ГIалгIайчуьра "батIалхьажойн тIеман тIам" тоба террорхойн лерина ФСБ-но

Гайтаман сурт

ФСБ-но террорхойн организацийн тептаре йазйина "Белхороев БатIал-Хьаьжин тIаьхьенан векалийн тобанан тIеман тIам" юкъаралла. Иза кхолларна ницкъахоша бехкебо ГIалгIайчуьра "Э" Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим верца доьзна лаьцнарш. Хьалхо батIалхьажойн динан вежараллин "тIеман тIомах" лаьцна хууш дацара.

Федералан террорхойн организацийн Юкъарчу тептарехь "Белхороев БатIал-Хьаьжин тIаьхьенан тобанан тIам" йазйина ю 46-чу номерца.

Иза тептаре йаккхарх терго йина "Розыск Ингушетия" телеграм-канало – цо зорбане йаьккхинера чиллан-беттан 27-чохь "Российская газетан" номерехь, цу тIехь дуьйцу оцу тептарехь болчу хийцамех.

Талламан версица, юкъаралла кхоьллина хилла Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша а верца долчу гIуллакхца бехкебинчара. Иза веран бахьана лору полисхоша гIалгIайн "Э" Центран хьаькамо беш хилла болх а, батIалхьажойн тобанан цхьахволу лидер – Белхароев ИбрахIим верна цунах шеконаш хилар а.

БатIалхьажойн хьалханча Белхороев Якъуб лецира 2020чу шеран мангал-баттахь. Цул тIаьхьа иза ваьккхира ГIалгIайчоьнан Халкъан гуламан депутатан мандатах, иштта дIаваьккхира "Цхьааллин Оьрсийчоь" парти юкъара а. Иза лаьцначул тIаьхьа бехкаш дехкира оцу вежараллин 12 деккъашхочунна террорхойн юкъаралла кхолларна а, теракт йарна а. Стаг вер доцург, царна иштта бехке диллина Эльджаркиевна а, иза вуьгуш боьлхучу Росгвардин эскархошна а тIелатар 2019-чу шеран дечкен-баттахь.

  • Кху шарахь Белхороев Якъубана набахтехь даккха исс шо туьйхира: кхело бехкевина иза, социалан страхованин Фондан куьйгаллехь волчу заманчохь бюджетан ахча цо дайарна а, бакъо йоцуш герз латторна а. Белхороев Якъуб лаьцначул тIаьхьа 2020-чу шарахь батIалхьажойн вежараллин 12 декъашхочунна бехкаш дехкира терроралла лелорна.
  • Лахьан-баттахь вежараллин декъашхойн хIусамашкахь керла талламаш бира, цигахь кхоъ лецира, вара царлахь Чоьтан палатин куьйгалхо Белхороев Мустафа а, иштта Халкъан гуламан экс-депутат Алиев Микаил а. Талламаш бинчул тIаьхьа батIалхьажошкахьа гIо даьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, цо чIагIдора, лецначарлахь бехкебоцурш а бу бохуш.
  • Украинаца болийначу тIамехь дакъалоцуш бу батIалхьажой кадыровхойн "Ахмат" спецназан декъехь. Церан БОБР тоба – сихо йен батIалхьажойн отряд- 31 стагах лаьтташ ю. Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" базехь кечбина бу уьш берриш а, цул тIаьхьа тIамтIе бахана. Иштта гIалгIайн "Э" Центран хьаькам вийначул тIаьхьа ницкъахошца Iоттайеллачу конфликтах бовда гIерта батIалхьажойн декъашхой, аьлла хета Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташна.
  • БатIалхьажойн вежараллина юкъахь 20 эзар гергга стаг ву. XIX–XX бIешерашкахь ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш.