ГIалгIайчохь 46 миллион сом дойур ду оккупаци йинчу Молочанскехь хи далош

Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьра министрийн кабинетан куьйгалхочо Сластенин Владимира дIахьедина, регионна тIе декхар дожийна Оьрсийчоьно дIалаьцначу Молочанск гIалахь хинан биргIанаш хийца а, некъ тобан а. Бюджетера 46,2 миллион сом хьажон деза оцу белхашна. Оцу йукъанна махкара хи далон машанаш 80 процентана тишделла ду.

2022-чу шарахь бинчу официалан талламашца Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар а къен лерина ГIалгIайчоь Iуналла латтош йу Запорожьера Токмакскан кIоштана тIехь.

Мехкан Iедалхойн дIахьедаршца а догIуш, тIедогIучу шарахь оккупаци йинчу гIалахь хийца йезаш йу 600 метар гергга водовод, иштта билла безаш 4 чакхарма некъ а.

"Массеран а ницкъашца вайн ресусаш хьовсон йеза оцу гIуллакхна, вайх доьзна мел дерг дан деза, гIо оьшучеран дахаран хьелаш тодархьама", - дIахьедина Сластенина.

Оцу йукъанна стигалкъекъа-баттахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас дIахьедира, республикера водовод 80 процентана тишйелла йу, хи далорца долу хьал "уггар а йоккха проблема" йу аьлла. Оцу тIехула хIора йуьртахь хишна резервуараш хIиттор хьийхира, хи сацахь а, бахархойн резерв хилийта.

Украинан дIалецначу дозанаш тIера инфраструктура меттахIоттон Къилбаседа Кавказера йоллу республикаш декхарейина. Оцу йукъанна, схьайаьхначу кIошташна тIехь Москвано "Iуналла дан" хIиттийна регионаш уггар а тиша хьал долуш йу экономикан гайтамашца. Царлахь йу ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, Дагестан.

Ростовн кIоштара Дугино олучу жимачу кIотарахь беа баттахь керла сулу йина Донера хи схьаузуш, Оьрсийчоьно оккупаци йинчу дозанашкахь хи латтор ду иштта. Таганрогана хи латтон кхаа шарахь керла системина прект йан хьийзинчу декъа тIехь йу насосан станци. Бесара, бецан хьожа а оьхуш хи догIу шайна бохуш гIалин бахархоша латкъамаш бора, кхелехула и ледарлонаш нисйайта гIиртира Роспоребнадзор. Мала йиш йолуш, цIена хи маца хира Таганрогехь – хууш дац.

  • Бахархошна тIедогIу рицкъаш зуьйш 2022-чу шарахь хIоттийначу рейтингехь тIаьххьарчу могIаршкахь йара ГIалгIайчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а.
  • 45 эзар соьмел лакхара тIедогIу рицкъ долчу бахархойх бинчу талламехь ГIалгIайчоьно, Кхарачой-Чергазийчоьно, ГIалмакхойчоьно тIаьххьара могIарш дIалецира. Цунах лаьцна йаздира аудиторан-консалтинган FinExpertiza машано.
  • Оьрсийчоьнан регионашлахь социалан-экономикан хьал толлуш 2022-гIа шо довш хIоттийначу рейтингехь эшначу итт регионашлахь нисйеллера Къилбаседа Кавказан йиъ республика (ГIалгIайчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Нохчийчоь). Оцу йукъанна билгалйаьхначу регионийн гайтамаш дахначу шарца дуьстича кIеззиг тобелла го.