ГIалгIайн блогерна дуьхьал гIуллакх долийна тIеман декъашхойн эс сийсаз дарна

ГIалIайн 32 шо долчу блогерна Белокиев Исламна духьал бехктакхаман гIуллакх долийна, тIемалойн сийн символийн сий дайъарна,хаам бо "Сова" хаамийн-аналитикан центро.

Кавказ.Реалиино дийцарехь, и гIуллакх доьзна ду кхушара Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь You-Tube-рчу "Мысли Ислама" каналехь,"День позора" цIе а йолуш, цо видео арахецарца. Талламхойн версица, оцу видеоно эсан сий дойъу даймохк ларбинчеран.

Шен къамелехь блогера чIагIдо, "бусалбанаша я кавказхоша мукъане а даздан оьшуш дацара Толаман Де бохуш, хIунда аьлча тIеман истори царна йоьзна ю "депортацица а, дай кхалхарца а". Цо нацистийн режим зуламен ю олу, амма хета цунна "СССР Германи пачхьалкхаца цхьаьна жоьпаллехь ю аьлла 1939-чу шарахь ШолгIа дуьненан тIом болорна".

Къаьсттина цо билгалдоккху, бусулбанашна "цхьа а башхалла цахилар Гитлерна а, Сталинна а юкъахь", хIунда аьлча Сталин коьртехь волчу хенахь "боьхачу, зуламен Iедало" хьийзийна "бусулбанаш а, керстанаш а, кхидолчу динийн а конфессеш а".

Белокиевна хетарехь, бусулбанаша декъалбан а оьшуш дац тIеман ветеранаш, хIунда аьлча цара "ларбинарг Даймохк бац", амма "цара лардинарг Iедал ду", ткъа дукхахаберш НКВД-хь гIуллакх деш а хилла, Кавказерчу къаьмнашна дуьхьал репрессеш лелош дакъалоцуш а хилла.

Цул сов, Белокиевс дуьйцу шен видеохь Георгийн лента луш хилла паччахьан Оьрсийчохь "кавказхой байинчу нахана", "бусалбанаш байинчу нахана", цундела Кавказерчу къаьмнийн векалша лело ца еза и символ, юохуш.

"Оцу видеон чулацамо эргIад бахийта мегахь а дуккха а нах, Толман Де лоруш болу а тIеман ветеранаш а, ша цо бахьана ца ло автор хьийзорна", - билгадоккху "Соваан" эксперташа.

"Белокиевн кхайкхамехь цхьа а ницкъ баре кхайкхамаш а, цхьана тобанна эшам баре кхайкхар шайна ца карийна," – боху цара.

  • Оьрсийчоьнан инарлин прокурора Игорь Красновс некъ кховдийна нацизмана реабилитаци бакъяр, пропаганда яр экстремизм хилар санна тIелаца деза аьлла. Прокурорна хетарехь, оцо вуно аьтто бийр бу цу тайпа хIуманашна дуьхьало ян.
  • Кхушара Товбеца-баттахь президента Путин Владимира низамна тIе куьг таIийра, гуш-хезаш СССР а, нацистийн Германи а ШолгIачу дуьненан тIамехь цхьатерра яра алар доьхкуш.