ГIалгIайн чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бакъойоцуш мухIажарийн тептарера дIаваьккхина вахархо

Назранехь берашца дIайоьдуш йолу зуда. ГIалгIайчоь

Меттигерчу вахархочо республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллига кховдийна иск къобал ца йинчу ГIалгIайчуьра Лакхарчу кхелан билгалдаккхар низамехь ца лерина Пятигорскера кассацин кхело. Ца бевллачу денна мухIажарш хиллачийн тептарера дIаваьккхинера иза, цуьнан зудчун хIусам йу аьлла.

Арсамаков – Къилба ХIирийчуьра дIавахна мухIажар ву. Дуккхаъчу шерашкахь цо шен-шен хенахь йахйора шен статус. 2022-чу шеран гIуран-баттахь ГIалгIайчоьнан МВД-но дIайаьккхира цуьнан статус, цул а шо хьалха – 2021-чу шарахь кехаташца цуьнан долайаьллачу зудчун Котиева Асетан хIусам йу аьлла.

2011-2012-чу шерашкахь Троицкая станицехь цуьнан долахь хилла 42 кв. метар йолу петар, амма иза цуьнан цIартIе а йалале йаьллера хIусам доладечуьра.

Низамца а догIуш, ца бевла махкахь бевлачу мухIажарийн а, церан доьзалийн а шайн мухIажирийн статус ларйархьама а, социалан гIо кхачийтархьама а церан долахь хIусам хила йиш йац. ГIалгIайчоьнан МВД-на а, Лакхарчу кхелана а тоаме хеттера, мухIажаран статусах ваккха, итт шо хьалха Котиеван долахь хIусам хилла хилар.

Арсамаков кассацин кхеле велира, цара иза мухIажирийн статусах ваккхар нийса ца лерира, лехам буьззинчу барамехь къобал бира.

ГIалгIайчохь беха мухIажираш бу, 1992-чу шарахь хIирийн-гIалгIайн хиллачу конфликтехь а, Нохчийчохь дуьххьара хиллачу тIамехь а шайн хIусамех бевларш, ишта бакъоларъяран йукъараллаша дIахьедора, церан бакъонаш талхош хиларх – ткъе итт шо даьлча а, церах дукхах болучарна Iедалера догIу гIо дац хIинца а кхаьчна.

  • Бакъоларйаран "Мемориал" центро бахьана ду элира хIирийн-гIалгIайн конфликт эккхаран Сталинан политика. 1944-чу шарахь къам махках даьккхинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайчоьнан республика дIайаьккхира, ткъа Пригородный кIош Къилбаседа ХIирийчочьнан АССР-н дола йерзира.
  • 2020-чу шеран аьхка Магасера майданера полисхоша 1994-чу шарахь Нохчийчуьра тIамах бевдачу гIалгIайн гулам бохийра. Уьш гулбеллера, шайна Iедалера мухIжирашна догIу гIо доьхуш республикан куьйгалхочуьнга кховдочу кхайкхамна буха куьйгаш йаздан.
  • 2015-чу шарахь виъ бIе мухIажирийн доьзал хIусамаш йала йогIучийн тептарера дIабехира. Царлахь бара шаьш бисина бераш кхобу наной а, баккхий нах а, заьIапхой а. ГIалгIайчоьнан Iедалан зерашца, 2020 шо долалуш хIусамаш йелла 1262 мухIажарна. Цу хенахь рогIехь лаьтташ бара кхин а Нохчийчуьра 481 доьзал.
  • 2021-чу шарахь Нохчийчуьра дIабахначу ГIалгIайчуьра мухIажарша Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кхайкхам бира. Пачхьалкхо мухIажарашна хIусам йала йеза жоьпалла шайна тIера дIадаьккхина 2015-чу шарахь низам йуккъе хийцамаш а бехкина, дийцира бакъонашларйархоша.