ГIалгIайчохь ницкъахошна герз дIадиллина йоккха меттиг карийна

Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьра Малгобекан кIоштарчу Пседах эвлахь, доларчу цIа чохь дIадехкина эзарнашкахь патронаш а, кхин болу тIеман гIирс а карийна – цунах лаьцна хаам бина республикера МВД-но.

Урхалло бинчу хаамашца, "5 цинкан яьшка а, 1800 сов тайп-тайпанчу тоьпийн патармаш а, индустрин хьелашкахь йина 24 оьккхуьйтург а, ишта йиъ герз латто сейф а. Долийна бехктакхаман гIуллакх.

"Сапа Кавказ" телеграм-канало кхин зераш а дала до – зорбано бечу хаамца, къайленехь дерриг лаьрча, тайп-тайпана герзана мега йалх эзар сов патарма бара, ишта танкана дуьхьал туху йуьйлина реактиван гранатомет а, гранаташ а, оьккхуьйтург а, Iаморашкахь лело мина а, детонаторш а, цIе лета тIийриг а.

Хаамбарехь, тIеман гIирс оцу хIусаман долахучун ден хилла бу боху - иза коронавирусах кхелхина 2021-чу шарахь.

  • Охан-баттахь Ростован кIоштан а, сепаратистийн ДНР-н дозанерчу "Куйбышево" КПП-хь тIеман гIирсаш дIадехкина хьулам карийра – цигахь йара 14 граната а, уьш лоьлхуьйту 15 гIирс а. Оццу баттахь "Матвеев Курган" КПП-хь Украинан оккупацехь йолчу Донецкера Ростов-на-Дону йоьдучу автобусан чохь оьккхуьйтург карийра – гексоген.
  • 2021-чу шеран мангал-баттахь Росгвардино дIахьедира, Соьлжа-ГIалин йистехь шайна карийначу 70 йоккха тоьпан хӀоьънех. Оццу шеран стигалкъекъа-баттахь герз дIадиллина меттиг карорах хаам бира Дагестанехь а – цигахь карийра, кхечу хIуманашна йуьккъехь, 12 куьйга туху гранатомет а, Калашникан масатоп а, 13 эзар сов патармаш а. Ишта стигалкъекъа-баттахь ГIалгIайчохь хьуьнхахь карийра дIалечкъийна гранатомет а, ши граната, гаьргаш йолу гранотометаца тухург а, АК-74 маса тоьпан патармаш чу дохкург а, 179 патарма а.
    • Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а герз латторна гIуллакхехула лебеш болучара дуккхаза а дIахьедира шайна дуьхьал даьхна гIуллакхаш харц кхоьллина ду бохуш, ткъа магийна йоцу хIуманаш, ницкъахоша шайна кхийсина йу олура. Ишта цунах лаьцна дийцира батIалхьаьжойн мурдо Белхороев Ахьмада а, Несаран кIоштара вахархочо Мациев Расухана а, Нохчийчохь кхел йинчу республикан вахархочо Хамхоев Алана а, Пседахан эвлара вахархочун гIуллакхан гунахь волчу Атаев Казбекв а ишта кхин болчара а.