Йитттина, дийцарехь, хьизийна йеллачу ГIалгIайчуьра Малгобекера 4 шо долчу Муцольгова Самирин гIуллакх зуьйчу талламхочо дуьхьало йина, зен хиллачийн агIонан адвокаташна гIуллакхан матераилаш йовзийта.
Ца гайтаран бахьана далийна талламхочо зуламан-процессуалан кодексан артикл, цу тIехь билгалдаьккхина ду - зен хиллачун интересаш адвокато, уллора гергарчо йа бохамхочо векал винчо бен дIакхехьа йиш йац аьлла. Цунах лаьцна йаздо "Фортанго", адвокатана Беков Мохьмадана тIетевжина.
Адвокато дийцина хьосте, и артикл талламхочо тидина, оцу гIуллакха йукъавоьдуш адвокатана бохамхочуьнгара кехат оьшу аьлла, ткъа ишта хила йиш йац: оцу кепара кехат оьшуш ду бохамхочо йукъавалочу "кхечу стагана". "Цхьана Iалашонца ду дац ца хаьа, амма талламхочо суна дуьхьало йина, низаман чулацам харцахьабоккхуш, тIейогIучу хенахь талламхочун леларна латкъам бийр бу оха кхелехь", - дIахьедина цо.
Беков Мохьмад а, Дзугаев Билан а барт бина ши адвокат ву, царна тIедиллина ду Муцольгова Самирин гIуллакх кхелехь чекхдаккха.
- Стигалкъекъа-беттан 16-чохь кхелхира Муцольгова Самира. Цул а кхо де хьалха дарбанан цIийне кхачийнера иза кхетамчохь йоцуш. Сих-сиха къиза йетташ хиллера берана – лоьраша къастийнера цунна тIехь чолхе чевнаш хилар а, пневмони а. Лоьрийн экспертизана тIетевжина, Кавказ.Реалиица къамел динчара дIахьединера, и йоI хьизийна билгалонаш цунна тIехь хаайаларх. Цунах лаьцна имама Чумаков Хьамзата а дийцира, йоIера хьал теллинчу лоьрашна тIетевжина. ТIаккха Талламан комитетехь и хааамаш "бакъ бац" элира.
- Стигалкъекъа-беттан 18 чохь тезет хIоттийра ГIалгIайчохь. Цига баьхкинера масех эзар махкара бахархой, хьаькамаш а, Iеламчаш а цхьаьна. Имамаша а, къаноша а кхайкхамбира, берана тIехь гIело латтийначарна бекхам бе аьлла. ХIетахь дийца даьккхира, стенах йелла, иза хьизийна хиллий хьожуш кхелан-лоьрийн экспертиза йинийла
- Самирин нене бехкаш кховдийна хаа а хууш, цунна тIехь къизаллаш лелорна, иштта гIуллакх долийна ненан декхарш кхачам боллуш кхочуш ца дарна. Лаьцна хиллера Самирин ненанана а, амма иза дукха ца Iаш дIахийцира, къизаллаш лелош декъахь иза хиларх тоьшаллаш ца карийна. Хаамабора, оцу йоIана тIехь эвхьазалла лелийна стаг а цхьаьна лаьцна бохуш, оцу информацина тоьшаллаш дац.
- "Фортанга" гIирсо, шайн хьостана тIетевжина йаздора, Самирин йалх шо долчу йишина тIехь а ницкъбеш хилла бохуш. Оцу доьзалехь кхин а цхьа бер ду – шо кхаьчна кIант бохуш, хаамаш бора.
- Оцу йоьIанна тIехь эвхьазаллица хьийзорах лаьцна гIалгIайн жигархоша, блогерша, адвокато а дIахьедира, иштта ур-атталла ницкъахошца йоьзна хила тарлуш йолчу телеграм-канало а элира цунах дош. Шен белхан накъосташка кхайкхам бира каналан авторо, "дIа а лаций, массарна а гуш, кхел йе оцу бераш хьийзочу стагна тIехь". Ткъа бер деллачул тIаьхьа цо йуха а кхайкхамбира Талламан комитете: "Шуна хууш ма ду, и йоI хьизиний" аьлла.