ГIалгIайчуьра ял оьцучу инспекцин декъан куьйгалхочо алапа ду а бохуш, шен гергарчийн чоьта тIе даьккхина бюджетера пхи миллион сом аьлла, шеконаш кхоллаелла прокуратурин. Кавказский узел интернет-ресурсо яздо цунах лаьцна.
Талламан версица, белхахойн электронан куьйгъяздарх пайда а оьцуш, бакъо йоцуш бюджетера ахчанаш шен бевза-безачийн банкан картанаш тIе дохуш хилла цо. Дерриг а лачкъийнарг ду пхи миллион сом, хааме даьккхина ГIалгIайчоьнан прокуратуро. Наьсаран прокуратуро гучуяьхна махинацеш, бинчу талламех материалаш талламан органашка дIакхачийна, диллина бехкзуламан гIуллакх.
Баккхийчу барамашкахь лелийначу хьарамлонашна набахтехь даккха иттех шераш гергга хан кхачайо.
Талламан версех лаьцна комментарий эца аьтто ца баьлла ресурсан шеконеэцначуьнгара а, я цуьнан векалшкара а.
- Дагестанерчу ял эцаран хьукматан кхаа белхахочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш айдина баккхийчу барамашкахь кхаьънаш эцарна аьлла, дийца даьккхира махкарчу Талламан комитетан урхалло.
- Охан-беттан 10-чохь коррупцина бехкевина лецира Дагестанера Ространснадзоран 13 хьаькам, урхаллан куьйгалла дийриг а цхьаьна.
- Хьарамлонаш лелорна а, зуламхойн тоба вовшахтохарна а бехкевина лецира Дагестнан туризман министр волу Ибрагимов Расул. Талламан версица, гIеметтахIоьттинчу нахана а, заьIапхошна а догIуш хилла бюджетера 620 миллион сом лачкъийна хилла цо.