ГIалгIайчуьра бизнесхочун Гуцериев Михаилан "Моспромстрой" компанино Украинера тIамехь дакъалацарна лаамхошна алапа латтош ду. Цунах лаьцна йаздина "Важные истории" ресурсо.
Вакансийн сайтехь журналисташна карийна "Моспромстройн" "СВО ("тIеман спецопераци" – иштта олу оьрсийн Iедалхоша Украинерчу тIамах. – Редакцин билгалдаккхар.) зона йолче хьийсон контрактехула эскархой гулбеш" хиларх. Компанино лучу ахчанна тIе тIеман министралло цкъа луш ду 200 эзар сом, кхин дIа 150 эзар хIора баттахь. Цул совнах, йукъарло лелочарна "комаьршаллица ахча ло".
"Моспромстрой" компани, "Важные истории" гIирсан хаамашца, хьалхо килс йеш йара – Храм Христа Спасителя, музейшкахь а, театрашкахь а реконструкци йора Москвахь. Дуьненайукъара санкцеш цунна дуьхьал йаьхна йацара.
Иштта тIамехь дакъалоцучу "лаамхошна" алапа хIоттийна кхечу Оьрсийчоьнан миллиардерийн компанеша а – доккхачу декъанна, Дерипаска Олеган а, Михельсон Леонидан а, Тимченко Геннадийн а, Гордеев Сергейн а.
- Индустрин-финансийн "Сафмар" тобана тIехь терго латтош ву Гуцериев Михаил, цу декъахь йу "Русснефть" мехкадаьттан компани а, "Русский уголь", "Моспромстрой", "АI0I" компанеш а, "Сафмар" пенсхойн фондаш а. Хьалхо холдинган йара Бинбанк а.
- 2022-чу шеран мангал-баттахь Британино санкцеш йехира гIалгIайн бизнесхочун Гуцериев Михаилан гергарчарна дуьхьал. Царна бухахь нисвелира "Русснефть" компанин директорийн кхеташонан куьйгалхочун кIант Гуцериев СаьIид а, жимахволу ваша Гуцериев Саит-Салам а.
- 2022-чу шеран оханан-баттахь Кипр Республико процедура йолийра "дашон пачхьалкхаллех" воккхуш Гуцериев Михаил а, цуьнан пхи бер а.
- 2021-чу шеран мангал-баттера схьа дуьйна Евробертан а, Швейцарин а, Британин а, Лихштейнан а, Норвегин а, кхечу Европан мехкаша а персонале санкцеш йаьхна Гуцериевна дуьхьал. Беларусигахьа хиларна а, пачхьалкхан президентаца Лукашенко Александрца а уллора йукъаметтигаш лелорна а тептаре ваьккхинера иза.
- Украинаца тIом болабале хьалха Forbes журналан оьрсийн версино мах хадийра Гуцериевн хьолан – 2,5 миллиард долларш. 2019-чу шарахь, Forbes журналан зерашца, Орсийчуьра уггар а хьал долчу нахах хIоттийначу рейтингехь ГуцериевгIеран клан коьртехь йара. Цуьнан векалийн йукъара хьал лерина 5 миллиард 650 миллион долларшкахь.