десантан полкаца Соьлжа-ГIала схьайаккха ши сахьт тоьар ду" аьлла. Чоьхьара политикан цхьаьнацадараш хиллехь а, Iедалхошна цхьайолу къаьстина тобанаш дуьхьал хиллехь а, нохчийн куьйгаллин ницкъ кхечира мохк Iалашбан бахархойн коьрта дакъа вовшахтоха.

1994-чу шеран гIуран-беттан 31-чу буса – Оьрсийчоьнан тIеман министран вина де гергакхочуш- нохчийн шахьарна йолийна штурм- "керлачу демократин Оьрсийчоьнан" историхь уггар а томехь йоцург йара: цхьана агIор, аьтто бохарна, вукху агIор – дуккха а маьрша нах байарна а, ООН-н Конвенцин цхьа могIа кIепеш йохорна а.

Соьлжа-ГIала Iалашйечара цхьана керлачу шеран буса хIаллакйира Майкопера 131-гIа дивизи аьчкан некъан вокзала гонаха. Йохийра иттаннашкхаь танкаш а, БРТ-ш а. Йийсаре лецира 70 гергга Оьрсийчоьнан салтий а, эпсарш а. Соьлжа-ГIаларчу президентан шахьарна гергахь байира иттаннашкахь, ткъа гоне йерзийра 693-гIа полк а, "оьрсийн эскарийн малхбузенан тобанара" десантхой а къилбаседа-малхбуза агIора Соьлжа-ГIала чувуллучуьра Андреевн долинехь.

Соьлжа-ГIала йерриг а аьлча санна, йохийнера ракетийн тохаршца а, бомбанашца а - пхеа кIиранах бинчу тIемашкахь, кеп-кепарчу лараршца, вийра 27 эзар маьрша вахархо. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтоьхна и бала лайначийн дийцарш.

Соьлжа-ГIалина штурм, Воронов Владимиран сурт

Серганова ТIаус, Нохчийчоь: "Дуьне доьхна моьттура"

– 94-чу шеран гIуран-беттан 31-ра де декъаделла сан дахарехь "хьалха" а "тIаьхьа" а аьлла. Соьлжа-ГIалахь бомбанаш йетташ, тохарш ден бутт гергга хан йара, бойуш нах, делахь а, со ца нисйелла лелхачу бомбанашна а , молханашна а юккъехь.

Кировн урамера марненан цIахь дара со а, сан хIусамда а, Войково поселкана гена доццуш ду и. Иза берашца цхьаьна хIусамдас ГIалгIайчу дIайигинера, тхо севццера жимма ладугIуш. Дуккхаъчу кхинберш а санна, тешна дара хIара дукха дахлур дац аьлла. Амма гIуран-бутт бовш кхин а тIе чIагIлуш дара хьал.

Моьттура, гIала, хIара доллу дуьне миллионашкахь гаьргашка декъаделла, адам а дуьненчуьра дIадовр ду аьлла

Оцу урамехь адамаш дуьсура: нохчий, гIалгIай, оьрсий, эрмалой. Де эшначийн а, къанойн а, чохь божарий боцчу берашца доьзалийн а доладора сан хIусамдас. Тхан "Волга" машенахь царна хи а, юург а кхоьхьура цо. Оцу дийнахь а ша гIо латточу нахана тIехIуьттуш леллера иза са даллалц. Ток, газ а, хи а дацара хIусамашкахь. Эвлайистехь тоьхначу биргIичуьра оьцура оха хи. Цхьана дийнахь хи эца яханера со цуьнца, ирхенехь хи оьцуш мел хилла тхо даланза девлира. ЦIеххьана деанчу кемано, цIе йеттачу саьрмико санна, лоххехь тхуна тIехула а хьоьвзина- бомба хиллехь а, ракета хиллехь а, цхьаъ кхоьсира. Инзаре эккхийтар дара и. Массо а дIасахьоьвдира. Ши бIаьрг схьабиллина, лерса схьадеача, кхийтира со, бомба жимма дехьо йоьжнера. Делан кхинхетам бара иза. Оцу хенахь аьтто хиллера тхан дийна диса, чIогIа кхерийна дара тхо.

Суьйранна чIурам а, мехкадаьтта а дутту чиркх а латийна, кхалла хIума кечйира ас, чай кхехкийра. Охьахевшина Iара тхо, хабарш дуьйцуш. Гобаьккхина кононада йара: лелхийтарш а, тоьпийн гIовгIанаш а – цкъа гергахь, юха генахь. Тхо деха меттиге шен рельефца Соьлжа-ГIалел а лакхахь хиларна, гойла дара гIалина юккъехь цIийелла стигал а, марсаюьйлу серло а.

Дуьне доьхна моьттура хьуна, гIала а, хIара доллу дуьне а миллионашкахь гаьргашка декъаделла, адам а дуьненчуьра дIадовр ду аьлла хетара.

Делахь а, оха сацамбира Керла шо даздан, нагахь санна, АллахIа тхо дийна дитахь. Буса 12 сахьт долучу хенахь суна дагадеара, шо хьалха сайна студенташа делла цхьа жима мукъаме гIутакх. Батарейкаш охьахоьвшина хир ю моьттура суна. ДогIа хьовзийра ас.

Цхьа Iаламат дара – мукъам бийкира. Огинскийн "Даймахках къастар" полонез. Со цул хьалха цкъа а йилхина хир йацара мукъамашка ладоьгIуш. Иштта дIакъаьстира со 1994-чу шарца. Амма даймахках ца къаьстира…

Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. Тохарш динчул тIаьхьа Ленинан урамера цIенош, 1995 шо

Бели Балата, Франци: "Оьрсий бахархошца тхан кеп-кепара деза денош ду"

– ГIуран-беттан 21-22-чу деношкахь (билггал дага ца догIу) Соьлжа-ГIалахь кхийсарш долийнера. ГIалина тохарш дора оьрсийн эскаро. Телехьожийлехула кест-кеста керланаш хазадора, ""Минуткин" майданахь номер хIара йолчу мотоцикл чохь цхьана цIенна хьалха Iуьллуш ву велла гIеметтара стаг", йа "берийн "Детсикй мир" туькана уллохь Iуьллуш ю йелла жима зуда сийна пальто йоьхна, 35 шо хир долуш"…Бехха хезара иштта хаамаш.

ТIаккха 1994-чу шеран 31-ра де дара. И де а, буьйса а хаза нехан санна дагахь дисина суна, сан иэсах дIаийна, цу чохь дисина, цхьа онда йоккха берч санна. Селхана хилла, тахана иштта схьадогIуш санна, хIокху 28 шарахь. Оцу дийнахь Хьалха-Мартанахь тхайн марнана йолчахь йара со. ТIаьххьарчу кIиранчохь хаддаза тIейеттара, буса гора тхуна йогу цIераш. Са хилчхьана сингаттаме дара. ГIалин агIор хезаш татанаш дара. Тхан урамера боллу божарий сатесчхьана цхьана кир лелочу машена хевшина, дIабаханера. ХIетахь мобилан телефонаш йацара, стенгахь хIун ду хаа таро йацара. Оцу ойланаша сингаттам кхин а тIе карзабохура, хьен туьтана ницкъбеш.

Оьрсаша шампански моьлура, Билал вара президенатан шахьарера шен репортаж дIахьош, хIинций-хIинций цхьа йоккха бомба а кхетта, дIашардо тхо бохуш, шийлачу хIусамашкахь ладоьгIуш Iара тхо

Буьйса юккъе йоьллачу хенахь цIа баьхкира уьш, цхьангге а хIуммаъ а ца дуьйцуш, дехьарчу хIусам чохь къайла а бевлла, цхьаъ дийцаредора цара оьгIаз оьхуш, юкъ-кара аьзнаш ийдеш. Iаламат чIогIа шийла йара чохь. Дечиг дацара, кIора а, йа газ а. Со а, сан марнана а йара телехьожийлана хьалха хиъна Iаш, оьрсийн-нохчийн каналаш тIера дIа-схьа а тухуш. Оьрсийн канала тIехь гойтура керлачу шеран "Голубой огонек". Оьрсийчоьнан иллиалархоша, актераша, журналисташа, политикаша, кхинболчара а самукъане, бертахь вовшашна стаканаш чу чопа а Iенош, шампански дуттура, "Керлачу шарца, керлачу ирсаца" бохуш, маьхьарий а детташ, хелхабуьйлура, буьйлура, гIадбахнера, тхо кхеташ доцчу оцу церан ирсо церан яххьаш сирлайаьхнера. Моьттура и нах кхечу дуьнентIера бу, тхо хилар а царна хууш дац, тхан кхерар, тхан сингаттамаш, тхан бIаьрхиш царна ца девза.

Нохчийн канала тIехь суьрташ дацара – цхьа пурх сизаш дара ловзадуьйлуш, амма дика хезара нохчийн телевизионан къоначу журналистан аз. Ахмадов Билал ваар иза, оцу керлачу шеран буса вийра иза. Ткъа оьрсаша шайн шампански моьлура, Билала президентан шахьарара репортаж дIахьора, тхо дара шийлачу хIусамашкахь хевшина Iаш, хIинций-хIинций цхьа йоккха бомба а кхетта, дIашардо тхо, хIара къемат дIадер дар-кх бохуш, шийлачу хIусамашкахь ладоьгIуш Iаш. Цул тIаьхьа чуьра арадевлира тхо, эхасахьтехь цIевзинчу арахь лаьттира, геннахь схьагучу Соьлжа-ГIале бIаьрг а бетташ.

Iаьнан хенахь тIемаш бечу заманчохь байинчу маьршачу нехан декъий. Муьлш бу хьажа эксгумаци йина царна, 1995-чу шеран зазадокху-беттан 31-ра де

Къаьстара, масех меттигехь йогуш цхьаъ йара. Йогучу, герзаш деттачу Соьлжа-ГIала а хьоьжуш, цу чохь бисинера сан нана, йижарий, ваша - лаьттачу сан дагахь хилларг дIадуьйцийла йац. Сан лергъяххаш къуьйлуш, соьгахь хилла лазам бовзийта дешнаш дан а дац. Сан гергарнаш цигара арабевлла хиллехь а, сагатдийр дара ас. ХIунда аьлча, цигахь мел висинарг вайн вара. Вайн боцурш бара оцу гIалахь цхьа оьрсийн эскархой.

1995-чу шеран дечкен-беттан 5-чохь сан марненан кетIа машен йеара. Сан дейиша йара оцу тIехь. Сан гергарнаш -нана, йижарий, ваша- дийна бу, штурм сецначул тIаьхьа аьтто хиллера церан ТIехьа-Мартанан дIабаха. Оцу сарахь са даьккхира ас. Дийна бу уьш. Уьш дийна бу. АлхьамдуллиллахI Дела хьуна. Масех де даьлча Хьалха-Мартанан дуккха а белларш цIа балийра. ДIабохкале хьалха, церан суьрташ дохуш, номершца билгалбохура. Дуккхаъ бара кехаташ шайгахь доцурш.

Оьрсийчоьнан бахархошца цхьана заманахь тхан юкъара деза денош дара. Примитиве, йа лараме хиллехь а, тхуна уьш товш йа цатовш хиллехь а, уьш дара. ХIинца дац: 1994-чу шеран чиллан-беттан 23-чу дийнахь – советан Iедало махках даьхна, Казахстанан аренашка охьаховшийра тхо, 1994-чу шеран 31-чу буса Оьрсийчоьнан армино тIелатар дира тхан хьомечу Соьлжа-ГIалина, ткъа 2005-чу шеран зазадокху-беттан 8-чохь Кремло вийра доллу халкъо къобалвина, тIеэцна нохчийн президент Масхадов Аслан.

Схьахетарехь, тхан тиранашна, хьалха хиллачарна а, хIинца болучарна а марзделла цхьа хIума ду - къаьсттина "даккхийчу дезачу деношкахь" кегий къаьмнаш дакъазадахар. 1994-чу шеран гIуран-беттан 31-ра – уггар а дицлур доцу, кест-кеста гIенах гун, йерзаза чов санна, иэсах кхетта – канонадаца, къегинчу гирляндашца, цIераш йийларца, узамашца, цIийх, бIаьрхих дуьзна, Iожаллин билгалонца къастийна, инзаре, лазаме – "Керла шо" ду.

Соьлжа-ГIалина штурм йина хан, Воронов Владимиран сурт

Адин Сурхо, Нидерландаш: "Тахана а дикка хезаш ю суна и гIовгIа"

– Сан 16 шо дара тIом болабелча. Цул хьалха Керла шо даздора оха школехь, цхьа самукъанца дIасадухура тхо цул тIаьхьа. ТIаккха доттагIашца цхьаьна ша тIе доьлхура тхо салазаш тIехь хехкадала, ткъа суьранна телехьожийлехула самукъане кеп-кепарчу программашка хьуьйсура.

ТIом болабелчхьана юьртахь ток йацара. Дийнахь кеманаш хехкалора, моьттура, цара бомбанаш шайн ка яьллачу йетта. ГIуран-беттан 31-чохь юьртана гена боццучу гу тIехь туьйхира бомбанаш, ас а, сан накъосташа а когсалазаш хохкучуохь. Ирча сурт дара иза: шарула кIайн дара дерриг а, бомбанаш тоьхначу меттигехь дисира Iаьржа оьрнаш.

Оцу деношкахь нах карзахе бара, амма хIетте а шайн денна дан деза гIуллакхаш ца совцадора цара, цхьаммо бежнаш хи тIе дуьгура, вукхара дечиг кечдора.

ГIодаюккъе кхаччалц юргIанаш, курткаш, брезент тIе тесна 12 дакъа дара кешнашка чувоьдучохь. Церан духарца гуш дара, маьрша бахархой бара уьш

Цхьана дийнахь лаьтташ дара тхо тхайн нийсархошца цхьана урамехь, цавевза стаг веара машенахь тхуна тIе, цо хаьттира юьртара цхьа къано, цуьнца дIатетта йиш йоцу гIуллакх ду шен а олуш. Некъ гайтира оха цунна, цхьа хан йаьлча аравелира иза оцу цIа чуьра хIусамда улло а ваьлла. Тхуна тIевеанчу цушиммо элира, кешнаш даха нах оьшу шайна. Нохчийн юкъараллехь стаг велча гIодар - могIарера хIума ду, маса 20-х стаг вовшахкхийтира тхо. Чехкачу боларца кешнашка дIадахара тхо.

Дохк йара, кешнийн кертана уллохь лаьтташ автобус йара, жима ши машен а. Автобус чуьра декъий арадохуш бIаьрг кхийтира сан.

ГIодаюккъе кхаччалц юргIанаш, курткаш, брезент тIе тесна 12 дакъа дара кешнашка чувоьдучохь. Церан духарца гуш дара, маьрша бахархой бара уьш, амма тIаьхьо къаьстира, царех цхьаъ тIамехь вер, цуьнан декъах цаца бинера. ТIехьаьжна 20-24 шо дара цуьнан, генна дIа сецна хьажар дара цуьнан. Сихо йе элира тхоьга, сих-сиха вовшийн хийца а луш, цIераш ма латайе бохура -кеманаш хехкадала дуьйлалахь а аьлла.

ЧIогIа хала дара каш ахка: тIехулара латта гIорийна дара, тIулг санна онда дара латта. Доккхачу декъанна оха зIокбергаш лелайора, тIакха белашца кеп нисйора. Мел чолхе хьелаш хиллехь а, байинарш лаьттах боьхкира доллу динан ламасташ лардеш.

Масех сахьт даьлча, Iаржйеллачул тIаьхьа, цхьахволчу дIавоьллинчун гергарниг кхечира, цо термосаш чохь довха чай деара тхуна, шоколадан батонаш а, цхьа печенеш а.

Дерриг а дина девллачул тIаьхьа, кешнашкара гIенташ тIе охьахевшира тхо, чай молуш, цхьаъ забарш йан а гIоьртира, иштта Керла шо "даздеш" ду-кх вай, бохуш. Амма цхьа а къажа а ца къежира оцу бегашех. Оцу дIабоьхкинчу нахах цхьа а вацара тхан эвлара. ГIалахь йеттачу бомбех бевдда баьхкина нах бара уьш, йа шайна оьшург схьаэца гIала боьлхуш хилларш. Дукхахберш зударий.

Буьйса юккъе яхначул тIаьхьа девлира тхо. Соьлжа-ГIалара схьахезара кеманийн а, лелхийтарийн а гIовгIанаш. ГIалина тIелетта бохура. ЦIа кхаьчча, суна луур цхьаъ дара – наб йар. Амма саццанза арара схьахезачу гIовгIано а, генна хьоьжучу вийначун бIаьргаша а новкъарло йора суна наб кхетийта. Тахана а дагалоьцуш, суна дика хеза и хIетахьлера гIовгIа а, и хьажар а.

1994-гIа шо, гIуран-бутт. Соьлжа-ГIала

Шамхан Захар, Нохчийчоь: "ХIара дерриг а цкъа чекхдер хир ду-кх…"

– Тхо, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а хиллачу тIемийн тIаьхье, деха терахьийн а, хиламийн а ассоциацешца. Тхан кхетамах дIадоьлла, чIагIделла уьш цхьа рефлекс, сингаттаме алгоритм санна. ХIора шарахь, цхьана билгалчу дийнахь, иэс самадолу, винилан дискаш лоькхуьйту радио санна, хьайна оьшу мукъам хIоттош, юха а, юха а ладоьгIу ахь цаьрга, дагалоьцуш хиламаш, эпизодаш, гIайгIане деталаш.

ДIо Кавказехь цхьанхьа бехаш бу, оьгIазе бу, стенна делахь а, Оьрсийчоьнца баха а ца лаьа доцург, нохчех лаьцна кхин хууш дацара

Оцу шарахь, шо чекхдала герга дахначу хенахь, цхьацца бахьанашца, Рязанехь нисвеллера со. Ши бутт гергга хеначохь тIемашца Соьлжа-ГIала а кхаьчна, масех де дара хIетахь Орсийчоьнан арми цуьнан йистехь дIатарйелла – дIатийна, кест-кеста гIалина тIе йетташ, са а дууш. Массарна а хаьара, штурм хир юйла, амма цхьа жима дегайовхо юьсура дийцарш хир ду бохуш. Дийцарш ца хилахь, моьттура – федералашна тIекхочур ду керлачу шеран къаьркъа мийлина деза денош, мел лахара а, цхьана кIиране дIайахлур ю тийналла.

Москвара нохчий, доллу нохчийн къам а санна, шина декъе бекъабеллера, цхьаьнамаьӀнехь доцчу терахье, тобане. Доккаха долу дакъа -патриоташ бара, муьлххачу хенахь цIа а бахана, шайн даймохк Iалашбан шайн халкъана улло хIуьттур болу. Дуккхаъчара и дан а дира. Дара царлахь цхьа жима дакъа, бIеннашкахь ницкъ а, эскархойн терахьалла а алсам долчу мостагIчунна дуьхьалойар лартIахь доцург ду аьлла хеташ. Хьалхарчу тобанхойх вара со, боллу гIуран-баттахь бохург санна Нохчийчохь вара со, амма Керла шо тIекхача кIира дисинчу хенахь Москва дIаваха дийзира сан махкара чIогIа цомгаш волу ши стаг араваккхархьама – кхачам боллуш царна цIахь дарба лелон таро йацара даймахкахь.

Шина машенахь халчу балица цхьана дийнахь-бусий Москва дIакхечира тхо. Царех цхьаъ Москварчу дарбанан цIийне охьавиллира, шолгIаниг Рязане вига вийзира вевзачу хирургана тIе, цо операци йан тIелаьцнера иза. ГIуран-беттан 30-чохь лазийна накъост Рязанехь чуийцира, хьешан хIусамехь саца дийзира сан, иза ларвеш, нагахь санна, ФСК-н (Контрталламхойн федералан хьукмат.- Редакцин билгалдаккхар.) коча йодахь а.

Ширачу шеран тIаьххьара де дархочун гIуллакхе хьоьжуш, ведда-хьаьдда чекхделира сан. Хан йацара йа телевизоре хьажа а, цIера керла хаамаш хаа а. Суьйранна, кIадвелла хьешан хIусаме со юхавирзича, уггар хьалха телехьожийла латийра ас, массо а каналашкара, хьаьтт чухахкайелча санна хаамаш оьхура.

Телевизионна хьалха Iадийна суо мел Iийра ца хаьа суна, амма мел кIезиг а, сахьтехь Iийна хир вара. Доллучух кхетча, дIайайира ас телевизор, кхин а цхьа сахьт даьккхира ас кресли чохь, сайн яьржина ойланаш тIегулйеш, айса кхин дIа дендолчун ойла а йеш. Араиккхира со. ДIо Кавказехь цхьанхьа бехаш бу, оьгIазе бу, стенна делахь а, Оьрсийчоьнца баха а ца лаьа доцург, хIинццалц дуккхаъчарна кхин хIума хууш доцчу нохчашна тIехь толам баккхар даздеш, къаьркъа мийлина вехначу президенто халкъ декъалдеш къамел динчул тIаьхьа.

Дийнахь-буса а болх бечу телефонан пункте хьаьдира со, тамашен дара, сайн воккхаха волчу вешига телефон дIакхийтира сан, цуьнан Соьлжа-ГIаларчу петарчохь телефон йара. Сайн цхьа ваша гIаттамхойх дIакхеттий, вукху вашас шен доьзал лаьмнашкарчу юьрта дIабигиний хиъча, жимма меттавеара со. ХIусамашка бIаьрг тоха Соьлжа-ГIалахь сецнера воккхаха волу ваша.

Телефоначухула хезара гена доццуш лелха хIоьънаш а, бомбанаш а. Петар чохь хIун деш ву хьо, бухарчу ларми чу лачкъа хIунда ца вахна хаьттира ас вешига, цо жоп делира:

- Даго хьоьхура суна, ахь телефон тухур ю аьлла, хьан аз хаза сецнера со, хIинца паргIат ву со, чувусур ву. ХIаъ, кхин цхьа хIума а дара сан, хIуъа хилахь а… Вай кхин вовшийн гар ца хилахь а, нана ларйелаш, суна иза чIогIа дукхайеза алалахь цуьнга.

– ХIуммаъ хир дац. Хьуо ларло, ларми чу воса, оцу гIурта юкъа а ма гIерта. Хьо жима а вац, ткъа тхуна воккхахверг оьшуш ву.

- Дика ду. Кестта хIара дерриг а доьрзур хирг хир ду-кх…

1995-гIа шо, Соьлжа-ГIала

Батукаев Альберт, Германияи: "Ло, базалг, яьсса Iаьржа гIала а".

– ГIали юккъехь дара тхан цIа. Доккха, доьазза тIекIелдина, Сталинан хенара. И цIа дика девзара, цу чохь бехаш гоьбевлла нах хиларца а, царлахь бара халкъан артисташ, драматургаш, режиссераш, оцу цIийнан йистерчу чувоьдийлехь бомбанех адамна лачкъа дукха дика меттигаш хиларца а. Иштта цхьаннан чохь дехаш дара тхо лахьан-бутт бовш дуьйна.

Тохарш чIагIделлера, тIаьххьара а лелхийтаршна а, тохаршна а юкъахь тийналла хила а ца хуьлура. ТIаккха массо а кхийтира, штурм йолийний

ГIуран-бутт юккъе баллалц бомбанех лоьчкъийлехь дуккха а меттигаш бара, ткъа тIелатарш чIагIделла, гIалин йистошкара тхан нах утйтIахула чекхбуьйлучу хенахь, шина лоьчкъийлехь шовзткъа гергга стаг хуьлура тхо. Меттиг кIезиг бара, амма дан хIума дацара.

Оцу хеначохь Соьлжа-ГIалахь оьрсий бен ца бисинера бохуш, дуьйцуш, со цецвуьйлу. Тхан ларми чохь, цул тIаьхьа телефонан станцин бомбех лоьчкъийлехь а, зазадокху-бутт баллалц Iийра тхо цу чохь, дуккха а бара нохчий. Мел хIуъа делахь а, тхан луларчу оьрсел а хIуммаъ кIезиг бацара нохчий а, гIалгIай а.

Кхечарех дуьйцур дац ас, амма тхо гIаличохь Iийра, хIунда аьлча, сан 83 шо долу да дуьхьалваьллера юьртарчу шен гергарчу нахе ваха. Ненан агIор болчу гергарчаьрга вахар-м дуьйцучохь а дацара. Цара а, вукхара а чIогIа дехарш дора богIий, шайгий-шайгий дIадагIахьара шу бохуш. Бисинчу вукхеран а шайн бахьана дара. Бакъду, тIаьхьа дохко-м бевллера уьш.

ГIалин йистош цхьацца меттигашкахь йогура, ткъа гIалин юккъехь ракетийн тохарш алсамдаьхнера. Дукха бара тхан уьйтIахула дехьа а буьйлуш, уьду мухIажарш. Тхо царна дуьхьалдуьйлура, чай лора, тхайн йерг йаа лора, совца олура, амма уьш цхьана сахьтана а ца совцура тхоьца: "ХIан-хIан. Тхо дIадоьлху, шу а ма сеца, хан йолчуьра дIагIо" олура.

ГIуран-бутт бовш мухIажарш кхачийра, тхо кхийтира, гIаличуьра дIабаха лиънарш, хIинцале а чуьра арабеллий. Буьйсанна Iаламат ирча гора гIала. 20-чу деношкахь ло деара, Ленинан майданахь – тхуна ши ша дехьа- кхеташ дацахь а, йоккха базалг хIоттийнера. Бакъду, кечйина йацара, гирляндаш а ца оьхкинера. ЧIогIа къиза хетара иза. Ло, базалг, яьсса, Iаьржа гIала. Дийна, серло йоцу кораш а.

31-чу дийнахь кхерам дIабайра цIеххьашха. Хила тарлора иза кхийсарш лахдаларна, йа де маьлхе, Iа ду аьлла, шийла ца хиларна.

Буьсанна итт сахьт даьллачу хенахь тохарш долийра. Саццанза тIейеттара, тохаршна а, лелхийтаршна а юкъахь тийналла хила а ца хуьлура. ТIаккха массо а кхийтира, штурм йолийний. Лоьчкъийлан неIарш йиллина юьтура оха, нагахь санна, арахь цхьаъ лачкъа меттиг лоьхуш хьовзахь а олий. Цундела чIогIа дика хезара тхуна тохарш. Цхьа сахьт даьллачул тIаьхьа лелхийтаршна юккъехула тхуна хезара танкан зIенийн зов. Дуккха а лелхийтарш а, тохарш а уллохь. Тхан цIа меттаххьедора.

Ца боху ас, тхо массо а кхераделлера. Цхьа абсурде хьал дара иза, дукхахболу тхан лулахой лоьчкъийлера арабуьйлура, цигахь хуьлург хIун ду хьажа дагахь. Арара чу веъначу цхьаммо боху: ЦIенон тхов шинахьа богуш бу". Тхайн дайшка-наношка хIума а ца олуш, къайлах лакхарчу гIеташ тIе хьовса дахара тхо. Цигахь дикка кIур бара схьаоьхуш. ТIаьххьарчу учахь масех гериг гира тхуна – кIайчу суйнех лепара уьш. Цхьа лулахо вара тхан челакха – Советан армихь эпсар хилла вара иза- цо оцу сохьта элира, вайга дIайайалур йац: "ХIорш цIе йолу хIоьнаш ду. Кху цIа чура дIадаха деза вай".

Чуьра арадевлла, да лаха дIахьоьвдира тхо. ПаргIат тхан петар чу воьдийле ваханера иза, чу а кхаьчнера, стогар латийна, книга йоьшуш Iара. Тамашен хIума дара, цIийнан лакхара гIеташ йогуш йара, ткъа лахахь ток йара. Сан вашас да ара воккхучу юкъанна, ас телевизор латийра, хIун дуьйцу -те аьлла. Иза болх беш йара, гойтура керлачу шеран "Голубой огонек"…

Корах ара гора урамехула хаьхкина йоьду йогу танк. Цунна дуьхьал хьаьдда йогIура дийна БРТ, пулемет йеттара цо массо а агIор. Тхан цIа даьгна ца Iаш, йогура йоллу гIала а. ТIаккха кхийтира, и цIе йолу хIоьънаш нах бехачу хIусамашна лаа диттина доцийла – Оьрсийчоьнан арми буса тIом бан кечлуш йара. Катоьхна дIаваха дезара петарчуьра.

Тхан уьйтIахь беш тIом бацара, амма шовзткъе итт метар дехьа хаалуш бара. ЧIогIа том бара иза, цуьнан гаьргаш гуттар а схьадетталора. Тхуна уллорчу цхьана пенах кхийтира хIоъ, кибарчикан гIамаро дIахьулдира тхо. Со а, да а лайтIе воьжнера. ХьалагIаьттича, войшашка бIаьрг тоьхна -цIий дацара, лазийна цхьа а вацара. Амма шок бахьанехь ден когаш севцнера. Ас а, вашас а цуьнан куьйгаш а, когаш а лаьцна, лоьчкъйила йолчу меттиге хьаьдда дIавигира иза.

Сатосуш сецира тIом. ЧIогIа йохлуш йара лоьчкъийлехь -тIулгийн лаьттахь бен Iуьллийла дацара. Тхо Iохкура цхьана бахьанаца: хIун дан деза ца хууш , цу тIехь тешаме дацара аравийлар а. ГIишлошйаран институтан корпусан гIишло чохь охьахевшинера оьрсийн салтий, цара тIейеттара меттаххьовчу хьанна а. Ши де даьлча веара тхо долчу телефонан станцин коьрта инженер Григорянц Жора. Луларчу лармашчухула чекхволуш хиллера иза, лоьчкъийле нах дIа а буьгуш. Да кара а эцна, сихха уьйтIахула дехьадевлира тхо. Цхьа делан къинхетам хьалха а баьлла, тхо массо а дийна дисира.

Соьлжа-ГIала, 1995 шо

Муртазалиев Аслан, Австри: "Чакхе йоцу еха буьйса"

– Керлачу шеран буьйса, догу чIурамаш, хIусамехь тийналла, кухни чохь чай молуш дара со а, сан нана а. Цхьа ша хуьлуш ма-хиллара керлачу шеран буьйса ю моьттур дара, амма адамийн синхIоттам самукъане бацара, хIара буьйса а йацара кхул хьлха хиллачу кхечарех тера, ас даздинчу кхечу денойх тера дацара, тахана 1994-чу шеран гIуран-беттан 31-гIа ду, тIом болабелла ткъолгIа де.

Дийно сарралц Соьлжа-ГIалин агIор дIаоьхура Оьрсийчоьнан тIеман ковраш. Эвлахь хабарш хезара, тахана Соьлжа-ГIала схьайоккхуш ю бохуш. Юкъ-кара юьртара гIаттамхой тIехь болу машенаш дIаоьхура. Хуьлуш долчунна тIаьхьакхиа хала дара, тхоьца, тхан дахарехь доцуш санна хIума дара иза.

Буьйса герга кхочуш канонадин а, лелхийтарийн а татанаш чIагIдала дуьйлира. ЧIогIа ирча дара цигахь хуьлуш дерг дуьхьалхIоттийта а. Дийнахь гIаттамхошца цхьаьна Соьлжа-ГIала ваха гIоьртира со юха а, нанас дехарш дешшехь, амма воккхаха волчу вашас бохург ца дан йиш йацара сан. "ХIан-хIа!" аьлла, цхьана дашца хадийра цо сан лаам.

Нана тейан гIоьртира со, дуьненан юкъаралло вай тесна дуьтур дац, хIара ирча хьал сацор ду, шайна дIа ма-хиъи бохуш

ЧIогIа вон хьал хир дара сан ненехь, оцу хиламашна юкъахь со нисвеллехь. ТIаьххьалц тешаш ца хиллера иза, со водур ву моьттуш. Цуьнан бIаьргашна хьалха хила гIертара со, цуьнга са ца гатдайта. Буьйса юккъе йулуш, кухни чохь хиъна Iара тхойша чай а моьлуш, тхайн дахарехь хилла хаза хIуманаш дага а лоьцуш, коьрте оьху ирча ойланаш къехко гIерташ. Баккхийнаш а тешаш болу, керлачу шеран буса дагахь доцу хазахетар хуьлу, лаамаш кхочушхуьлу боху ойланаш яьржина, йоьхна дIайевллера. Юкъ-кара оцу дагалецамаша карарчу хене даладора тхо, нана баккъал а тешаш йацара, тахана, вайн заманахь хIара саннарг муха хила йиш ю бохучух, тIом- йахначу заманан хIума ма ду, XX-чу бIешерийн чакхенехь хила йиш йоцург ма ду бохуш.

Дукха хьолахь коьртехь лаьтта ойланаш йара уьш, оцу хеттаршна жоьпаш дан а дацара. Нана тейан гIоьртира со, дуьненан юкъаралло вай тесна дуьтур дац, хIара ирча хьал сацор ду, шайна дIа ма-хиъи бохуш. Вай вешан суверенитет йолу пачхьалкх ю, Оьрсийчоьно шуьйра тIом бийр бац вайна дуьхьал бохуш. Арахь баккхийчаьргара сайна мел хезнарг, айса хIун дуьйцу а ца хууш, юхадуьйцура ас.

Чакхе йоцу, ирча буьйса йара иза, тхан дахарера дерриг а даржийна, кегари дина, цхьа есалла йитина, цкъа а юзур йоцу есалла…

Соьлжа-ГIала, 1996 шо

Екатерина Ф., Оьрсийчоь: "Нанна тIе бина беха некъ"

– Соьлжа-ГIалара Старопромыслан кIоштара Кутаисская урамехь дехара тхо. 1992-чу шеран гIуран-баттахь да вайра тхан доь доцуш. 1994-чу шеран бIаьста сан 9 шо кхечира, шолгIа класс чекхйаьккхинера ас номер 33 йолчу школехь. Лахьан-баттахь дешар юкъахдаьккхира тхан. ХIаваэхь а цхьана хаалора хьал сингаттаме хилар.

ГIуран-бутт бовш суна а, сан бабина а тIаьхьа йеара ненайиша, маме дехар дира цо, тхо центре дахийта аьлла, хIунда аьлча, бевзачаьргара хезнера цунна, гIалин юккъехь бомбанаш йеттар йац боху аьлла. Шен доьзалца цхьаьна доларчу цIа чохь ехаш йара ненайиша Зюзинан урамехь, аьчкан некъан вокзална 4 квартал дехьа.

Кхо бутт баьлча сайн нанна тIекхечира со. Оцу хеначохь вовшех хилларг хууш дацара тхо

ГIалужу-беттан 29-чохь иза йолчу даьхкира тхо, хIетахь юкъара транспорт лелаш йара. 30-чохь а, 31-чу дийнан делккъалц а Керла шо даздан кечлуш бара, ткъа тхо, бераш, царна гIо деш дара, тхайга далучуьнца.

Цхьа хIума дагахь дисина суна: гIуран-беттан 31-чохь делкъал тIаьхьа ненайиша йара кухни чохь, бад йоттуш йара иза пеша чохь чохь, оцу заманчохь луларчу нехан кертахь хIоъ иккхинера. Оцу тохаро неI йожийра тхан, кухнин вукху агIор дIаластира ненайиша. Со а, йиша а бабица цхьаьна кхечу чохь йара, цу чуьра кораш дохийра. Оцу сохьта ток, газ, хи а сацийра. Божалахь йолчу ларми чу дисира тхо. Хезара тохарш, даьндаргийн шок. Аьчкан некъан вокзал йолчу меттигехь буьйсанна тIом бира, Соьлжа-ГIалина йина штурм аьлла, историхь бисина.

Оцу мIаьргонехь тхо кхеташ дацара, тхайн дахарехь дерриг а гуттаренна хийцаделлий. Иштта дIайахара буьйса. Дечкен-беттан 1-чу Iуьйранна лармичуьра хьаладевлира тхо. ЦIийнан а, уьйтIарчу гIишлойн а пенех цаца бинера. ТIемаш кхин а дIа беш бара. Тийналла хIоьттича, меллаша лулахошка хьовдура баккхийнаш, уьш дийна буй хьовса. Дечкен-беттан шолгIачохь а, кхозлагIчохь а ло диллира. Къилбехь ма -хуьллура цхьа дуткъа чкъор. Тхайн ма-хуьллу цIена и гулдан хьийзара тхо, даша а дина, цунах пайдаэца. ГIали чохь хи оьцу колонкаш йара, цхьайерш хIаллакйинера керлачу шеран хьалхарчу деношкахь, тхо луларчу ураме оьхура, дийна йисинчу оцу колонкашчуьра хи эца.

ТIаьхьо, дечкен-чиллан беттанашкахь тIемаш бечу шина агIор берш чуоьхура. Со а, сан йиша а баккхийчара дIалачкъайора шкафаш чуьра бедаршна юккъе. УьйтIахь латийначу цIергахь юург кечйора оха дийнахь. Хьокхамаш а, лармичуьра хичу боьхкина хасстоьмаш а хуьлура уьш дукха хьолахь, цунделла гуттар а хи мала дог хуьлура. Лулахой богIура тхоьга денна, баккхичара шайн-шайна хуу керла хаамаш буьйцура. ЗIе йанне а йацара, бах-бахара бохучу тIехь вара массо а.

ДагадогIу суна, бабас вежарийн Гримман туьйранаш доьшура суна, жимма а со Iехон гIерташ. Йоккха йара и книга, хаза суьрташ тIехь а долуш. Иштта чекхбелира дечкен-бутт.

Чиллан-бутт юккъе баьллачу хенахь тIемаш бар лахделира. Зазадокху-беттан 21-чохь гIалин юккъера арайала аьтто хилира сан. Йохийначу центрера "Электроприбор" заводана тIекхаччалц гIаш дахара тхо. Массанхьа а гуш йара йохийна, йагийна Оьрсийчоьнан техника а, иштта адамийн декъех йисина чалхаш а. Пхи сахьт хан дIалецира оха бинчу некъо. Делкъал тIаьхьа тхайн цIа кхечира тхо. Иштта кхо бутт баьлча сайн ненах дIакхийтира со. Оцу заманчохь вовшех лаьцна хууш хIуммаъ а дацара тхуна.

***

Оьрсийчоьно Нохчийчохь болийна хьалхара тIом бирзира 1996-чу шеран марсхьокху-беттан 30-чохь, Дагестанерчу Хасав-Юртахь бертан куьйгаш йаздеш, ткъа 1997-чу шеран стигалкъекъа-беттан 12-чохь Москвахь куьйгаш йаздира "Оьрсийчоьнан Федерацин а, Нохчийн Ичкерия Республикан а юкъаметтигийн принципех а, машарх а Бертан". 1996-чу шеран гIуран баттахь Оьрсийочьнан доллу эскарш Нохчийчуьра арадехира.

90-чу шерийн юьххьехь, 200-чу шерашкахь а Оьрсийчоьнан Федерацино Нохчийчохь лелийначу зуламашна Оьрсийчоьнан а, дуьненан а юкъаралла таIзар доцуш йитаран а, церан къора хиларан а тIегIано цецвоккху, боху Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь "Нохчийчухула Дуьненан трибунал" шина томехь йолчу моногафин авторо Дмитриевский Станислава.

"Мемориалан" а, "Ковалев Сергейн" а лараршца, 1994-чу шеран гIуран-баттера 1995-чу шеран зазадокху-батте кхаччалц Соьлжа-гIалахь вийна 25 -нна тIера 29 эзаре гергга гIалин вахархо.