ГIалгIайчуьра хьаькам лаьцна, 1,5 миллион сом кхаъ эцарна

Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьрчу Магасан кIоштан кхело шина баттана лаьцна махкарчу индустрин министраллан йохка-эцаран декъан коьрта говзанча. Хьаькам бехкевина кхаъ эцарна.

"Талламан версица, коммерцин организацин куьйгалхочуьнгара 1,5 миллион сом кхоана ахча эцна хилла шеконевиллинчо, корта бахон малар дохка лицензи цунна дIаяхъйина", - дийцина кхелехь "Интерфакс-Юг" ресурсе. Махкарчу прокуратуран контролехь ду бехкзуламан гIуллакх таллар.

  • 2,9 миллион соьмана муниципалан латтанаш дIадоьхкина аьлла, бехк биллира ГIалгIайчуьрчу Карабулакан хиллачу мэрна Яндиев Муслимна. Набахтехь даккха ворхI шаре гергга хан кхачайора цунна, амма кхелахоша арахь такха кхо шо кхайкхийра цунна.
  • Шегарчу даржел а сов ваьлла аьлла, таIзаре хIоттийра ГIалгIайчоьнан хилла премьер Гагиев Руслан стохка аьхка. Талламчийн версица, цо лелийначу харцонна тIехула республикан бюджетна зен хилира 37,5 миллион соьмана.